Коьртах хьарчоле хьалха
Чалба шайн дегнех хьарчае.
Везахинволу АллахI веза лаахь,
Нийсо езалаш
Шайн устазан хьехамаш гулбина, ларбеш таханлерчу дийне схьакхачийна Кунта-Хьаьжин мурдаша. Уьш ешархойн тидаме бахкале хьалха кIеззиг дийца лаьа эвлаяан дахарх, кхолламах лаьцна. ХIунда аьлча, кхачам боллуш довзийтина дац цуьнан чолхе дахар. Кунта-Хьаьжин дахарх а, гIуллакхех а лаьцна дуьйцуш язбина уггаре а боккха болх бу вайн республикехь дика вевзачу Iилманчин Акаев ВахIидан «Шайх Кунта-Хьаьжа. Дахар а, Iилма а» книга. Иза 19 шо хьалха (1994 ш.) Соьлжа-ГIалахь арахецна. Цу тIехь автора юкъ-кара иштта яздо: «Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а чIагIделлачу бусалба динан шен башхалла ю. Иза кхоллаелла суфизман Iаткъамца.
Суфийн накъшбандин тIарикъато гIо дира Къилбаседа Кавказехь бусалба дин даржарна а, чIагIдаларна а. И Iаткъам Дагестанехь ХIХ-чу бIешарахь чIагIбелира, исламан дукхах болчу векалша Къуръано, шарIо бохург талхо долийча, паччахьан хьадалчашкахьа, хьолахошкахьа гIо дохуш къехойн бакъонаш эшон йолийча. Билгалдаккха деза, оцу тIарикъато меттахдаьккхира гIазот кхайкхоран, имама ГIеза-Махьмас ламанан хьолахошна, Къилбаседа Кавказехь дIахьочу экспансин политикина дуьхьал сийлахь тIом кхайкхоран гIуллакх.
Къилбаседа Кавказехь зуькарш дар санна девзаш долу къадарийн тIарикъат, социальни болам а, динан ойланийн кеп а санна кхолладелла Кавказан тIом чекхболуш. Юьхьанца иза шен идеологически тIехьажамца вуно чIогIа къаьсташ дара гIазотан Iилманех. ЧIагаран зуькар юкъадаьккхина шайх Кунта-Хьаьжа, Иласхан-Юьртара нохчи Нохчийчоьнан политикин хьаьрме велира, паччахьан эскаршца хаддаза дIабаьхьначу тIемаша гIелдинчу халкъана машар, синтем оьшучу муьрехь. Машаран, вежараллин, гIийлачун, буоберийн гIо лацаран хьокъехь Кунта-Хьаьжас беш болу хьехамаш хIаллакьхиларан зила тIе далийначу халкъан дог-ойланца, лаамашца богIуш бара.
Цуьнан хьехамашкахь коьртаниг дара зуламна ницкъаца дуьхьало ца яре, ламанхойл дуккха а алсам долчу паччахьан эскарна дуьхьал тIемаш ца баре, барт лахаре кхайкхар. Кунта-Хьаьжа Iаламат дика кхетара паччахьан Iедална къар ца луш дуьхьал латтаро нохчий берриге а хIаллакьхиларна тIедало тарлуш хиларх. Оцу хьоло дезийтира цуьнан ламанхошка тIом сацор доьхуш, маьршачу дахарна тIедерзар доьхуш кхайкхамаш бан. Зуькарш даран идеологи цхьаьна йогIуш яцара гIазотан идеологица. ТIаьхьарчо лоьхура толам баккхалц мостагIех летар. Шемала иза хьийзаваран бахьана дара Кунта-Хьаьжа гIазот кхайкхадарна дуьхьал хилар.
Вайна хууш ма-хиллара, Шемалний эвлаяана Кунта-Хьаьжиний юккъехь хилла къовсам бирзира шел дуккха а онда а, къиза а волчу мостагIчунна дуьхьал болу Къилбаседа Кавказерчу ламанхойн къийсам гIелбелла дIабаларца, гIазот кхайкхийна волу Шемал Россин паччахьан сий-лараме хьаша хиларца. Массарна а сийлахь йолчу Маккахь кхалхар а хилира цуьнан. Ткъа Кунта-Хьаьжа, шен дерриге а дахарехь собаре, машаре, маслаIате, дикане, нийсоне кхойкхуш, хьехамаш беш лелла волу, паччахьа Александр ШолгIачо тIедилларца, 1864-чу шеран Iай лаца а лаьцна набахте воьллира. Новочеркасскерчу, Устюжинерчу набахташкахь луьрачу зуламхочо хьоьгуш долу Iазап хьийгира цо. Веза Кунта-Хьаьжа цхьааллехь мацалла, шело ловш гIелвелира. ГIелвелира. Шайхо шен доьзале, гергарчаьрга яздина, амма цаьрга дIа ца кхаьчначу кехаташа тоьшалла до цо собарца, яхьца лайначу вуно йоккхачу къизаллин, халонийн хьокъехь».
Акаев ВахIида шен книги тIехь яздо: «Россин империс шен доладерзийначу нохчийн лаьтта тIехь бехаш хиллачу уггаре а къечу нохчийх ша воллушехь Кунта-Хьаьжа динан вошалла чIагIдан, юкъараллехь нийсо ян гIертара, шен Iер-дахарца, оьздачу, гIиллакхечу гIуллакхашца, сица, ийманца массарна а масал хилла латтарца. Юкъараллехь долчу зуламца, харцонца къийсам дIабахьарехь кхиам хиларан некъ ницкъах пайдаэцарехь ца гора цунна, ткъа адамаша шайн синош, дегнаш, ойланаш цIанъярехь, хьагI-гамо дIаяккхарехь, ийман чIагIдарехь, ламанхоша вовшийн гIолацарехь, Дала бохург дарехь гора. Далла муьтIахь хиларо, оьзда хиларо, адамийн гIайгIа-бала байбан лааро шайхана тIаьхьа хIиттийра тIамехь уггаре а чIогIа эшам хилла болу нохчий. Амма паччахьан а, цуьнан хьадалчийн а Шемалца йолчунах тера йоцуш юкъаметтиг яра Кунта-Хьаьжица… Цунах тера воцуш, Кунта-Хьаьжа – бIаьхо вацара, цо тIеман хьуьнарш ца гайтинера. Иза маслаIатхо, веза стаг вара. Цуьнан хьуьнарш динан хьехамашкахь дара. Иза цхьа Iедал – Делан Iедал бен къобалдеш вацара. Цундела Кунта-Хьаьжех къинхетам бойла дацара кху дуьненахь ницкъ, паччахьалла деллачеран. Политикин декъехь, доза доцуш, доккхачу Iедале кхача гIертарехь Шемал а, оьрсийн императорш а, шала бина вежарий санна, вовшех тера бара, вовшийн луьра мостагIий хиллехь а. Ткъа Кунта-Хьаьжа – церан бIостаналла яра, иза кхин вара.
Хан-зама яларца дуьненахь лелаш йолу харцонаш, ямартлонаш, зуламаш, хьарамлонаш лахлуш яц. Лахлуш, дIадовлуш дац тIемаш. Яккхий пачхьалкхаш керла, кхин тоьлашха герзаш юкъадаха, карадерзо гIерташ ю. Цунах пайда а оьцуш дуьненан халкъаш хIаллакьхиларан зила тIе хIотто гIерта уьш. Цундела, кхетамехь долчу адамашна оьшур бу Кунта-Хьаьжа санна дала базбина бахкийтинчу нехан хьехамаш. ХIунда аьлча, оцу хьехамаша адамийн синош, дегнаш цIандо, бусалба динехь чIагIво, эхартан ойла йойту.
ХIинца оха шуна бовзуьйту Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) цхьаболу хьехамаш.
Кунта-Хьаьжин хьехамаш
1.Лекхаволу АллахI шайна везийла лаахь нийсо езалаш. Хьайна дезарг, оьшург хьайн вешина дезийла а, оьшийла а хаалахь. Кхечарал хьал долуш, лекха, онда хила ма гIерталаш. Дала хьайна мел делларг къечуьнца доькъуш хилалахь. Iилманехь, нийсонехь, комаьршонехь сов дийларца хьегийталаш шайх. АллахIана Iамалш елаш, кхечуьнан къинхьегамца, хьацарца даьккхинарг шайх ца хьакхадалийта.
2.Шун герз суьлханаш ду, топ а яц, шаьлта а яц. Оцу герзана хьалха гIорасиз бу паччахьаш, дажалш. ХIунда аьлча, царах цхьа а вац Лекхаволчу АллахIал ницкъ болуш. Хьайл дуккха а онда волчу мостагIчух летта валар ша-шен верах терра ду. Дуьненахь долчу къинойх уггаре доккха къа ду ша-шен вер. Цу тайпана Iожалла тIеэцар Лекхаволчу АллахIан ницкъах а, къинхетамах а ца тешар ду. Иза ма ву паччахьаш кхоьллинарг. Амма уьш зуламна ца кхуллуш, адамаш оьздангаллехь, гIиллакхехь чIагIдархьама, эхь-бехк латторхьама кхоьллина. ТIарикъатехь болчарна дажал – еса цIухIарш ю, уьш охьа а эгар бу, ата а лур бу кхийра кхабанаш санна.
3.ОьгIазечунна тIехь толам баккха дикаллица а, безамца а. БIаьрмецигчунна (пис волчунна) тIехь толам баккха комаьршаллица. Ямартчунна тIехь толам баккха цIенчу даггара хиларца. Тешаме воцчунна тIехь толам баккха тешамца. Къинхетаме, тийна-таьIна, кхечуьнан дуьхьа вала а кийча хила. Нагахь санна, хьан са ислам дино чIагIдина а делахь, хьан дерриге дахар Лекхаволчунна тIебоьду некъ а белахь (тIарикъат) хаалахь дуккханна а хьалха хьо жоьпе вуйла.
4.ТIом – акхаралла ю. ТIамна гена довлалаш, нагахь санна мостагI шуьгара дин, сий, дIадакхха веана вацахь. Шун ницкъ – иза хьекъал, собар, нийсо ю шуна. МостагIчуьнга лалур бац и ницкъ, мацца а цкъа иза ша эшна хиларна къера ца хилча вер вац. Цхьаьннан а ницкъ кхочур бац шун бакъдерг эшо, нагахь санна шу динах тешаран некъа тIера дIа ца довлахь.
5.Шайн вежарех цхьа а меца, шийла, аьшнашвина ма виталаш. Мухьаммад Пайхамара, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), баьхна Лекхаволчунна уггаре деза совгIат ду ахь хьайн кIеззиг йолчух оьшучунна дIаелларг. Вайн тIарикъатехь волу ваша паргIат Iойла дац шен ваша гIайгIанехь а волуш. Шуна хаа деза, шайн лазамца, бохамца шу цхьаьна дуьсур доций. Маьрша, синтеме, тешна долчу синойн бен ницкъ кхочур бац тIарикъатах кхета, валлалц цу чохь волуш ваха.
6.Бусалбанаш! Вовшийн дезалаш. Вовшашна гIо делаш. Баккъал а вовшийн вежарий хилалаш. Вайн массеран дегнашкахь тешар хилчий бен вайх баккъал а тешаш дерш ца хуьлу шуна, моттаргIа хуьлу шуна. Цхьана а хIуманан, я седарчийн шийлачу стигланан, я дийнатан, Дала кхетам белла доцчу цхьана а хIуманан таро яц адамийн санна динах тешаран ойла шайн дегнашкахь чIагIъян. Лекхаверг шайн дегнашкахь, ойланашкахь лехалаш. Шайн дегнашкахь карийчий бен Иза хезар вац шуна, тIаккхий бен шун тIарикъат (некъ) къобал а дийр дац цо.
7.Лекхаволчунна деза шуна мурдо диканиг деш хан яккхар. Некъаш, тIайш тодар, шовданаш цIандар, куьце далор, некъийн йистошца дитташ кхиор, маьждигаш дар. Мурдана тIехь ду цомгашчунна тIехIоттар, цуьнга хьажа вахар, къаношна, буоберашна, гIийлачарна хIун оьшу хьажар, царна шайн ницкъ кхочу гIо дар. Мурдан декхар ду дов даьллачу майрачун а, зудчун а барт бар, нана шен берех дIатохар, дIасакъаьстина доьзал цхьаьнатохар. Уьш а ду Далла дукха дезаш долу гIуллакхаш.
8.Шайна вуон диначунна дуьхьал вуон ма де. ХIунда аьлча, оцо кхин а доккха зулам кхуллу. Лекхаволчу АллахIана дезна дац цхьана а тайпа вуон, зулам. Зуламдайшна таIзар дар а, дика дечарах къинхетам бар а Лекхахинволчун лаамехь ду. Зуламхошний, къизалла лелочарний тIехь аш толам боккхур бу уьш шайх дIахербарца, шайн синош цIандарца, тIарикъатехь нисдаларца. Шун некъ нийса а, цIена а, къегина а, чIогIа а мел хили хала хир ду зуламхошна а, къизалла лелочарна а. Лекхаверг шуна гIо лоцуш хилар гуш болчу цаьрга лалур бац шун бакъдешан ницкъ.
9.Кху дуьненахь ялсмани лоьхучарах бац мурдаш. Амма мурдашна ирс-м хир дара кху дуьненахь кхечарна ялсмани ярх. Цундела, тIарикъатехь болчу мурдаша лардан, хаздан деза хIара дуьне, шайна гуонаха мел дерг. Мурда шел тIаьхьа дика, къеггина лар йита еза, кхечарна а масал хин долу. Лекхаволчу АллахIе а, дерриге адамашка а болчу безамца вогуш волчу мурдо гайта деза стаг хIунда кхуллуш ву, дуьненахь цо дан дезарг хIун ду.
10.Ламазаш деш, кхийолу Iамалш еш яккхалаш дукхах йолу хан. Лекхаволчо Шен тидамза ца вуьту ламазехь верг. Ламазаша шун синош цIандо, шун дегнашкахь диканан зIийдигаш кхиайо, аьхкенан догIанаша аренца бецаш санна. Ламазаш вайн синош вай Кхоьллинчух хуттуш долу тIай ду. Вай цунах кест-кеста хоттадаларе терра чIагIло вайн сатийсам, вайн тIарикъатехь нисдалар.
11.Къинхетаме хилалаш байшца, мискачаьрца, гIийлачаьрца, гIорасиз болчаьрца. Лекхаволчу АллахIа царал мелла а могаш, хьал долуш, нуьцкъала дина шу. Аш а гайта шайн дикалла, къинхетам. АллахIа аш дечу ламазал а, кхобучу марханел а деза лорур ду-кха иза. Дагахь латтаде Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис. Цу тIехь цо аьлла-кх: « Мархано а, ламазо а ялсманин неIаршка кхачаво, амма шуна уьш схьайоьллу шун комаьршалло, шун къинхетамо». Комаьршалло а, къинхетамо а, ур-аттал бIаьрзениг а, тилавелларг а куьг лаьцна тIарикъатца дIавуьгур ву.
Р.МАГОМАДОВ
ТIаьхье – рогIерчу номерехь
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо