Спортан керланаш

Вовшахтоьхна суьдхойн тоба

 ХIокху шеран 9–10-чуй январехь немцойн Нойссе гIалахь дIаяьхьира ламасте йирзина йолу спортан суьдхойн семинар. Цигахь суьдхойн аьтто хуьлу спортан къийсамийн бакъенаш йовза, вовшашна зеделлачух пайдаэца, муьлхачу турнирашкахь шаьш суьдхой хир ду хаа. Семинаран чаккхенехь, суьдхойн хаарш толлуш, тесташ йо.

     Бельгера дуьненаюкъарчу тIегIанан суьдхо Гамбулатов Iийса а вара семинарехь дакъалоцуш. Иза кхиамца чекхвелира дерриге а зерех. I.Гамбулатовн дехарца семинаран куьйгалхочо Хорст Фаллера вовшахтуьйхира СайтиевгIеран Бувайсаран а, Адаман а сийнна йолчу дуьненаюкъарчу 11-чу турниран суьдхойн тоба. Иза дIахьур ю карарчу шеран 23-чу апрелехь Бельгерчу Кельми гIалахь.

Билгалдаккха деза Б.Сайтиевс шен турнирехь нийсонца кхиэл йойтуш хилар. Вевзаш волчу спортсменан лаамаш тидаме а эцна, Iийсас къахьийгира суьдхойн тобанна юккъе уггаре а дика суьдхой бахийта гIерташ.

 

Нохчийн кIентан толам

 Дуьненаюкъарчу дуккха а турнирийн толамхо, паргIатчу кепара охьатохархлатархо Касумов Исраил немцойн Испринген клубан декъашхо ву. Германехь дIаяьхьначу паргIатчу кепара охьатохархлатаран чемпионатехь И.Касумовн хьуьнар бахьана долуш полуфинале елира Испринген команда. Германерчу бевзаш болчу чемпионашца шен хиллачу дерриге а тасадаларшкахь толамаш бехира цо.

 

Л.ДАУТОВА

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: