Iаьржачу февралан нийсархо

   7

Шен доьзал, гергарнаш, безарш вовшахтоьхна, ша вина де самукъадаларца билгалдаккха, даздан лаьа-кх цхьаволчунна. Ахмаева Асмарт-м мелхуо а сингаттаме хуьлу цу дийнахь. Бехк а бац.

Шел йоккханиг хила йиш йоцчу харцонца доладелла цуьнан дахар. 1944-чу шеран 23-чу февралехь яьлла  иза дуьнен чу.

Дийнна къам мостагI хир ду, хила тарло бохучух ойла-м ца кхуьу, амма дерриге нохчийн къам «мостагI» аьлла, цIе а тиллина (кхоьллина) цу «ДжIугашвилигIара» махках даьккхина де-м ду иза.

Жимма а шен дагчохь ийман, къинхетам болчо котам а ца хьеечу Iаьнан цу котамийн меха ца хеташ, набарха даьккхина махках а, доллучух а дохийра вайн къам 70 шо хьалха. Дуьнен чу яла а кхиале, гарт-гарт-нехь Сталинан шийлачу, декъачу «агано» хийрачу Казахстанан аренашкахьа бертаза дIа «техкийра» Асмарт. Цигахь баьккхина дуьххьара ког, аьлла дуьххьара дош.

Ткъа нана, ойла ейша, цхьана мIаьргонна сурт хIоттадейша Асмартан ненан… Шен кIорнина, шен сих даьллачу цу цуьргана-маликна доладан йиш йоцуш, бехк лоьцуш, ма доккха де хIоьттина-кх (хIоттийна-кх!) цуьнга (хийла наношка!) цу «къинхетамечу дадас». Дицде аьлча – бакъ хир воцуш, дицлур дара аьлча – бакъ а хир доцуш. Дукха холчахIоьттинчу стигалара охьадоьлху кIайн ло а Iарждаллал Iаьржачу цу дийнахь ма шийла вота йиттина-кх вайн нанойн дегнашкахь…

– Казахстане дIадоьлхучу новкъахь цхьадолу бераш делла, тхо кхоъ дисинера тхан, – дуьйцу Асмарта. Цигахь оьрсаша а, казахаша а чIогIа гIо дина тхан дена. Иза бригадир хIоттор, нана пекарне балха яхийтар бахьанехь, мацалло гIел ца деш, чекхдевлла. ЦIелетта, яга а йира со цигахь. Сол кхо шо воккха ваша ГIариббий, сой пешан хьалха ловзуш Iаш, сан куча цIе йоьжна. И йогуш генаяла йоьлча, ГIариб, мохь хьоькхуш, суна тIеветталуш хилла. Гуьйренан ялта чудерзош арахь бохкучу хаачарна, цкъа хьалха эса ду моьттуш хилла мохь хьоькхург. Эса цахиларх кхетта, чулилхича, цу хенахь сан месех хьалалеташ хилла цIе. Дилха дIадаьлла, даьIахкаш гуш, яларний-йисарний юккъехь Iиллина со. Делан къинхетамца, балкараша говран мерзех молханаш деш чевнаш ерзийнера…

…Асмартан дейтталгIа шо долуш ДегIаста цIабоьрзу кхеран доьзал – дай, шина зудчо дина шийтта беррий: ялх ваший, ялх йиший.

Шаьш муьлхачо дина а ца хууш, ца къестош, бертахь, гIиллакхе хьалакхуьу доьзал. Шайл тIаьхьа цIа мел богIучарна хIусам латтош чекхволу кхеран да.

Кхолламо шен йоза яздо-кх. БерхIитталгIа шо долуш Ахмаев Насруддига маре йоьду йоI.

– Пхийтта шо кхаьччахьана дуьйна болх беш хиллера иза Хьалха-МартантIерачу типографехь, – дагалоьцу Асмарта. – Вовшахкхеттачул тIаьхьа цхьаьна белхаш бира оха типографехь – 25 шарахь асий, 35 шарахь цой.

– Лелозий, тIехIоттазий-м хIун дисинера, – кхидIа а дуьйцу Асмарта шен кхолламан галморзахаллех лаьцна. – МартантIера базара воьду тIай кагделла чу а йоьжна со. Соьца хилларш леш, тIера коч чIогIачу кIаденах хилар бахьана долуш (Делан къинхетам чIогIа хиларна!), и этIа-аш, кхозаелла, акказин юьхках тасаелла йисира, коьртана сотрясени бен ца хуьлуш. Цул тIаьхьа, итт литр кислота чохь долу банка схьаэца божалан тхов тIе яьллачохь, и тхов каг а белла, бежанашна юккъе чуеана. Делан къинхетамца, уьнан коржам тIехь йиснера банка, йоьхна, суна тIе ца Iенаш.

Амма, амма… Цу тIехь а ца хеда и сингаттамийн мог1а.

50 шарера а валале, уггаре а дуьне деззачохь, цIеххьана лазар а кхетий, дуьнен чуьра дIакхелха кхуьнан хIусамда Насрудди.  Наборщикна тIера директоран дарже кхаьчнера Насрудди, зорбанан г1уллакхан ерриге а говзаллаш караерзош. Хаза куц-кеп долуш, шен меттиган вуьззина да а, чIогIа самукъане а, яхь йолуш а стаг вара иза… Кху дахаре болчу безамца лепара цуьнан ши бIаьрг…

ХIуъа дийцича а, юхалург делла-кх вайга хIара дуьне.

ВорхIе а стигал тIекхетий, шийлачу хIусамехь, йоьхначу ойланца юьсу Асмарт шен доьзалца – исс шен, иттолгIа – кхелхинчу марйишин йисина йоI. Бераллехь Казахстанехь дегIах летта цIе хIинца дагах лета зудчунна…

Шен бовхачу тIоман кIелахь, шена там ца лоьхуш, шен са а, дегI а ца кхоош, Делан гIоьнца кхиабо Асмарта шен доьзал. ХIинца-м уьш баккхий нах бу, шайн бераш, берийн бераш долуш.

– Дала къинхетам беш схьаялийна со гуттар а, – дуьйцу Асмарта. – Беркате рицкъ а делла.

Хьаша-да лоруш, деэшначунна, ца кхоош, и рицкъ декъна Асмарта гуттар а.

СемаIашкара 20 мухIажар лелийра цо хьалхара тIом болчу хенахь. КамАЗ йоьттина, меттиг хир барий аьлла, не1ар тIе уьш хIиттича, Делан воззаллора хир бу-кх, суо араяьлла а-м аьлла, тIеийцира Асмарта, бухахь Олхазар-КIотарара а, Дуби-Эвлара а тIамах бевдда баьхкина нах боллушехь. Дохко а ца яьлла, – боху Асмарта.

Да-нана, масийтта ваша, йиша. Дуккха а вонаш ган язделла хилла Асмартана. Лакхахь цо ша ма-аллара, лелозий, газий дукха хIума ца дисина.

Дуьне ду-кх хIара, дависарг, дуьне… Адам зуьйш, халонаш тIе а хIиттайо Цу Дала, адам зуьйш, дуьненан хIума а ло Цуо. ХIуъа тIехIоттарх, Далла хастам беш, Делан диканах дог ца дуьллуш еха Асмарт, доьналлица, собарца, шен боккхачу доьзална, жимчохь санна, тIе тIам биллина…

ДегаIийжамца лов цо хIора 23-гIа февраль…

Овхадова Яхита

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: