(12-гIа январь — Прокуратурин белхахочун де)
Дукха хан ю «прокурор» дош дуьненахь девза. Дош схьадаларан орамаш латиницера хьалагIерташ ду. Бакъду, Россехь XVIII-чу бIешеран юьххьехь довза доьлла и дош. Къоначу оьрсийн паччахьа Пётр Хьалхарчо 1722-чу шеран 12-чу январехь шен омрица кхоьллина вайн пачхьалкхехь прокуратура, Россин дуьххьарлера прокурор Ягужинский Павел Иванович хIоттош. Павел Ягужинский литовцех ву. Цуьнан да Иоган композитор хилла. Доьзална напха лохуш XVII-чу бIешеран чаккхенехь кхаьчна иза Москва, шен ши кIант валош. Немцойн куьпахь хиллачу Лютеранин килсе балха хIоьттина, органни мукъамийн говзанча ша хиларе терра. Хьолана вукъвелла ша вацахь а шина кIанте Павле а, Иогане а, дешийта ницкъ кхаьчна цуьнан. Цундела, 1701-чу шарахь дуьххьара паччахьна Пётр Хьалхарчунна гуш, Павел кIорггера хаарш долуш, сема тидам, ира хьекъал долуш, муьлхха а кехат хьакъдоллучу тIегIанехь кечдан хууш говзанча хилла. ХIетахь вуьрхIитта шо кхаьчна жима стаг хилла иза. Цуьнан хаарех, шерачу маттах цецваьллачу паччахьо, кхин шена юххера дIа ца хоьцуш, Преображенски полкан эпсар во Ягужинский Павлах. Дуккха а шерашкахь Пётр Хьалхарчун коьрта адъютант волуш къахьоьгу Ягужинскийс. Юнкеран чинера капитанан а, тIаьхьуо полковникан, эххар инарла-лейтенант чине а кхочу Павел Ягужинский. 1683-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу Ягужинскийн дуьззина 50 шо дацара паччахьо Россин прокурор хIоттош. Цо дукха къахьегна Россин паччхьалкхан гIуллакхаш низаме далон лууш. 1736-чу шарахь Ягужинский Петр Иванович дIаваларо цхьана ханна лагIдо Россин прокуратурин кхиар. Делахь а, цкъа а сецна лаьтташ-м ца хилла иза. Тахана дуьненахь тоьллачарех цхьаъ ларалуш Россин прокуратура хилар вайна массарна юьхькIам бу, вай цунах дозалла дан а догIу
Вайнахана прокуратура евзина дуьззина бIе шо а дац. Адамийн бакъонаш ларъяран хьаьттахь хьанала къахьоьгуш адамаш-м хилла чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран юьххьехь а. Уггаре а хьалха уьш вежарий Исмаил, Ахметхан МутушевгIар бу. Делахь а, прокуратурехь болх бар тIаьхьуо кхаьчна нохчашка. Советийн Союзехь дегаIийжамийн кочар хилла, къизалла хьалхаяьккхина дуьйладелира ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. Мискачу адамашна бIостанехьа йирзина яра Советийн заманахь прокуратура. Адам хIаллакдаран кохьар яра паччалкхан массо маьIIехь, хаддаза таIзарш деш. НКВД-но, дийнахь-буса садаIар доцуш, дIалоьцуш дара бехк-гуьнахь доцу адамаш. Царах хилларг хууш, хатта ваьхьаш стаг а вацара. Иштта, луьра, къиза дара Советийн Iедал. Цу муьрехь дIабигначу нахах хIинца а цхьаболчарах хууш хIумма а дац. Цхьана Нохч-ГIалгIайн Республикехь 1937-чу шеран 31-чу июлан суьйранна дIабуьйлалой 1-чу августан Iуьйре тIекхачале 14 000 стаг дIалахьаво НКВД-н белхахоша. Ткъа сентябрь бутт тIекхачале, иштта каде хьийзачу НКВД-с вайнехан къомах болчу божарийн кхозлагIа дакъа набахте кхачадо. Царах дукхахболчарна, цхьана кепара таллам бар доцуш, тоьпаш тоьхна. Россехь дехачу къаьмнийн дегнашкахь ерза ца туьгу чевнаш йитина цу зуламашкахь дакъалоцуш прокуратура хиларо. Ишттачарех цхьа зулам ду, боьдуш тIом болуш къаьмнаш махкаха дахар а, кхойтта шарахь дай баьхначу латтах уьш хьегадар а. Дукхахболу нохчий шайн ворххIе дай баьхначу лаьмнашкарчу ярташка хьала ца бахийтира. Лахахь, аренца бехачеран а дукха къахьега дийзира 13 шо хьалха шаьш бухадитина ков-керташ схьадерзош. КIезиг бац хIинца а цу дикане кхачазаберш а. Мел еха буьйса а цкъа мацца а чекхйолу сирлачу маьлхан зIаьнарша беркате Iуьйре хьостуш. Ишттачарех цхьа мерза кхаъ бара, нохчийн къоман уггаре а деэшначу дийнахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа гIаттар буьрсачу тIамо хьаьшна, гIелдина халкъ шен букъа тIехьа лоцуш. «Со тIом сацо веана вац, со тIом чекхбаккха веана ву!» – элира Дала гIазот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, мохь туххуш. Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан карара гIазотан байракх схьаийцира цуьнан кIанта, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Шен турпалчу дас арабаьккхина бакъонан некъ чекхбакхха хьекъал, доьналла хилира цуьнгахь. Цкъа а дагахь ца хиллачу зовкхе кхачийна вай тахана мехкан куьйгалхочо. Цуьнан ира хьекъал, сема бIаьрг, комаьрша куьг а ца кхочуш цхьа а меттиг ца йисина Нохчийчохь. Кадыров Рамзана дина юьстахдаьхначу диканех цхьаъ ду, цо Нохчийн Республикин прокурор нохчи хIоттор. 2012-чу шеран 25-чу октябрехь дара Абдул-Кадыров Шарпудди Муайдович Нохчийчоьнан прокуратурина коьрте хIоьттича. Иза юстицин говзанча ву. Уггаре а халачу хенахь Нохчийчохь прокуратурехь белхаш бина ву. Йоццачу хенахь вайн махкарчу прокуратурин болх халкъана, махкана пайдехь болчу агIор, беркатечу хорша берзо хьуьнар хилира цуьнан. Ткъа уггаре а коьртаниг: хIора оршот дийнахь, цхьа а дуьхьало йоцуш, цунна тIекхача аьтто бу Нохчийн Республикин бахархойн. ХIоранга цо леррина ладугIу, хьакъболу сацам тIеоьцу, федеральни законо магочу кепара гIо-накъосталла до, тIедаьхьна гIуллакх гена дIа ца тоьттуш. Дуккха а шерашкахь вайнаха сатийсина мах боцу беркат ду иза. Прокуратура мискачу адамашна юьхьадуьхьал ерзар доккха совгIат ду. Цо Iедалх тешам чIагIбо, кханенах дегайовхо кхуллу, могIарерчу адамашна синтем бохьу. Цундела, Россин Прокуратурин белхахочун корматаллин де тидаме эцна. ЦIенчу даггара декъалбан лаьа Нохчийн Республикин прокуратурин белхахой. Массо а сирла сатийсам кхочуш хуьлийла церан! Шайн дог мел лаьттачу дикане кхочийла уьш!
А.ГАЗИЕВА
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо