Къора а, хазар ледара долуш а, бIаьрса доцуш а адамаш ду вайна юкъахь дехаш. И саннарш гича дог Iаьвжа, царах къахета. БIаьрса, лерса ца хилча, дуьненан марзо а евзар яцар-кх олий хета вайна, ойла ян девлча. Делахь а, цкъа а дуьне шайна гина доццушехь, цунах марзо а оьцуш бехаш бу уьш. И тайпа адамаш гича, ойла йо-кх: «Ма доьналла долуш бу уьш», олий.
Ишттачарех цхьаъ ю Соьлжа-ГIалин Ленински районера яхархо Абубакарова Амина. Нохчийн Гурцкая Диана аьлча евза иза.
Доьзалехь цхьаъ бен яц Амина. Иза дуьнен чу яьлла АбубакаровгIеран Рамзанан а, Бирлантан а доьзалехь 1992-чу шеран 24-чу апрелехь Хьалха-МартантIехь. Дуьнен чу яьлчахьана дуьйна бIаьрса дац цуьнан. Иза хиъначу йоьIан нанас дуккха а къахьийгира цунна дарба хиларе сатуьйсуш. Дика цIе йоккхучу больницашка йигира йоI, амма дерриге а эрна хилира… 1994-чу шарахь вайн республикехь тIом болабелча церан доьзал Белоруссерчу Брест гIала дIабахара. Циггахь яхара Амина БIаьрса доцчу а, бIаьрса ледара долчу а берашна леринчу школе деша. Цуьнан бералла а цигахь дIаяхана.
«Дахарехь дерриге а вайна ма-хетта ца хуьлу. Дерриге а Делера ду. ВорхI шо кхаччалц ша бIаьрса доцуш юй хиъна дац Аминина, цунна дерриге а адам иштта ду моьттура» — бохура йоьIан нанас Бирланта.
Аминас тхоьца хиллачу къамелехь дийцира:
«Школехь дика доьшуш яра со. Къаьсттина оьрсийн меттан а, литературин а предметаш хазахетара суна. ХIетахь цигахь хиллачу музыкальни школе деша яхара со. Цу хенахь дуьйна школехь дIахьочу культурин цхьаьнакхетаршкахь а, фестивалашкахь а, конкурсашкахь а дакъалаца йолаелира. Йиш локхуш чIогIа хазахетара суна. Сайн дешнаш тIехь яьккхина йиш а лекхна цхьана конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира ас. Суна хIетахь иза боккха толам хетара».
2004-чу шарахь Нохчийчу цIабирзира церан доьзал. 2006-чу шарахь цуьнан цхьана бIаьргана операци йира. Иза чIогIа хала лайра Аминас. Кхетамчохь а йоцуш хан яьккхира цо. Метта еанчул тIаьхьа 5 шо гергга хан меттахь яьккхира йоIа. Иза Аминин а, цуьнан ненан Бирлантан а дахарехь уггаре а чолхе мур бара. Делахь а, цхьа а вуон ца догIу шена тIаьхьа диканиг ца дохьуш. Иштта, Делан къинхетамца, меттара хьалагIатта хьуьнар кхечира цуьнан (2010-чу шарахь). Шена гIоле хиллачул тIаьхьа, музыкица долу гергарло чIагIдан лиира йоIана. Музыке болчу безамо хаздина ала мегар ду цуьнан дахар. Фестивалашкахь а, конкурсашкахь а дакъалацийта юьгу нанас йоI. Дукха хан йоццуш, «Колизей» спорткомплексехь Россерчу артисташа дакъа а лоцуш хиллачу концертехь, бевзаш болчу артисташца цхьаьна йиш лекхира цо. Иза Аминин кхиам бу. Эшаршка ладоьгIуш, ша эшарш локхуш йоккху цо шен мукъа хан. Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада музыкин урокаш ло цунна. Вевзаш волчу артиста шена хьоьхуш хиларх дозалла до цо. Вай тешна ду, хан-зама яьлча, Аминин цIе вайн махкахь евзина а ца Iаш, дозанал арахьа а евзарг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: юккъехь ерг Абубакарова Амина
№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо