Республикин тоьлла школаш билгалъевлла

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Нохчийн Республикин тоьлла школа – 2015» республикин конкурсан толамхой билгалбаьхна. Жюрин сацамца «Тоьлла школа» сийлахь цIе а, 1-ра меттиг а Хьалха-Мартан №5 йолчу гимназина елла, 2-чу меттехь Соьлжа-ГIалин №60 йолу школа ю, ткъа Хоси-Юьртара №1 йолу школа 3-чу меттехь нисъелла.канта

     «Жюрин декъашхоша бинчу балхе а, цара озабезамаш ца беш конкурсан дакъалацархойн хадийначу мехе а хьаьжча, шеко йоцуш, ала мегар ду тоьллачеран могIарера школаш цигахь хила хьакъ долуш ерш бен ца хилар» – билгалдаьккхира дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила. И конкурс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р. Кадыровн тIедилларца дIакхайкхина яра. Школашкара болх, хьехархойн а, дешархойн а шайн школин хьоле а, дешаран гIуллакхе а йолу дог-ойла айбаран Iалашонца дагадеана дара конкурс дIаяхьар.

Тоьллачу школийн белхахойн зеделларг республикин кхечу школашкахь довзийтар а дара оцу проектан беркатан цхьа дакъа.

Конкурсехь дакъалоцуш йолу школаш кхузаманан лехамашна жоп луш хила езар а дара тидаме эцна. Выпускникаша дIаялаезачу ЕГЭ-н хьокъехь дай-наношна хетарг, школехь дарсаш хьехаран некъаш, керлачу технологех пайдаэцар, кхин а дуккха а дара конкурсан лехамашна юкъадогIуш.

Цул сов, школаш, районийн, республикин, Россин, дуьненаюкъарчу  конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъалаьцна хила езаш яра. Конкурсан очни муьрехь дешаран 45 учрежденис дакъалецира. Царах, финале яьлларг 8 школа яра. Финалан балхана юкъадогIура жюрин декъашхой оцу школашка шаьш дIакхачар. Оцу хIора школин командо шайн болх бовзуьйтуш  аудиторина хьалха гайтаман кепехь докладаш йира. Тоьллачу школийн балхах лаьцна шуьйра дуьйцур ду газетан тIейогIучу номершкахь.

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь: «Нохчийн Республикин тоьлла школа» конкурсан толамхо–школина совгIат дIадалар

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: