Нохчийн Республикин коьртачу шахьарехь, Соьлжа-ГIалахь, алссам колледжаш ю вайнехан кегийрхоша доьшуш. Царах цхьаъ ю Нохчийн Республикин культурин а, искусствон а колледж. Цигахь доьшуш болу студенташ, къаьсттина актерийн говзалла караерзочу отделенехь берш, хьалхачу курсехь дуьйна, вайн махкарчу берашна хьалха лучу концерташкахь жигара дакъалоцуш бу. Нохчийн Республикин халкъан артист Муртазалиева Асета Iуналла деш болу студенташ, хIинца кхоалгIачу курсехь доьшуш бу. Амма шарахь шозза Нохчийчуьрчу берашна хьалха шайн хьуьнарш гойтуш концерташкахь дакъалоцу цара. ДIадаханчу шарахь а декабрь бутт дIаболабелчахьана, кечамаш беш бара вайн махкарчу могашалла ледара йолчу берашна концерт гайта. Курсан куьйгалхо йолчу Муртазалиева Асета язйиначу сценарица хIоттийна яра концерт. Керлачу шеран туьйранашкахь хуьлу дукхах болу турпалхой бара сценарина юкъабалийна берийн самукъадаккха. Иштта студентийн хьехархо Нохчийн Республикин халкъан артист Шахбазова Джамиля яра концерт кечъеш кегирхошна гIо-накъосталла деш а, концертехь дакъалоцуш а. Соьлжа-ГIаларчу бIаьрса, лерса ледара долчу школа-интернаташкахь а, могашалла меттахIотторан туьшашкахь а елира цара шайн концерташ. Аргун гIаларчу берийн могашалла меттахIотторан туьшахь гайтира шайн хьуьнарш. Советски Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу нохчийн къоман театрехь хилира 2015-чу шеран 27-чу декабрехь могашалла ледара йолчу берашна лерина концерт. Цу концертехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин, искусствон колледжан студенташа. КIадбалар, гIелбалар дага ца доуьйтуш жигара болх бира, Керла шо тIекхочуш колледжан студенташа. Цара юьхьарлаьцна Iалашо могашалла ледара йолчу берийн самукъадаккхар яра. Цу Iалашоне уьш кхиамца кхаьчна аьлла хета. Алссам мукъамаш, шовкъе хелхарш, забаре суьрташ шорта дара церан концерташкахь.
А.АРАПХАНОВА
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо