Декабрь бутт болабелчахьана Нохчийн пачхьалкхан университетан студентийн жигархоша дIахьош дара адамийн дикалла, къинхетам бовзуьйтуш интернет-дарсаш далар. Цара шайн роликашкахь довзуьйтура адамийн чолхе, хала дахар, бIаьрса а, лерса а ледара долчу адамийн кхолламаш, церан дуьнене хьежамаш.
Иштта Нохчийн пачхьалкхан университетехь жигархоша дIадаьхьира 2015-чу шеран жамIаш дарна лерина цхьаьнакхетар. Шайн къамелехь цара билгалдаьккхира, «Дикалла» боху дош – иза къорачунна хезар долуш а, бIаьрзечунна хаалур долуш хилар.
– Къинхетамо дуккха а адамаш вовшахтуху, къаьсттина цхьа халонаш йолу адамаш. Тхайн интернет-дарсашкахь заьIап нахана гуонахарчу адамийн терго а, шайх кхетар а оьший хаийта хьовсу тхо. Церан дахар атта дацахь а, чIогIа къинхетаме, адамах кхеташ хуьлу уьш. Тхайн цхьаьнакхетаршкахь оха довзуьйту церан дикалла, къинхетам, дахар дезар, – элира Нохчийн пачхьалкхан университетан жигархойн председатела Медов Османа.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: «Дикалла» интернет-дарс
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо