«Нохчаллех ца доха Iадаташ дац-те?»

Жима ши стаг, дов даьлла, вовшашна тIекхача лууш, чучча гIерташ вара. И шиъ сецош, вовшашна тIе ца кхочуьйтура наха. Дуккха а адамаш дара гулделла, хIора а цхьаъ ала гIерташ, гIовгIанаш лаьттара, цхьамма а дуьйцург къаьсташ дацара. Хуьлуш дерг хIокху вайн хенахь, Соьлжа-ГIаларчу йоккхачу базаран («Беркатан») цхьана маьIIехь дара.img_5026

Хуьлуш дерг ган лууш, хьуьйсуш берш генахьа соьцура. Довдан гIерташ воллучу шинан бевза-безарш цу шинна герга кхача, шайн накъостана гайта, шайн-шайна вевзарг ларван, сацо гIертара.

Амма гуш бара, шина а агIорхьа довдеш волу шиъ, чучча вадахь, шеко йоцуш, латарехь дакъалаца кийча кхин а алссам нах хилар. Вуьшта аьлча, юкъабевллачийн ницкъ ца кхачахь хила тарлуш доккха дов дара. Дов долийначу шиннал а дуккха  сов нах а болуш. Цунах терра хила тарлучу зуламан барам а бара боккха. Ткъа ма-ярра хила тарлучу, девнан чакхенан хьесап дойла а яцара.

Делахь а, Делан къинхетам боккха бу. Дов дан гIертачу шиннах цхьаъ ша сецош болчара бохург деш, сацавелира, ткъа важа довхо чуьраваьлла гIовгIанаш еш, сецочийн карара вала гIертара. Оццу хенахь цунна дуьхьал бевллачарех цхьамма ондачу озаца элира: – ХIай къонах, хIай! Хьо  хIун дан гIерта? Мича кхача гIерта?

– Со хIумма а дан ца гIерта. Оцу боьхачу хIуманан бат йохон, чуьйраш охьахеца гIерта.

– Ткъа кхана хIун дан воллу хьо? Вада воллу хьо? Я хIокху нахе орца деха, хьайн чуьйраш охьа ма хецийттахьара. Сихвеллачохь даьллера соьгара баха воллу хьо?

– ДIа валахь, дIа. ХIун дуьйцуш воллу кхузахь. Цо соьца юьйцу харцо, дина осала къамел ца хаьа шуна, – бохура дов дан гIертачо.

– Цхьа а харцо яц зулам а деш, сацоезаш. Нохчийн Iедалехь къастон еза шайн юкъаметтигаш. КхидIа дерг маслаIатан некъаца, Делан пурбанца, шайтIанна хетарг ца хуьлуьйтуш,  бертахь дерзо деза. Довдаларан бахьана, я вуьшта аьлча, бехк хьеннан болуш хиллехь а, девнан чаккхе, нийсо-чIир лоьхуш хуьлу  нохчашлахь. Тоьхнарг цхьа буй бен бацахь а бекхам бар лоьху нохчичо. Стаг вийнехь дуьхьал стаг воь. Нохчашна юкъахь дов хуьлуш, дов доьрзуш, зулам хуьлуш, машар беш схьадогIуш ду.

Вайнехан дахарехь хилла доцуш, паччахьан Iедал тIе деанчул тIаьхьа а, Советан заманехь а юкъадеанчех  зуламаш ду вайна юкъара  дIадала ца туьгуш.

Масала, мичча а бахьаница цхьана юкъараллехь (цхьана нахана юкъахь) шиннан дов даьлча: «Вало! Юьстаха, (дукха хьолахь оьрсийн маттахь а олу иза – «один на один»),  вер ву вайшиъ, – олу. Цхьацца меттехь гуонахарнаш оцу къастамна реза а хуьлий, хьовсархой хуьлий дIахIуьтту. ТIаккха юьстахваьлла шиъ цхьаъ эша а, кIелвиса а воьллачу хенахь гуонахарчара къаставо. Оьрсашна юкъахь иштта дов дерза тарло лела шиъ, барт беш къаьркъа а мелла,  вовшашна къинтIера  волуш.

Нохчашлахь дов иштта ца доьрзу. Дала белла дегIехь ницкъ кIезиг хиларна, лата Iемина ца хиларна, я тIахъаьлла ца хиларна, кхидолчу муьлххачу бахьаница ша латарехь эшнехь, шена гIело хиллехь бекхам бан хьаьгна хуьлу нохчичун дог. Аьтто баьллачу меттехь цо бекхам бо, дукха хьолахь нийсо а ца лоьхуш. Ша цхьаъ ларош вацахь, шеца шен ваша, гергарниг вуьгий а.

Ма-дарра аьлча, нохчийн Iадатехь дегIехь ницкъ алсам болуш хиларх, я лата дика хууш хиларх а, ницкъ беш дац, я бича буьтуш дац. Ткъа дов даьлла шиъ, юьстах а ваьлла, тоьлларг-эшнарг къастталц леташ хилла а дац  нохчийн. Делахь а, нислуш хилла вовшашна реза воцуш, я цхьанхьа вовшах тасавеллачохь наха дIаса къастийна машар хилла а боцуш волу ши къонах, дагахь а доцуш цхьанхьа вовшах кхеттехь, и шиъ тарлуш хилла вовшах лата. Амма хила тарлуш ца хилла, леррина шиъ юьстах а ваьлла, тоьлларг-эшнарг къастталц вовшахлатар.

Довдеш, дов долуш хилла. Довдаьллачохь  вовшахлеташ хилла.  Вовшахлеттачу шиннан ойла цхьаъ хилла: шена дуьхьларниг лазо, човхо, вен. Амма нохчичун хила тарлуш ца хилла  стагана ницкъ бан, гIело ян, сийсазван ойла. Иза хилла дац нохчийн. Вайна дика хууш ду паччахьан Iедал долуш, Советан заманахь цхьа бехк баьлла Iедало лаьцначу стагана цхьана а законца доцуш, стагана ницкъбеш, етташ сийсазвеш хилла. Вайн Iадатехь догIуш дац иза. Девнехь  шаьлта Iуттуш ца хилла. Ницкъ эшна каравеанчунна гIелояр лайн гIиллакх лерина. Иштта стаг шен сица нохчи хила тарлуш ца хилла, схьавалар нохчех делахь а, иштта стаг нохчи лоруш ца хилла.

Шен хенахь нохчийн майра баьчча а, тхьамда а хилла волчу Таймин Биболта Паччахьан инарлашца Гудовичца, Ермоловца, Паскевичца  дийцарш деш нохчийн къам оьрсийн пачхьалкхан юкъахь хила тарлуш хиларан хьелех цхьаъ  хилла, Iедало лаьцначу нохчичун дегI лазош ницкъ ца бар.

Амма паччахьан Iедална оьшуш ца хилла нохчий. Шайн дегI, шайн сий лардеш, шайн оьздангалла йолу нохчий кхераме хилла. Муьжги адамаш ца лоруш, цаьрца  къамел, церан бетах буй бетташ, дегIах сара бетташ бен деш доцчу  Россина. Нохчийн Iадато магош хилла стагана, ницкъ ца бойтуш, шен дегI лардар, шен са лардар, шен сий лардар. Нагахь санна,  девнехь цхьаьннан куьг лерг, я мара, я бIаьрг баьккхинехь, шарIан кхиэло нийсо яр лоьху. Ткъа нохчийн Iадато шен карах зулам доьжнарг, бекхамах ларлуш, вадар магадо. Шена гечдар доьхуш маслаIат дехар магадо. Цул сов, зулам шегара даьллачунна гечдар доьхуш, дуккха а нах дехаре бахар а магадо.

Вуьшта аьлча, Iадато чIагIдина тIедожош дац стагана буй тоьхнехь, гIой, дIа а хIоттий, хьайна буй схьатохийта бохург. Нагахь иштта цхьаъ вахча а, шена буй  тоха аьлла, куьйгаш охьа а хецна дуьхьало йоцуш лаьттачу стагна буй тохар, я лазош чов яр, бекхам бар хетар дацара, я бекхам бан гIертачарна а, нахана а.  Нохчийн къомо дукха зама хьалха дуьйна, кхоьллина оьзда Iадаташ лардеш схьадеана вайн дайша. Весет деш, уьш лардар тIаьхьене схьаделла. Оцу оьздачу Iадаташца ца йогIу амалш, халахеташ делахь а, гучайоху цхьацца эхь доцчу наха. Шен дегIехь ницкъ алсам хилча, гIийлачунна гIело ян, харцдерг чекхдаккха гIерта. Я Iедалехь шайн цхьаъ хьаькам велахь гIиллакх дацар гучадоккху. Цхьа ткъех шо хьалха дара иза. Тешнабехкаца лаца а лаьцна ваьхьнера нохчашна вевзаш-везаш волу цхьа яздархо. Ичкерин Iедална оппозицехь ву аьлла, бехк кхийдош хиллера цуьнга. Iедалан агIор цхьаъ лаьцча цуьнан бехк хилар, цахилар талла а, къасто а декхар ду. Ткъа лаьцначу стагана ницкъ бар, инзаре кхерамаш тийсар, цунна чов яр, цхьа а шеко йоцуш, Делан а, нехан а неIалт хилар ду.  Ткъа оцу вай лакхахь хьахийначу яздархочунна харцо тIе кхолла а, цуьнга иза тIелацийта а гIерташ ницкъ бина хиллера. Цул сов, эххар а лаьцнарг маьрша волуш вуйла хиъча: » Тхо Iедалан белхахой ду, тхайга аьлларг ца дича ца довлу, хьайна йинчу гIелонна къинтIера вала. Тхоьца чIирлелор яц але чIагIо е», – бохуш хилла цара. Нийса (хир дара оцу Iедалан гIуллакххоша)  аьллехьара: «Тхо тхайна дуттучу доьшанех дохкаделла  ду. Карахь герз доцуш, дихкинчу куьйгашца хьалха лаьттачу стагана ницкъбарн эхьхеташ дац». Ткъа эхь ца хетарг вайнаха махьар тIехь вац олуш хилла.

Оццу Ичкерин заманахь кхин цхьа хIума хилира нохчашна юкъахь. Къаьркъа меллачохь кхетамчуьра а ваьлла, цхьана жимачу стага герз тоьхна бехк боцу стаг вийнера. Дукха нахана иза чIогIа хала а хеттера. Веллачун тайпанах а, юьртара а хиллачух тера ду Ичкерин Iедалехь лекхачу даржехь цхьаъ. Цуьнан куьйгаллица дукха кегий нах чIир лаха ара баьхна хиллера, герзах боьттина. Оцу «тIемалоша» де а, буьйса а ца лоруш, лохуш хиллера куьгбехкенаг. Иза ву аьлла хезначу юьрта чу боьлхий, юьртахой инзарбохуш, шайн шеко йолчу хIусамаш чу лелхаш. Куьгбехкечун гергара нах болчу а боьлхий, чу хьуьйсуш. Оцу хьолехь стаг вийначо хаам бо ша лоьхуш  болчаьрга: «Аш билгалйинччу метте со дIавогIу, йиллинчу хенахь».

Ша ма-аллара, шена билгалйинчу метте схьа а вогIий, духарца кечвелла, дIахIутту. ЧIир эца кечбелларш герзашца схьагулло. ГIалахь уггаре а дукха машенашца нах дIасалелачу меттехь хилла уьш гулбелла. Сихха герз тоьхна стаг вен ца вуьйш, дукха машенаш, нах совцийна,  шаьш бечу «балхе» хьовса. Ткъа вен дIахIоттийнарг, ша стаг вуьйш вехна а, кхетамчуьра ваьлла а хиллехь, лечу дийнахь цIенчу кхетамехь, багахь йохуш Делан цIерш йолуш, шена гIовгIанца тIегIоьртинчу зударшка – шех куьг ма Iотталаш. Ша ламаз карахь Деле верза кечвелла лаьтташ ву, бохуш хилла. Цхьа хан яьлча,  автомат яьлла. Дийцарехь, чIирэцаран хьалхе шегахь йолчо тоьхначух тер а ду герз. Герз кхеттарг охьавоьжна. Амма ца велла. Хезаш хилла аьзнаш. Чевнаш хилларг велла хилар чIагI ца дича, дIабаха ца лууш, шолгIа тIе герз тоха ца хIуьттуш синтем боцуш хьаьвзира чIироьцурш. Нохчийн дайшкара схьадогIуш Iадат ду, цкъа герз тоьхча ца велча чIирхочунна, оцу чевнех иза верззалц кхитIе герза ца тухуш. Кхузахь а хила дезарг иштта дара, вайн дайн Iедалехь. Цкъа герз тоьхча валаза а волуш Iуьллуш верг, чIирхо волчура цу минотехь дIа а ваьлла, дархо (раненый) хуьлуш ву. Цунах терра сихо  ян езаш ю дархо лоьрана тIекхачо, иза веллехь, еса деша дезаш ду.

Амма кхузахь хилларг иштта дацара. Сауьйзуш Iуьллург маца ле бохуш кхин Iойла а дацара церан. Цунах дархо а вина, иза айбина, лелар чIирхойн лаамашца догIуш дацара. Цунах хирг хир аьлла,  уьш дIабаха лууш бацара. ТIаккха велира царах цхьаъ, шен хьекъалехь нохчийн Iадатца уггаре а бала боцург. Цо шегара тапча тIеерзийра лешволчунна… Цо тоьхна тапча цхьа бен яцахьара-м хIумма а дацара нохчийн Iадатна. Вайн нохчийн Iадаташна, хIора а дийнахь, оцу хиламал хьалха а, цул тIаьхьа а детташ герзаш а, тIе хьоькхуш нехаш а ю. Нохчийн Iадатехь лурвоьлларг хьулвелла лечкъинчу юьртахь, цхьанна а къонахчо ала тарлуш ца хилла ша чIирхо лоьхуш ву. Оьзда доцу къамел, осалалла гайтар лорур дара иза наха.

Нехан хIусаме, герз эцна, чIирхо лоьху ша бохуш чугIертар, лахарчу хьесапехь жIаьлина санна шед тоха йогIуш хIума лорур дара. Лакхарчу хьесапехь аьлча, хье юккъе тапча тоха йогIуш хир дара.

ХIара йозанаш дIадерзош ала лаьа, вайн кегийрхой кхуьуш бу къаноша беш хьехамаш, Iадатех дуьйцуш хабарш кIезиг долуш. Цул сов, вай мел дукха хабарш дийцарх, хьехамаш барх пайда бац вай дIадуьйцуш, хьоьхуш дерг ваьш лардеш ца хилча. Вайна юкъара дIабовлуш бу оьзда масал хилла лаьттина къонахий, къаной.

Цхьа а керла хIуманаш юкъадаха ца оьшуш, вайн къомо дукха хенахь дуьйна Iадатехь, оьздачу гIиллакхехь дуьстина, хадам бина ду сийлахь а, нийсонца а мел дерг. Оьшуш дерг уьш довзар, дахарехь лардар ду. Цо бен нохчийн къам шен цIеналлехь лардойла яц.

И.АТСАЛАМОВ

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: