Чекхдели Россехь «Литературин шо» аьлла дIакхайкхийна 2015-гIа шо. Амма вайн паргIат довлийла яц иза чекхдаьллера аьлла. 2016-гIа шо Россин «Кинон-шо» аьлла дIакхайкхийна. Цуьнца доьзна хIинцале а вайн пачхьалкхан цхьайолчу регионашкахь кечамаш дIаболийна. Масала, Санкт-Петербургерчу Кинематографистийн союзо Россин Iалам лардаран службашца цхьаьна дIахьош кечамаш бу «Дегайовхонан меридиан» цIе йолу кинофестиваль дIаяхьа. Кинофестивалан Iалашо ю зуламхоша къинхетамза хIаллакдечу Iаламна, дийнатийн дуьненна тидам тIебахийтар. Кинофестиваль дIахьур ю Санкт-Петербургехь 2016-чу шеран 18–22-чу апрелехь, иштта Москвахь а хир ю иза 2016-чу шеран 5-чу июнехь. Фестивалехь гойтур ю Iалам а, дийнаташ а лардарх йолу бакъдолчунна тIера схьаэцна фильмаш. Сирлачу сатийсамашца кечамаш беш бу кинофестиваль вовшахтохархой. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиоран мехала форум хилла дIахIуттург хилар тешарца кечамаш беш бу уьш «Дегайовхонан меридиан» цIе йолчу кинофестивалана. Шайн дагахь, Россин Iаламна, дийнаташна къинхетаме орца кхио ойла ю Санкт-Петербургерчу кинематографистийн.
А.ДАЧАЕВА
№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо