Иза тхуна оьшуш вара

ХIокху деношкахь бакъдуьнена вирзина Цоци-Эвлара Сайдцелимов Мовла. Дукхах болчу газетдешархошна оцу цIаро хIумма а дуьйцур дац, амма республикин хаамийн гIирсийн белхахошна дика вевзара Мовла. Наггахь а де ца долура иза Зорбанан цIийне ца вогIуш. Ло делахь а, догIа делахь а вогIура. Цо тхоьгара доьхуш хIумма а дацара, газеташца, журналашца цхьа шатайпа гергарло дар-кха цуьнан, чIогIа лорий деша а доьшура. Ша резаволуш материал нисъелча, хьаннах лаьцна иза елахь а, авторна даггара баркаллаш бохуш хуьлура, гIалат нисделча, и шен гIалат долуш санна, новкъадогIий хьаьвзара. Иштта дика евзара цунна нохчийн литература а. Дагахь хаьара нохчийн поэзин тоьлла говзарш, баккъал а кхаъ хуьлура араяьлла керла книга шена елча. Мовлин сица дара нийсо езар, нахана дика болх хила лаар. Доьналла долуш стаг а вара. Цунна цхьа масал ду 1955-чу шарахь (хIетахь цуьнан 15 шо хилла) нохчашна шаьш бехачу меттера дехьа-сехьа бовла бакъо йоцчу хенахь, къайлах Нохчийчу цIа а веана, Цоци-Эвлахь кхо-йиъ буьйса а яьккхина, юха Юккъерчу Азе дIаваха цуьнан хьуьнар кхачар.IMG_7055

Шен хан кхаьчча, массо а Делан кхиэле верза везаш ву. Шен де кхаьчча Мовла а дIаваха, ша гIийла диъна дуьне дуьтуш. Цуьнан кхалхаро дегнаш Iовжий иза вевзаш хиллачу дуккха а нехан. Тхуна билггал а оьшур ву Мовла, оьшур ду цуьнан баркаллин дешнаш, хаза забарш, хазар ледара хиларна, цо яздина кехатан цуьргаш.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзална а, гергарчарна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а.

«Даймохк» газетера Мовлин доттагIий

 

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: