Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо культурин министерствона къаьсттина беркате деара.
2015-чу шарахь культурин декъехь 41 эзар гергга цхьаьнакхетар дIадаьхьна вайн республикехь. Республикин музейшкахь, галерейхь 122 гайтам вовшахтоьхна. Царах 14 гайтаман шуьйра проекташ яра, 6 Къилбаседа Кавказан Федеральни округан регионийн музейшкара гайтамаш вайн республике а бохьуш, вайн республикин музейн гайтамаш кхечу регионашка а хьош ялх гайтам хилира. Воккхавевеш ду исбаьхьаллин Дуьненаюкъара гайтамаш вайн республикехь хилла хилар (дозанал арахьара дакъалацархой а болуш). Иштта, регионашна юкъахь, тайп-тайпанчу къаьмнашна юкъахь 11 фестиваль а, конкурс а йира. Царах дозаллица билгалъяккха лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан проектаца вайн республикин районашна юкъахь дIаяьхьна «Синмехаллаш» конкурс. 2015-чу шарахь «Синмехаллаш» конкурс Нохчийн Республикин ерриге а районашкахь пхийттазза йина.
Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь а, М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь а 9 спектаклан премьера а хилла. Нохчийн къоман хелхаран а, иллин а коллективаша дакъалаьцна дозанал арахьа дIаяьхьначу культурин 14 форумехь.
А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь а, вайн республикин яртийн библиотекашкахь а книгийн фонд 31 эзар книгина алсамъяьлла, ткъа музейн фондана 200 экспонат тIе кхетта.
Хууш ма-хиллара, шайн говзанчийн хаарш алсамдаха луучара шайн белхахой говзалла лакхаяккхаран курсашка бохуьйту. Иштта, 2015-чу шарахь культурин а, искусствон а 274 белхахо хилира оцу курсашкахь. Вайн луларчу республикашкахь культурин ВУЗ-ш деша хIоьттина 28 студент.
Культурин учрежденеш тоеш, хазъеш ю, цуьнца цхьаьна, керла гIишлош а ю еш. Д1адаханчу шарахь Соьлжа-ГIалахь пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамблана керла гIишло йина. Вуно хаза, кхузаманан лехамашца йогIуш, исбаьхьа ю «Вайнах» ансамблан гIишло. Цу чохь охьахаа 400 меттиг ю.
Гуьмсе гIалахь а дина беркате гIуллакхаш. Иштта, цигахь Культура кхиоран туш схьайиллина. Шела гIала хазъеш ду цигахь дина О.Ганаевн цIарах долу Культурин цIа. Оцу керлачу гIишло чохь охьахаа 300 меттиг а йолуш, зал а, районан, берийн библиотекаш а ю. Культурин керла объекташ яр а, культурин объекташна ремонтан-реставрацин белхаш бар 2016-чу шарахь а дIахьур ду. Культурин декъехь дуккха а дика гIуллакхаш дина министерствос. Вай тешна ду, 2016-гIа шо а иштта беркате хирг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Материал кечйина Нохчийн Республикин культурин министерствон пресс-службин гIоьнца
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо