2016-чу шеран январь беттан хьалхарчу деношкахь кхечира и шийла кхаъ Нохчийчу. Кьилбаседа Кавказехь гIараяьлла евзаш йолу Россин яздархойн союзан декъашхо, Дагестан Республикин халкъан поэтесса Алиев Гамзатан йоI Фазу бакъдуьнена йирзина 2016-чу шеран январь беттан хьалхарчу пIераскана дийнахь. Ерриге а Кавказан поэзин цхьа агIо яра иза. Фазун поэзи чулацаме а, похIме а, нана-Кавказ еза, цунах дозалла дан Iамош яра. Советийн замано кхиийна яра Алиева Фазу, амма цо цкъа а диц ца дора ша схьаяьлла орамаш, бIешерашкахь хьекхначу зуламечу мехашка каг ца делла кавказхойн вежараллин доттагIалла. Шен сица, похIмица, дуьненахьежамашца Кавказан къоьжачу лаьмнийн тешаме, хьуьнаре йоI яра Алиева Фазу.
Иза жIайхойх схьаяьлла яра. Дагестанерчу ХIунзахан кIоштарчу ГIиничIутIул юьртахь 1932-чу шеран декабрь беттан 5-чу дийнахь дуьнен чу яьлла яра могIарерчу къинхьегамхойн доьзалехь. Цуьнан дуьххьарлера байташ зорбане евллера 1949-чу шарахь юьхьанца «Ломара большевик» цIе йолчу газетехь, тIаьхьуо уьш хаддаза зорбане йовлура «Дагестанера комсомолец» цIе йолчу газетехь. Юккъерчу школехь доьшуш йолуш дуьйна жIайхойн маттахь а, оьрсийн маттахь а байташ язъеш яра Фазу. Цу муьрехь а гуш дара йоьIан литературица тасаделла гергарло ларамза ца хилар а, поэзи цIе йолчу исбаьхьаллехь къахьега цуьнгахь алсам корматалла хилар а. Алиева Фазус кхиамца чекхъяьккхинера Махачкалара ламанхойн зударшна лерина йолу хьехархойн институт. Иза чекхъяьккхина яьлча масех шарахь школехь болх бира бераш Iамош. Цул тIаьхьа, Москва гIаларчу М. Горькийн цIарах йолчу литературин институтехь дийшира. Цигахь доьшуш йолуш уллера гергарло тасало цуьнан вайн махкахочуьнца Ахматова Раисица. Нохчийн поэтессина Iаламат мехала хеташ гергарло, кхоллараллин доттагIалла дара иза. Дуккха а шерашкахь нанас дена йинчу шина йишас санна цу шимма дIакхийхьира и гергарло.
БIе гергга поэтически гулар ю Алиева Фазун зорбане яьлла. Уьш жIайхойн маттахь хилла Iаш яц. Цхьа шатайпанчу башхаллица къеста Фазун байташ шорта ю кхечу къаьмнийн меттанашка яьхна. Амма муьлххачу маттахь елахь а Кавказан зевне илланча хилла яьхначу поэтессин говзарш дикане, адамалле, къинхетаме, даймохк безаре кхойкхуш ю. Поэзехь къахьегна Iаш яцара и хьуьнаре зуда. КIезиг бац цо прозехь бина белхаш. Алсам къахьегна публицистикехь. Пхийтта шарахь Дагестанан лакхарчу кхеташонан депутат йолуш къахьегна яра Алиева Фазу. Иштта хьанала къахьегна Кавказерчу зударийн бакъонаш ларъярехь а. Цундела цхьана Дагестан Республикина иэшам хилла ца Iа поэтесса дIаяларх. Иза ерриге а Кавказан йоI яра. Деэшна вогIучунна даима йиллина яра Алиева Фазун кхерчан неIарш. Цуьнгахь собар, сема хьекъал, йист йоцу хIорд санна, деган комаьршалла яра. Иза даима кийча яра оьшучохь муьлххачу стагана гIо-накъосталла дан. Кавказерчу дукхах болчу зударшна масал, синбIов хилла лаьтташ яра иза еххачу хенахь. Цундела массарна дукхаезара похIме поэтесса. 83 шо дара цуьнан. Муьлхха воккхачу поэтан санна дог къона дара цуьнан, ерриге а Кавказ маракъовлал боккха безам бара вайга массаьрга.
Дала геч дойла цунна!
Нохчийн Республикин Яздархойн союз, «Даймохк» газетан редакци
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо