Иракан Iедалан эскарша хIокху деношкахь хIаллаквина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн цхьа тхьамда.
***
Иракерчу Масула гIалина уллехь йолчу шайн цхьана тIеман базехь «Иблисан пачхьалкхерчу» террористаша 80 маьршачу стагана тоьпаш йиттина.
***
Россин хIаваан-космосан тIеман ницкъаша дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» тIеман лагершна, мехкадаьтта доккхучу меттигашна бомбанаш-ракеташ еттар.
***
Мисаран Iедалан эскаран бIаьхоша Синай ахгIайренан къилбаседехь пхиъ экстремист хIаллаквина.
***
Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигин кхеташонехь дийцаре дира СаIудийн Аравин а, Иранан а юкъаметтигаш маслаIате ярна лерина гIуллакхаш. Ерриге а пачхьалкхаша Иран бехке лерира Iаьрбийн мехкийн гIуллакхашна юкъагIертарна.
***
Евросоюзан куьйгалло хаам бина Ливера хьал синтеман некъа тIе даккхарна ша 100 миллион евро къасто кийча хилар.
***
Къилбаседа Корейхь юха а дIадаьхьна водородни бомба зер. Оцу пачхьалкхан куьйгалхочо Ким Чен Ыра дIахьедина и зер США-х лардалархьама дина хилар.
***
Масех де хьалха схьалаьцна шо хьалха набахтера ведда хилла Мексикера наркобарон Х.Гусман. Iамаркан журналистана интервью ялар бахьанехь гучуваьлла иза.
***
Францин Президент Франсуа Олланд хIокху деношкахь Парижехь долчу рузбанан маьждигехь хилира. Цо къамел дира маьждиган имамаца а, маьждиге баьхкинчу бусалбанашца а.
***
Великобританин премьер-министра Д.Кэмерона дIахьедина: «Нагахь Евросоюза юккъера дIаялахь, иза Великобританин нийса гIулч хир яц».
***
Эрмалойчохь «свиной» гриппан ун даьржина. Иза кхеттачарах ялх стаг хIинцале кхелхина. Могашалла Iалашъяран министерствос шен ницкъ кхочург до цомгаш хиллачарна дарбанаш дарехь.
***
Украинин премьер-министра дIахьедина шаьш Россигара газ эзар кубометрах 212 доллар луш эца дагахь цахилар а, хIокху Iаьнна тоъал шайн газ хилар а.
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2016 шо