«Тхан дозалла ду хьо, Дада»

12-чу январехь Нохчийн Республикин кегирхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь «Тхан дозалла ду хьо, Дада» аьлла литературин конкурс хилира. Иза вовшахтоьхнера зудаберийн «Ийман» организацин куьйгалло, ткъа оцу проектан автор оццу организацин декъашхо, Соьлжа-ГIалин медицинин колледжан студентка Аюбова Мата яра.IMG-20160113-WA0002

   Конкурсехь 15 дакъалацархо вара. Дена лерина байташ ешар дара конкурсанташкара лоьхург. Байтийн чулацам, кеп, артистизм, иштта кхиболу лехамаш бара тидаме эцна. Конкурсантийн белхашка ладугIуш, хьесап даран жюри яра мах хадош. Жюри юккъехь бара Нохчийн Республикин халкъан яздархо Сейлмуханов Муса, Нохчийн Республикин яздархойн союзан декъашхо Альтемиров Iаьрби, «Исламан зIаьнарш» газетан коьртачу редакторан заместитель Петирова ПетIамат, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон доьзалан политикин, берийн социальни Iалашдаран отделан хьаькам Насугаева Iайшат.

Конкурс дIахьош, хьалхара дош элира Аюбова Матассий, Оздиев Iисассий.

Садулаева Ларисас «Дада» йиш лекхира. Шаьш яьхна дена лерина байташ, дийцарш дуьйцура конкурсанташа. Кхеташ дара царах хIораммо ша язйина байт даггара, дех болчу безамца, марзонца язйина хилар. Конкурс дIайоьдучу юкъанна тхан аьтто хилира оцу проектан авторе Аюбова Мате хаттарш дан.

Цо дийцира: «Со дукха жима йолуш чуьра дIавигна, хилларг хIун ду ца хууш да вайна йоI ю со. Со саннарш дуккха а буй хаьа суна. Конкурсехь дакъалаца чуелла шортта заявкаш хилар а хазахеттера тхуна».

Дакъалацархошна юкъахь уггаре а йоккхахъерг Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бергоева Айзан яра. Цо шайн дех лаьцна дагалецам язбинера. Дукхахболчу дакъалацархоша кхиэле ехкинарш байташ яра.

Жюрис жамIаш дечу хенахь нашидаш элира берийн «Ихьсан» тобано. Хьалхара меттиг Даудов Гиланис, шолгIа меттиг Бергоева Айзана, кхоалгIа меттиг Батаева Хьавас яьккхира. Царна совгIаташ, дипломаш делира. Ткъа иштта конкурсан берриге а дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ а, Альтемиров Iаьрбин «Даг чохь ю бIаьсте» книгаш а елира.

Конкурс вовшахтухуш гIо диначарна а, конкурсанташна а баркалла олуш йистхилира «Ийман» организацин куьйгалхо Мужедова Ийман а, министерствон отделан хьаькам Насугаева Iайшат а. И тайпа конкурсаш хIора шарахь ян дагахь бу иза вовшахтоьхнарш.

З.ШАЛИЕВА

Авторан сурт

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: