Лулахойн дахарера

Керла ягорг

МАХАЧКАЛА. Керлачу шеран хьалхара денош Дагестанехь билгалдевлира ягорган кхузаманахьлера предприяти кхолларан хьокъехь «Дагестанэнергос» Японин компаница бинчу бартана буха куьйгаш яздарца. Цунах лаьцна хаамбира Республикин промышленностан министра Умавов Юсупа. Цо дийцарехь, цхьаьний кхуллуш йолчу предприятехь арахоьцур ю цкъачунна оцу махкахь бен дуьненахь а йоцуш йолу ягорг.

Японера еана хиллачу делегацина юкъахь вара «Опора России Fukuoka» организацин председатель Тамуро Фумихико, «Сибата Тосии» компанин  кхочушдаран директор Инга Кравец, «Фурукава Компани Лимитед» компанин векал Йошимаса Фукасако, «Накамура» университетан профессор Масайа Обе.

 

«Кхерамазаллин гIала» система тIеюьзна

   МАЙКОП.  Адыгейн коьртачу шахьарахь тIаьххьарчу хенахь хаъал алсамъевлла шайна тIехь терго латтош йолу гIалин меттигаш. Керлачу шеран хьалхарчу деношкахь кхин а кхаа   меттехь гIуллакх дан юьйлаелла юкъараллин меттигашкахь видеотерго латторан камерш. Оцу кеппара регионан Iедалша а, бакъонаш ларъяран органаша а лакхадаьккхина «Кхерамазаллин гIала» аьлла йолчу аппаратно-программни комплексан санехь хилар.

Карарчу хенахь гIалахь дийнахь а, буса а хаддаза гIуллакх деш ю ткъеитт камера. Цара тIаьххьарчу хенахь таро хилийтина бакъонаш ларъяран органийн оперативни тобанийн болх хаъал тобан.

 

Керлачу хIусамийн догIанаш…

  НЕСАРЕ. Кхузарчу 28 доьзало керлачу хIусамашкахь даздира Керла шо. Чекхдаьллачу шеран тIаьххьарчу деношкахь даздаран хьолехь хIусамаш дIасайийкъира керла динчу дуккха а гIаьтнаш долчу цIенош чохь. ЖКХ хийцина дIахIотторна гIо даран Фондан чоьтах дина долу и цIенош гIуллакх дарна юкъадалорехь дакъалецира ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а, регионан Парламентан председатела Дикажев Мухарбека а.

Иштта даздарш хилира ГIалгIайчоьнан кхин а цхьана гIалахь – Малгобекехь. Цигахь гIалин администрацин заказаца керла динчу диъ гIат долчу цIенош чохь хIусамаш дIаелира 24 доьзална.

Дийнна схьаэцча республикин муниципальни кхаа цхьаьнакхетараллерчу бахархошна 168 хIусаман догIанаш даздаран хьолехь дIаделира хIусамийн керлачу дайшка. Уьш дIакхалхийна шайна чохь Iан кхераме долчу 16 цIа чуьра. БархI бIе гергга стаг ваха хиъна царна чохь.

Къилбаседа ХIирийчохь мохк бегийна

  ВЛАДИКАВКАЗ. Республикин Дигорски районехь 2,9 балл нуьцкъала мохк бегийна. Оперативни службаша бечу хаамца лаьттан 19 километр кIоргаллехь хилла иза. Йохийна хIума а, хилла бохам а бац.

Регионехь дуьххьара хилла ца Iа иштта хилам. Европейско-Средиземноморской сейсмоцентран хаамашца, изза хьал кхолладелира цигахь декабран шолгIачу эхехь а. Бакъду, хIетахь мохк бегоран нуьцкъалла 3,3 балл хилира. Цул цхьа бутт хьалха Алагирна 16 километр генахь бегийнарг 4,9 балле кхаччалц нуьцкъалла йолуш бара.

 

Машукан буьххье кхечира

 ПЯТИГОРСК. Дика ламаст хилла схьадогIуш ду гIалахь алссам адамаш вовшах а кхетий, Керлачу шеран юьххьехь Машук лома тIе бовлар. Ткъа кху шарахь 993 метр лекха болчу Машук лома буьххье кхузахь дIахьош йолчу спортан а, могашаллин а декадин гурашкахь масех сохьтехь кхечира олимпийски тIаьхьалонан №2 йолчу берийн-кхиазхойн спортан школера къона 150 сов спортсмен а, ткъа иштта церан хьехархой а, дай-наной а.

Дагалецаман мидалш а луш, лома буьххьехь уьш тIеийцира гIалин спорткомитетан векалша. ХIинцалераниг лома тIе ялхитталгIа хьалабовлар дара. Иза дIадахара «Спорт – наркотикашна дуьхьал» аьлла болчу кхайкхамца. Лам «эшош» гIалахошца цхьаьна бара Москван а, Георгиевскан а векалш.

Меттигашца юьззина кхачо йина

 ЧЕРКЕССК. Школе даха хан кхачаза долчу берийн дешаран учрежденеш вовшахтохаран гIалин комиссин председатела, Кхарачойн-Чергазийн Республикин пачхьенан мэран хьалхарчу заместитела Хаджиголова Розас чекхдаьллачу шеран тIаьххьарчу деношкахь хаамбира гIалахь кхаа шарна тIера ворхI шаре кхаччалц долчу дерриге а берашна бошмашкахь меттигашца юьззина кхачойина хиларан хьокъехь.

Хьалха берийн бошмашкахь меттигаш хиларе хьоьжуш рогIехь лаьтта цхьаъ ах эзарне кхаччалц бераш хуьлура. ХIинца иза дIадаханарг лору гIалин администрацехь. Цуьнан шен бахьана а ду. 2013-чу шарахь дуьйна Черкесскехь гIуллакх дан йолаелла керла пхи беш. Цо таро хилийтина керла 1370 меттиг кхолла. И болх сацош а бац. Масала, гIалин Доваторан цIарахчу урамехь чекхдолуш ду 300 меттигна лерина йолчу берийн бешан гIишло яр. Иштта, кийча ю кхин а ши беш ярна лерина йолу проекташ.

«Маьлхан гIала» кхойкху

     НАЛЬЧИК. Iаьнан каникулаш хиллачу деношкахь берийн кхоллараллин «Маьлхан гIала» аьлла йолчу академехь керлачу шеран бакъонца долчу туьйранехь дакъалаца таро хилира берийн а, церан дай-нанойн а. «Маьлхан гIалин» хьалхара хьеший хилира ГIебартойн-Балкхаройн Республикин берийн цIеношкара а, интернаташкара а бераш.

Каникулийн берриге а муьрехь хIора дийнахь хийцалуш хиллачу туьйранийн турпалхоша тIеоьцура бераш, шайн леларца самукъадоккхура церан, тайп-тайпана совгIаташ дора.

Билгалдоккхур вай берийн кхоллараллин «Маьлхан гIала» аьлла йолу академи Керлачу шеран даздарш дIадолочу деношкахь гIуллакх дан йолаелла хилар. Баккъал а доккха совгIат хилира цунах берашна.

 

Наркотик карийна

  ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикин Черноземельски районехь некъан болам талхорна сацийначу Московски областера вогIуш хиллачу Дагестанан вахархочун машена чохь таллам бича «амфетамин» наркотик чохь йолу пакет карийра бакъонаш ларъяран органийн векалшна. Машенан да къера хилира иза наркотик хиларна. Хаамбира ша иза Московски областехь вевзаш воцчу стагера эцна хиларан хьокъехь.

ГIуллакх къасторан Iалашонца некъахо полице дIавигира. Ткъа пакет регионан экспертно-криминалистически туьшехь таллам байта дIаяхьийтира.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: