Асхьабашна таIзар дар

СВЯЩЕННЫЕ-ГОРОДА-МУСУЛЬМАН-МЕККА-И-МЕДИНА

Делан Элча (I.с.в.с.) шаьш бале лацарх тоам ца хиллера  Ислам-динан мостагIашна, шайн лаамехь ийман диллинчу бусалба нахана тIехь а таIзарш дан долийнера  цара. Элчано (I.с.в.с.) туьраца кхерош,  тIеберзийна  ма бацара  уьш. Ийман диллинчу миска нахана  тIехь массо тайпа Iазап  деш  дара. Шайн ийман (Делах тешар, иштта цуьнан  Элчанах а) чIогIа  долу дела, и Iазап ловш  бара  уьш, царех цхьаберш: «Ла илахIа иллалахIу Мухьаммадун расулуллахI», –  бохуш, Делан  бакъдинах ца бухуш, таIзарш  кIелахь  бала а  белира.

Абу-Бакарна  а, ТIалхьатна а таIзар дар

Абу-Бакар Сиддикъа  ша  ийман диллича, IубайдуллахIин кIант  ТIалхьат а тешийра Ислам  сийлахь-доккха  дин хиларх. Шеца иза а вуьгуш, Элчанна   тIевахара Абу-Бакар. ТIалхьата  Элчанна (I.с.в.с.) хьалха  ийман дуьллуш, тоьшалла  дира: «АллахI  воцург кхин  Дела  вац, Мухьаммад АллахIан Элча ву», – аьлла. И болх хиъча, цатешарш  чIогIа оьгIазбаханера. ТIебеттабелла, Абу-Бакар а, ТIалхьат а дIалаьцна, ший  а вовшахвихкинера. ТIаккха Абу-Бакаран доьзало  мостагIашкара  ваьккхинера  и шиъ. Цатешарш  гуттар  чIогIа  шена  таIзарш деш тIаьхьабевлча, Абу-Бакар  сацам а бира, Маккара  дIаваьлла Хьабашате Эфиопе)  дIаваха. ХIижрат  деш новкъавелира  иза.

Цхьана  доккхачу  тайпанан тхьамда  волу  Ибн-ДугIун  дуьхьал кхийтира   цунна новкъахь, цо  кхуьнга  хаьттира: «Стенга  воьду  хьо, хIай Абу-Бакар? – аьлла. Абу-Бакара  элира: «Со сайн махкахваьккхина, дуьне ма-дду  волавелла лела  воллу  со, сайн  Далла гIуллакх а деш». Ибн-ДугIуна  элира  тIаккха: «Махках воккху стаг  ма вац  хьо, хIай Абу-Бакар, цIаверзахьа, дIа  ма гIохьа, хьайн махкахь  ехьа  Далла Iамал». Цо  бохург   дина, цIавирзира  Абу-Бакар. Къурайшийн элашка   вистхуьлуш  цо цаьрга элира: «Махках  воккху стаг ма  вац  Абу-Бакар. Аш  махках муха  воккху, мискачу   нахана а, гIийлачарна,  гIодеш   верг, шечунна а, нехачунна а дика   хIума  деш   верг,  буобераш дукхадезаш, хьешан  ларамбеш верг, бохам  хиллачунна гIодеш  верг, зуламхочух иза ларвеш верг?». Къурайшийн  наха къобалдира  Ибн-ДугIунна Абу-Бакаран  гIодаккхар, цара элира  цуьнга: «Абу-Бакаре дIаала  мегар  ду хьуна,  шен  цIахь  Далла  гIуллакх де. Шен  цIахь, шена  ма-луъу  ламаз  а де, аяташ а  деша. Шен Iибадатца а, ламазца а, аяташ  дешарца а тхуна  новкъарло  ма е. Къуръанан  аяташ  чIогIа   ма деша  а ала  цуьнга. Цуьнан  хаза  аз хезча,  тхан  зударийн а, берийн а ойла  динехьа  хьаьвзина, Элчанца  (I.с.в.с.) цара ийман дилларна   кхоьру  тхо».

Ибн-ДугIунна Абу-Бакаре  дийцира   цара   аьлларг: «ТIаккха Абу-Бакар, аз айа ца  деш, ламазаш деш, шен цIахь  бен  Къуръан  ца  доьшуш  Iаш вара. ТIаккха  шен   цIахь   маьждиг дан  дагадеара   цунна, иза дина,  цу чохь  ламазаш  деш, Къуръан доьшуш Iен  велира  иза, цатешачеран  зударий а, бераш  а тIегулделла, цуьнга  ладугIуш, цунах  баккхийбеш хуьлура. Абу-Бакар  чIогIа   догкIеда  стаг вара. Ша  Къуръан доьшуш, догдуткъалой, кест-кеста  воьлхура  иза. Къурайшийн  элий  сагатдеш  бара. Шен  хазачу  озаца  Абу-Бакара, велха а воьлхуш, Къуръан  доьшуш  хезча, шайн  зударшна  а, берашна а  иза  дагахкхетарна  кхерабелира  уьш. ТIаккха Ибн-ДугIунна  шайна  тIе а  кхайкхина, цуьнга  элира  цара: «Ахь  шен  цIахь  Далла гIуллакхдеш, цхьанна   а новкъарло ца еш  Iийр ву  иза, аьлча, тхо  реза  ма хилира. ХIинца  цо  шен  чIагIо  йохийна, шен  кертахь  маьждиг  дина,  цу  чохь ламазаш до, чIогIа  хезаш  Къуръан доьшу. Тхайн  зударий а, бераш а  цунна  тIедирзина, бусалба  хиларна кхоьру  тхо. Хьалха  вайн   барт  ма-хиллара, шен цIахь къайлах Далла гIуллакх  деш  Iан  резавелахь, Iадвита иза,  вацахь – шаьш хьуна  делла  дош  юхаоьцу». Ибн-ДугIуна, Абу-Бакар волчу вахана, элира: «Хьуна ма хаьа вайн  хилла барт: хьо къайлах хьайн цІахь ламаз деш,  Къуръан доьшуш  ІадІахь, ас хьо ларвийр ву, аьлла. Иштта вайшинна  хилла  барт  соьга боха ма байта. Ибн-ДугIунна  шен дош ца  лардина боху къамел, Iарбашна хаза ца лаьа суна. Хьуо оцу   барта тIехь  вацахь, къайлах Далла Iамал еш  IадIийр вац алий, хьайн дош юхаэца».

Абу-Бакара элира: «Ахь со къайлах  Далла гIуллакхдеш IадIийр ву аьлла, соьгара  даьккхина   дош ас  юхаийци-кха. Ахь ца ларвича а, Дала со  ларвар  тоьаш ду-кха  суна». Цул тIаьхьа  гуттар а чIогIа бале  лецира цара  Абу-Бакар. ХIетте а, Делах тешар шен чIогIа   долу дела,  муьлхха  таIзар а дайн  хетара цунна. Ислам-динан даржаран юьххьехь  таIзар даза  цхьа а ца  висира   ийман диллинчех. Амма  церан  чIогIачу  иймано  дайдора  царна и таIзарш.

Хаббабана  таIзар дар 

Хаббаб аьчка-пхьар  вара, Умму-Анмар  цIе  йолчу зудчо йийсар  волчуьра  шена  эцна. Мухьаммадана ша  Пайхамар хилале а дукхавезаш вара иза. ТIаккха Дала цуьнга Пайхамаралла делча, Хаббаба  ийман диллира, бусалба  хилира  иза а. Цунах шена лай вина  Iаш йолчу  Умму-Анмарана ца дийзира   цо ийман  диллар, цIераца  Iазап  дора  цо  Хаббабана. ЦIергара  схьадаьккхина, цIийдина  эчиг  букъа тIе дуьллура  цо цунна, Ислам-дин  дIатаса  бохуш. Оцу Iазапах  ийманехь  соввалар, динехь  чIагIвалар бен  хIумма а ца  хуьлура  Хаббабана.

Абу-Заррана  еттар

Абу-Зарр хьалха  ийман диллинчех ву. Вистхилар хаза  долуш  вара иза, Делан Элчане (I.с.в.с.) дукха  ладийгIина а вара. Шайн махкара  Макка  схьа ма-кхеччи, КаIбат  долчу веара  иза. Къурайшийн нахана  Элчанна  (I.с.в.с.) тIевеанарг, цуьнга вистхилларг   чIогIа  ца везара   хIетахь. Абу-ТIалибан кIант Iела  волчохь  хьаша  хилла кхо  буьйса яьккхира   цо. Iелас  Ислам-дин  довзийтина, иза  бакъдин  хиларх тийшира  Абу-Зарр. Къайлах ша  Элчанна (I.с.в.с.) тІевигча цу сохьта  ийман диллира  цо, цхьана а тайпана  шеко  йоцуш. Элчано (I.с.в.с.) элира цуьнга: «Хьайн къам  долчу дIагIой, царна дин  довзийта ахь». Цо элира: «Сан вахар шен карахь  долчун цIарах дуй буу  ас, мохьтоьхнна дин  кхайкхор  ма ду», – аьлла. ТIаккха араваьлла, КаIбат  долчу  вахана, аз айдеш  кхайкхира  иза: «АшхIаду  ан ла илахIа  иллаллахI, ва ашхIаду  анна Мухьаммадан  расулуллахI!» – аьлла (Ас догтешна  тоьшалла  до АллахI воцург  кхин  Дела цахиларх, иштта ас  тоьшалла до  Мухьаммад АллахIан  Элча хиларх. Цатешарш гIевттира тIаккха, тIебеттабелла, йиттира   цара цунна, лаьтта  охьавожжалц. Элчанан (I.с.в.с) девашас  Iаббаса  тIекхаьчна  схьаваьккхира  иза церан  карара. Iаббаса  элира  цаьрга: «ХIара ГIифаран  тайпанан   стаг вуй ца хаьа шуна? Механа  Шема  лелаш. Царна  юххехула  довла  ца деза  шун?».

Билалана  таIзар  дар  

Хьабашин (Эфиопин) вахархо Билал цIена  бусалба  стаг вара. Халафан  кIентан  Умаййатан  долахь лай  вара иза. Цо  чIогIа   Iазап латтадора  Билалехь. Цуьнан  Iедал  дара, делкъа  хенахь, гIум, цIе санна, йохъелча, Билал верзина  оцу гIамарла охьа а вуьллий, боккха  тIулг  цуьнан  некха  тIе а  буьллий, шед етташ, хьо валлалц  ишттачу  хьолехь  валлор ву-кх хьо, Мухьаммадана  тIаьхьара  дIа  ца валахь, Ислам дIа  ца тасахь, суьрташна  Iамал ца яхь, бохуш. Амма  Билал, собар чIогIа хиларна, и лазар а, Iазап  а  ловш  вара. Шен  динах, ийманах ца вуьйхира иза. Шена тIехь и Iазап   латтошшехь : «Цхьаъ, цхьаъ, цхьаъ АллахI  воцург, кхин  Дела  вац, Шеца накъост  воцуш  цхьаъ ву Иза», – бохуш  вара. Умаййат  боху и цатешарг  кхин а  чIогIа оьгIазвахара, чуханашца Билал дIавехкийтина, нахе  тIе   туйнаш деттийта, тIулгаш  деттийта, Маккин урамашкахь текхавайтира цо иза. И болх масийттазза байтира  цо Билалана  тIехь. Абу-Бакарна  и болх хиъча, цо  кIелхьарваьккхира  Билал.

С.-М.МУРТАЗАЕВ, -Iелам

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: