Дуккха а иттаннашкахь ду шайн бакъонаш кIоршаме талхийначара Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векале деш долу дехарш. Россехь, мичахь веха бохучух доьзна доцуш, дехар деш верг даггара тешна ву муьлххачу агIор хилла а цхьа гIо доцуш ша вуьсург цахиларх. ХIунда аьлча, гIело хиллачунна гIоьнна кхача юкъйихкина лаьтташ волу Нухажиев Нурди дика вевза вайн берриге а махкахь. Хаьа, дIадолийна нийсонан гIуллакх шен чаккхене дерззалц, стеган бакъонаш меттахIотторехьа латтош болу къийсам цо сацор боцийла. ХIора дийно гучудоху и тайпа тоьшаллаш. Царах цхьаъ ду хIара лахарниг а.
Вайн махкахочунна Джанаралиев Лечина 2005-чу шарахь Ставропольски крайн суьдо чIогIачу рожан колонехь яккха 12 шо хан туьйхира. Иза хан токхуш а волуш, цул тIаьхьа, масех шо даьлча, 2008-чу шеран мартехь Россин ФСИН-н Ставропольски крайхула йолчу урхаллин №3 йолчу колонин леррина йолчу комиссис диагноз хIоттийра: коьртан хье лазийна, и бахьанехь лелалуш яц лахара меженаш. Медицино дечу тоьшаллица стаг толур волуш вац. Цхьаьннан гIо доцуш лела а ца ло.
Оцу бакъдолчарна тIе а доьгIна, колонин куьйгалхочо Ставропольски крайн Георгиевски гIалин суьде хьокъала доллу кехаташ дахьийтира Джанаралиев таIзарх паргIатваккхар доьхуш. Амма суьдо цунна дуьхьало йира, даккхий зуламаш дарна цунна ехха хан тоьхна хилар бахьана а хIоттийна. Цо хьесапе ца ийцира стагана кхеттарг толур волуш цамгар цахилар а, ша динчунна иза даггара дохковаьлла хилар а. Оццу шеран апрелехь, цхьаьннан гIо доцуш меттахвала таро йоцуш волу хьалхарчу тобанан заьIапхо Мордови Республикерчу №5 йолчу колоне дIахьажийра. Тахана цигахь шена тоьхна хан йоккхуш а ву.
Масех шо ду и гIуллакх нохчийн Векалан талламна кIел лаьтташ долу: кхидIа таIзар такхарх кIелхьараваккха а гIиртира (цо хIинца токхуш дерг кIезиг долуш санна), цунна гергарнаш тIекхачийта аьттонна, Нохчийн Республикина уллорчу цхьана регионехь хан яккхийта а гIиртира. Амма, еш йолу дуьхьалонаш чIогIа ю. Уьш ца эшало цкъачунна, ишттачу гIуллакхашна лерина 2004-чу шеран 6-чу февралехь тIеэцна Россин Правительствон сацам белахь а. Цуьнца нийса а догIуш, оцу кепара цамгар ерг таIзарх паргIатваккха везаш ву, билгалйохуш йолчу цамгарийн 23-чу пунктана тIе а доьгIна.
Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала тIе тидам бохуьйту, хIинца Джанаралиев хан йоккхуш волчу колонин куьйгалло а, Мордови Республикин Теньгушевски суьде иза паргIатваккхар дехна хиларна. Кхузахь а суьдо хьесапе ца оьцуш дитина хьалха хIиттийна бакъдерш, гайтина къинхетам боху Iаламат доккхачу маьIнен дош шена девзаш цахилар. Ишттачу меттигашкахь, дукха хьолахь иза хуьлуш а ма-хиллара, регионан Лакхарчу суьдо а жоп доцуш дитира дехар.
Харцоно цкъачунна толам боккхуш хилар гойту нохчийн Векале Атабаев Абус даийтинчу кехато а. ТIаьххьарчу шина шарахь Джанаралиевца цхьана отрядехь хан токхуш хилла иза. Ма-дарра довзуьйту гIудалкха тIехь бен дIасавала таро йоцуш волчу цомгашчуьнгахь долу хьал, доьху цунна далуш долу гIо дар. Цо дийцарехь, де-дийне даларца чIагIлуш ю Лечин цамгар. Цо хаддаза леткъамаш бора шена деш доцчу лоьрийн гIоьнна. И бахьанехь колонин администрацин цабезам кхоллабелира цуьнга. Иза гойту хIокху бакъдолчо а. Карарчу дийнна шарахь ремонтехь яра Джанаралиевс хан йоккхуш хилла лоьраллин дарбалелоран чоьнаш. И ерриге а хан сени чохь яьккхина цо. Колонера беш болчу тIаьххьарчу хаамашца, шеца иштта юкъаметтиг хиларна Леча хIума ца юуш мацалла токхуш ву.
Дехар дечо беш болу хаамаш шайна тIе боккха тидам бахийта, озабезамаш ца беш прокурора талла а беза аьлла тешна ву Нухажиев Нурди. Цундела, рогIера дехар дира цо Мордовин прокуроре Мачинский Валерийга. Нохчийн Векала изза дехар дина Мордовин Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векале Ястребцев Юрийга а. Цо кхин цкъа а доьху, Атабаевс шен кехата тIехь далийна бакъдерш лерина таллар, хан токхуш чохь воллуш волчу хьалхарчу тобанан заьIапхочун Джанаралиев Лечин бакъонаш ларъярна тIехьжийна дан тарлуш долу гIуллакхаш дар.
Даггара теша оцу гIуллакха тIехь тIаьххьара тIадам хIоттабаллалц нохчийн Векал, хIинццалц а санна, юхавериг цахиларх, кIоршаме талхош йолчу бакъоно тIаьххьарчу чоьтехь толам боккхург хиларх.
Цуьнца доьзна коьрте хьийза вайн уггаре а нийсонан ларалуш йолчу, коьртачу декъана ян а йолчу суьдо оцу гIуллакха тIехь лаьцначу агIонах йолу ойланаш. Шена тоьхна хиллачу шийтта шарахь цхьайтта шо гергга хан яьккхина заьIапхочо. Ша динчу зуламна даггара дохко а ваьлла иза. Хеталора цомгашниг паргIатваккха дуьхьало ярна цхьа а тайпа бахьана дац аьлла. Аьттехьа а ца хиллера! Мундиран сий лардан деза. ХIун хаьа, кхана цхьамма бехк боккхий а. Бехках дерг аьлча, иза баккха дуккха а меттигаш йитина вайн суьдан системо: миллиардашкахь ахчанца пачхьалкхана зиэн динарг хан тоьхна масех бутт а балале цIа вахийта йиш ю, тоьхна хан яц а йина (УДО), адамаш дайъинарг парггIат лела арахь витар а тардолуьйту цхьайолчу суьдо. Кхин масане ду уьш, массарна а дика девзаш долу бакъдерш. ЗаьIапхо чохь валлош иза бакъ дуьнене верзарх миллиардер чувоьллича санна лакхара Iаткъам а хир бац, парггIат наб йойла а хир ду. Бакъду, шайна тешам беллачу цхьаболчу суьдхошкахь иштта ойланаш мел ю бакъоно сихха толам боккхур ала Iаламат хала ду.
Л.АБУБАКАРОВ
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо