ХIора шеран 3-чу январехь санна, тахана Нохчийчуьрчу бусалбанаша билгалдоккхуш ду Кишин Кунта-Хьаьжа лаьцна, махках ваьккхина де.
Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин мурдашна 1864-чу шеран хIара де шийла а, ирча а деара. Церан дегнаш, бIаьргаш доьлхуш Нохчийчоьнах ваьккхира царна дукхавезаш волу, цара къобалвеш волу, церан синойн эла хилла дIахIоьттина волу устаз.
И де, дог Iийжарца, дага а лоцуш, тахана а, кхана а мовладаш а доьшур ду, зуькарш а дийр ду республикерчу ерриге а ярташкахь болчу Хьаьжин мурдаша.
Тахана дийнна тобанашкахь адамаш ду оьхуш Эртанарчу Баба-Хедин а, Иласхан-Юьртарчу Кишин а, МоцIин а, Эвтарарчу Матин а зераташка…
Тахана, Кунта-Хьаьжин ненан Хедин зератехь эзарнаш адамаш вовшахкхетта. Цара кхузахь зуькарш а до, мовладаш а доьшу, кхийолу Iамалш а йо, вайн халкъ, мохк боьхуш Деле доIанаш-дехарш до. Иштта хуьлу хIора шарахь а.
Россин тайп-тайпанчу регионашкара, цу юкъахь Дагестанера, ГIалгIайчуьра, Астраханера, кхечанхьара Хьаьжин мурдаш баьхкина и де билгалдоккхуш нохчашца цхьаьна хила лууш.
ьеший тIеэцарна дика кечамаш бина меттигерчу Iедалан векалша а, районийн къеданаша а, маьждигийн имамаша а. Тахана сагIанаш а ду ярташкахь дохуш. Уьш дIакхачор ду гIийла-миска бохкучарна.
Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де билгалдаккхарна леринчу гIуллакхашкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Iедалан кхечу векалша а, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллерчу Iеламнаха а.
ХIокху денна лерина коьрта гIуллакхаш, Эртанахь санна, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а дIадаьхьира.
Оцу дерригенех а лаьцна ма-дарра дуьйцур ду оха газетан рогIерчу номерехь.
Хь.САИДОВ
№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо