Республика меттахIоттийна де дагалоцуш…

Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттийначу дийнахь, 9-чу январехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бира регионан бахархошка. Социальни зIенехь йолчу шен агIонашкахь цо билгалдаьккхира махках а баьхна, нохчий Сибрех а, Юккъерчу Азе а нуьцкъашха дIакхалхоро вайн дерриге а къам хIаллакьхиларан зиле хIоттон тарлуш хилла хилар.

     «Нохчийн халкъан бIеннаш шерийн оьмарехь Iаламат дукха хилла бохаме, къиза хиламаш. Цара вайн дерриге а къам хIаллакьхиларан зила тIе далош хилла. Царах цхьа бохам хилла ницкъаца Сибрех а, Юккъерчу Азе а дIакхалхор. Мацалла, милла, дахаран-Iеран халонашна хIаллакьхилла ах сов къам. 1939-чу шарахь хиллачу бараме 1959-чу шарахь бен ца кхечира нохчийн халкъ», – яздо республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, Кадыров Рамзана дийцарехь сталинан ражо нохчийн халкъана тIехь таIзар латторан бахьанех лаьцна дуккха а яз а дина, дийца а дийцина. «Хилларг доцца дагадаийтича, нохчаша майраллица а, доьналлица а ларбина Даймохк фашистийн мехкаш дIалецархойх. Ткъа Соьлжа-ГIалано ЦIечу Эскарна, авиацина, флотана кхачойина ягорган-хьакхаран материалашца. Дуьненан цхьана а меттехь дац шен массо а векал дика волуш халкъ. НГIАССР-н лаьмнашкахь а хилла талорхойн тобанаш. Бакъонаш ларъяран меттигерчу органийн ницкъашца а ур-аттал хIаллакьян таро яра уьш. И даран метта бIе эзар эпсар а, салти а хьажийра республике вайнехан халкъ махках даккха», – язйина Кадыров Рамзана.

Цо иштта дагадаийтира НГIАССР меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н а, РСФСР-н а Лакхарчу Советан Указаш 1959-чу шеран 9-чу январехь бен арадевлла цахилар. «Эзарнаш доьзалш юхабирзира. Царна шайн цIенойн метта саьлнаш карийра. Вай дохийначу хенахь а, вай цIадирзича а, халкъо къобалбина, къоман тхьамданаш ца хилла. Оцо тIедалийна халкъ шен бакъонашкахь меттахIотторан мур бахбаларна», – чIагIдира Р.Кадыровс.

Цо билгалдаьккхира тахана Нохчийн Республика юьззина бакъонаш йолу Россин субъект хилар. «Халкъан шен пачхьалкхалла  Конституци, Гимн, Байракх ю. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьуьнаран, доьналлин доккха дакъа ду иза иштта хиларехь. Вайн халкъана уггаре а чолхе беанчу муьрехь цо шена тIелецира халкъан кхолламах, цуьнан хиндолчух долу дерриге а жоьпалла, цо иза хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхира», – яздина цо.

«Ас сайн 2010-чу шеран 8-чу январехьлерчу указца 9-гIа январь билгалдаьккхира нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан де санна. Россин Президента Путин Владимира шен указца Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе тиллина, нохчийн халкъ бехке хиларан хьокъехь долчу дерриге а хабаршна хьокъала доллу жоп ду иза. Вай тешам боллуш хьуьйсу хиндолчуьнга. Дерриге а до тахана вай дагалоьцуш берг санна болу бохам кхин цкъа а цахилийтарехьа. ТаIзарш бахьанехь кхелхинчу вайн бIеннаш эзарнаш гергарчарна, бевза-безачарна АллахIа гечдойла, царах къинхетам бойла», – дерзадо Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

 №2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: