«Хиндолу хьоза бенахь декна» олуш кица ду нохчийн. Иштта, жимчохь дуьйна а къаьсташ хуьлу хьекъале, шен Iалашонашка кхочурволу а доьзалхо. Жима велахь а шатайпа амал, хIуманна духе кхиар гуш хуьлу цуьнан. Ишттачарах цхьаъ ю Ельмурзаева Лариса. Иза дуьнен чу яьлла 1993-чу шеран 10-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь. 1999-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу лицей деша йоьду иза. Амма вайн республикехь тIеман хала хенаш хилар бахьана долуш йоьIан дешар юкъахдолу. ЛарисагIеран доьзал ханна Тюмене дIакхелха. Цигахь Тюменан пачхьалкхан университетехь йолчу академически гимнази деша йоьду иза. Гимназехь оьрсийн мотт, литература, истори, хими, физика предметашкахула йолчу олимпиадашкахь хьалхара меттигаш йоху, иштта Iилманан статьяш зорбане йоху.
Ларисин дика дешар тидамза ца дуьсу. Дешарехь лаккхара кхиамаш бахарна, Тюменан пачхьалкхан университетан ректоран стипендиат хуьлу цунах. Иштта, вай лакхахь хьахийначу гимназин физико-математикин класс дашо мидал а йоккхуш чекхъйоккху йоIа. 11-чу классехь оьрсийн мотт, литература, хими предметашкахула йолчу олимпиадехь толамаш баьхначул тIаьхьа, Тюменан пачхьалкхан маьхкадаьттан газан университетан ректора университете деша кхойкху Лариса. Оццу университетан кибернетически факультет цIечу дипломца чекхйоккху цо. Карарчу хенахь И.М.Губкинан цIарахчу мехкадаьттан газан Россин пачхьалкхан университетан магистратурин 1-чу курсехь доьшуш ю иза.
БАЙБАТЫРОВА Милана
Суьрта тIехь: Ельмурзаева Лариса
№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо