НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧУЬНГА КАДЫРОВ РАМЗАНЕ

Хьомсара Ахьмадан Рамзан!

   Ерригроссин экологически «Меридиан надежды» кинофестивалан вовшахтохараллин комитето баркалла боху хьуна хьалхарчу шерашкахь иза дIаяхьарехь гIолацарна а, регионан кинематографисташа конкурсан гайтаршкахь дакъалацарна а. Цара гайтира шайн лаккхара кхоллараллин таронаш, гуонахара Iалам лардарехь шаьш доккха хьашт долуш хилар.

   Россин Федерацехь Россин кинон шо хилар дIакхайкхийначу шарахь Россин кинематографистийн Союзан Санкт-Петербурскерчу организацис а, Iаламах пайдаэцаран декъехь терго латторан Федеральни службо а дIадолийна кегийрхой оьздангаллин-экологически кхетош-кхиорна а, гуонахара Iалам лардарехь граждански юкъараллин маьIна жигарадаккхарна а лерина йолу Ерригроссин VI-гIа «Меридиан надежды» кинофестивалана кечамбар а, иза дIаяхьар а.

   Оха доьху хьоьга кинофестивалан хаамийн декъехь гIолацар а, ткъа иштта кинофестивалехь дакъалоцуш болчу кинематографистийн, тележурналистийн гIолацар а. Кинофестиваль дIахьур ю 2016-чу шеран 18-чу апрелера 22-гIа апрель кхаччалц Санкт-Петербургехь а, 5-чу июнехь – Москвахь а.

   Ахь гIо даро таро хуьлуьйтур ю Ерригроссин кинофестиваль кхиамца дIаяхьа.

    Ларамца Ерригроссин экологически «Меридиан надежды» кинофестивалан дирекци

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: