СоьлжагIалахошна – керла хIусамаш

    Нохчийн Республикин ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу кхалхоран регионан программа кхочушъяран декъехь дина ворх1 г1ат долу 3 цIа схьадиллина Соьлжа-ГIалин Октябрьски районехь.керла х1усамаш

    Цигахь дакъалецира  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Правительствон Председатела Эдельгириев Абубакара, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, кхечу официальни наха а.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран проблема дIаяккхарна республикехь леррина тидам тIебохуьйтуш хилар. Цу декъехь дика болх бар бахьанехь тIаьхьарчу масех шарахь республикерчу 50 эзар гергга вахархочунна керла хIусамаш елла.

Регионан Куьйгалхочо баркалла элира Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министрана Айдамиров Асланбекана а, Республикин Правительствон куьйгаллина а «Нохчийн Республикин ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхор» программа кхочушъярехь дика къахьегарна.

«Регионан Правительствос а, ХIусамийн-коммунальни бахамна реформировани ярна накъосталла даран фондо а бертахь цхьаьнакъахьегар бахьанехь хилла иштта кхиамаш. Кху гIуллакхехь жигара дакъа мел лаьцначарна баркалла ала лаьа суна», – элира Р.Кадыровс.

А.Айдамировс  баркалла элира Кадыров Рамзанна ширачу хIусамийн проблема дIаяккхарехь накъосталла дарна.

«Ахь накъосталла дар бахьанехь 2015-чу шарахь ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхорехь хIиттийна Iалашонаш кхочушъян ницкъ кхаьчна тхан. ТIедогIучу шарахь 10 эзар сов квадратан метр керла хIусамаш ян дагахь ду тхо. Цу декъехь болх хIинцале а дIаболийна», – элира министра.

Ламасталлин цIен аса хадийначул тIаьхьа, Р.Кадыровс а, А.Айдамировс а керлачу цIенош чуьрчу петарех бIаьрг туьйхира.

Билгалдаккха деза, Октябрьски районехь схьадиллина долу  кхо цIа 2015-чу шарахь ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран программин шолгIа мур кхочушбаран декъехь дина хилар а, церан юкъара барам 10 эзар сов квадратан метр хилар а. Цу цIенош чохь хIусамаш елла пачхьенерчу 556 вахархочунна (224 петар).

    А.ХАСБУЛАТОВА

 

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: