2015-чу шарахь бинчу белхан жамIаш дира

   Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь кхоьллина, къаьмнашна юкъарчу юкъаметтигашкахула йолчу юкъараллин-консультативни советан цхьаьнакхетар хилира. Дом_радио_Совет_5_copy_Копировать

  Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан заместитела Элембаев Алихана, оццу министерствон къоман политикин департаментан директора Вахидов Iилмана, филологин Iилманийн кандидата, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхочо  Мунаев ИсмаьIала, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош Вахидов Iилмана довзийтира дийцаре дан лерина гIуллакхаш: 2025-чу шарна тIекхаччалц болчу муьрана Россин Федерацин пачхьалкхан къоман политикин Стратеги кхочушъярехь 2016-2017-чуй шерашкахь дан дезачу гIуллакхийн республикин план хIоттор; Юкъараллин-консультативни советан декъашхойн тоба 2016-чу шарахь карлаяккхар; 2015-чу шеран белхан жамIаш а деш, 2016-чу шарахь дан лерина гIуллакхаш дийцаре дар.

– Пачхьалкхан къоман политика кхиорехь долу гIуллакхаш цхьаьний дIакхехьа  деза. Кегийрхой кхетош-кхиорна, цаьргахь патриотизм кхиорна боккха тидам тIебахийта беза,  Нохчийчохь Iаш берш хилла а ца Iаш, Россин массо а субъектехь болу кегийрхой ларбан беза вай.  Вайн Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна тIедехкинчу декхарех дикка кхеташ хила деза, вай, уьш кхачамболлуш кхочушдеш хила а деза, – билгалдаьккхира Д.Умаровс.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша лакхахь хьахийна  гIуллакхаш дийцаре дарехь шайна хетарш тIетоха луурш довзийтира.

Мунаев ИсмаьIала ГаланчIожан район кхиорехь шена дан деза аьлла хетарг довзийтира.

– ГаланчIожан латтанаш тIехь хьалха санна юьртан бахам кхиош, терго йича, денлур яра и меттиг. Цу латта тIехь Iаш болчу, масала, аьккхийн, нашхойн проблемаш талла декхарийлахь ду вай. И декхар вайга кхочушдалур ду, хьалха санна вайн латтанаш лелош, юкъараллин-экономикин хьелаш толлуш, и тайпа районаш кхио вай хьовсахь, – бохура цо.

Иштта, вайн регионерчу тайпанийн проблемаш кIорггера талла а  толлуш, царна гIо-накъосталла деш, болх бича пайда хирг хилар билгалдаьккхира цхьаьнакхетарехь. Оццу темица доьзна, экспертийн «Грозный» клубан куьйгалхочо, политолога Ефремов Дмитрийс билгалдаьккхира,  Невран районехь Iачу керста дин лелочу бахархойх лаьцна документальни кино яккха шен лаам хилар. (Цигарчу тайпанийн, тукхамийн Iер-дахар, проблемаш билгалйохуш).

Цхьаьнакхетар дерзош I.Вахидовс билгалдаьккхира Юкъараллин-консультативни советан декъашхоша дийцаре дина гIуллакхаш тидаме а эцна, царна тIехь болх дIахьуриг хилар.

 

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн Республикин Юкъараллин-консультативни советан декъашхой

 

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: