Дерриге а дуьненахь а цIе йоккхуш, нехан ларам болуш, Нохчийчоьнан дозанал арахьа нисвеллачу муьлххачу нохчичуьнга «Ирс яI шун! Тхан а велара иштта куьйгалхо!» а олуш, гIараваьлла стаг ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Иштта цIе яккхар бух боцуш хуьлийла дац. Иза Кадыров Рамзана шен къинхьегамца, гIуллакхашца яккхийтина цIе ю. Ткъа и гIуллакхаш вайна денна гуш ду. Кхин хIумма а ца хилча, говза куьйгалла деш, цхьа а тIеман лар ца юьтуш, меттахIоттийна вайн республика а тоьар ю.
Бакъду, дикачу гIуллакхашца адам гIарадалар ца лалуш болу питанчаш, ямартхой боцуш а ца нисло. Иштта цхьа питанча велира вайн куьйгалхочух «шена хетарг» ала а… Красноярскан Горсоветан депутат Сенченко Константин. Ван-м мукъане а мила ву иза?! Цкъа а хезнерий цхьанна а цуьнан цIе йоккхуш, Даймехкан я халкъан дуьхьа цо цхьа дика гIуллакх дина олуш? Хезна-м дацара…
ГIаравала луучун, цIархазмана хIуманаш лелочун цкъа а гIуллакх ца хуьлу. Ишттаниг вуочу агIор бен гIара а ца валало. Кхин гIуллакх Сенченкон а ца хилира… Красноярскан пачхьалкхан университетехь физикан а, юристан а говзаллаш караерзийна волчу бизнесменна шегахь чIогIа Iилма ду аьлла хеташ хилла, Кадыров Рамзанна «ас лаккхара кхо дешар дешна, ас вуно ч1ог1а къахьегна и дипломаш даха г1ерташ, суна эхь хета вайн махкахь хьо санна болу академикаш бу ала» яздан «хьекъал» кхаьчнехь. (Иштта яздина питанчас шен «фейсбукан» аг1он т1ехь). Ша иштта чIогIа Iилма Iамийна, къахьегна хилча, махлелоран декъехь бизнесмен а хилла, шен махкана даккхий гIуллакхаш ца деш, вуон-м Iийна хIара. Кхин доьналла дацара кхуьнан?! Питанчехь-м хуьлуш а дац иза… Цхьана соьмана а нахана гIо дина варий хIара, денна а мискачу нахана гIо деш волчу Рамзанна «белхахошкара ахчанаш дIа а дохуш, хьайна хIусамаш йо» бохуш, харцо йийца?! Дукха буй-те Сенченко Константинан (цо шайгара Москвас схьа а гулдеш, Нохчийчоьнна духку бохучу) ахчанах вайн республикехь баха хевшинарш?
Ша ма-баххара, шена Росси дукхаезаш хилча, цуьнан дуьхьа къахьега лууш хилча, хIара хьан ца вуьту?! Ша баккъал а Россин хиндолчунна сагатдеш а хилча, патриот а хилча, Р.Кадыровх масал оьцучохь вара К.Сенченко. Цунна а, иза санна болчарна а масал эца дуккха а хIума-м дара Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнгахь. Бакъду, ойла ян корта болчунний бен ца хаьа хьакъдолчух масал эца… Ткъа корта боцург, шен кхин дан хIума цахиларна, питанаш, эладитанаш лелош, нахана бале вуьйлу.
А.СУЛИМАНОВА
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо