Кишин Кунта-Хьаьжин хьехамаш

12. Шайца герз ма леладе. Цунна гена латталаш. Герзо къизалла дагайоуьйту шуна, тIарикъата тIера дIахьовзадо. Герзан ницкъ хIумма а йоцург ю-кх тIарикъатца нийса воьдучу стеган сица дуьстича. Муьлхха а герз – оьшучу сохьтехь АллахI орцах кхочург хиларх цатешаран билгало ю. Цул сов, Иблис ду даима шун куьг шаьлтанан мукъа тIе я тоьпа тIе ийзош. Шу Иблисан лааме доьрзуш, цо хIаллакдеш ду.102758464_P5034930002

13. Къинхетам безаш хилалаш. Мел хала хиларх а балхах ма кхералаш. Шен къинхьегамца вехаш воцург кхечеран къинхьегамах вехаш ву шуна. Иза къилахь ду. Иза къола дар санна ду шуна. Баьпган хIора цуьрган хама бан, боккха лерам бан Iамалаш. ХIунда аьлча, оцу цуьрго олхазар а, зингат а дузо ма тарло. ТIаккха Везаволчу АллахIа кхоьллина са кIелхьардоккху ахь. И воцчун кхин цхьаннан а ницкъ кхочур бацара-кх са чохь долу уггаре жима хIума кхолла. Сийлахьчу АллахIа кхоьллина дуьне дезалаш, иза шайн ницкъ ма-кхоччу хазделаш, ларделаш.

14. Совнаха долчух юхадовлалаш. ХIунда аьлча, совнах долчун доза дац шуна, оьшуш долчун делахь а. Кхечеран доцург дезар эхье а, къилахь а ду шуна. Духаршца, бахамца я хIусамашца кхечарал тоьлла, къегина хила гIертар эхье а, къилахь а ду шуна. Дуккха а даьхни а долуш мецачарна дакъа ца дар эхье а, къилахь а ду шуна. ХIора денна духарш а хуьйцуш, куралла еш эттIа бедарш йолчарна юххех тIехвийлар эхье а, къилахь а ду шуна. Когаш Iуьйра лаьттачунна уллохь еза, хаза мачаш юьйхина латтар эхье а, къилахь а ду шуна. Лекха беза куй тиллина кхечарах къаста гIертар эхье а, къилахь а ду шуна. Дукха яаро, дукха набъяро, совнахчу духарша,   хIусамаша вай герга ца даладо, ткъа гена доху Лекхаволчу АллахIана. ХIора  бусалба стаг хазво эхь-бехко а, хIуманан барам хааро а. Эхь-бехк а, хIуманан барам хаар а – тIарикъатан ринжа схьадоьллу догIанаш ду.

15. Дуьненан сий-ларамашка кхача ма гIерталаш. Уьш бIалгIанаш бен яц шуна. Даккхий а делаш, дозалла а делаш шаьш-шайга нийсса болчарах терра хиларх. Нагахь санна, шайна царначул дукха хила лаар я церан йолчул алсам хIума шайн хила лаар гучудалахь иза царна дIаяла сихлолаш. ХIунда аьлча, аш дIа ца елларг яйна ю. Ткъа аш дIаелларг Къемата дийнахь теш хилла хIуттур ю.

16. Массо хенахь, массо меттехь, шаьш хIуъа деш хиларх АллахI хьехавелаш, дагахь латтавелаш. Массо а хIума АллахIан дуьхьа а, АллахIан цIарца а делаш. И ду шуна стеган (адаман) коьрта декхар. Майрра а, юха ца довлуш а дIагIолаш тIарикъатца, оцо шеко йоцуш хьакъикъатна тIедалор ду шу, Лекхаволчунна герга дийр ду шу. ХIунда аьлча, Лекхаволу АллахI воцург дерриге а гIан ду, бIалгIа ю, мІаьрго ю, адам зуьйш долу. Иза Лекхаволчунна герга веана я дийнатан тIегIанехь висина гойту оцу зераша.

17. ОьгIаз ма эхалаш. ОьгIазло цхьана ламазера вукха ламазна тIекхаччалц ма латтаелаш. Шайна вас йинчунна къинтIера довлалаш. ТIаккха цунна а эхь хетар ду шуна. Нагахь санна, цунна эхь ца хетахь а Лекхаволчо ахь сатохарна, собар дарна ял лур ю, хьо къинойх цIанвийр ву. Хьакъ а доцуш хьайна динчу халахетарна, кхоьллинчу эладитана я харцонна ахь Лекхаволчу АллахIан дуьхьа собарца сатоьхнехь сийлаллехь лакхавоккхур ву хьо. АллахIан дуьхьа дина цхьа а хIума лар йоцуш довш дац. Уьш дерриге дика стоьмаш ду. ТIарикъатехь долчу адаман ницкъ алсамбоккху цара.

18. Вайн кху дуьненан закон – ШариIат (шарI) ду. ШарI – тIарикъат – хьакъикъат – уьш ду-кх бакъволчу суфина некъ хьоьху седарчий. Цара некъах туьлуьйтур вац, галбевллачеран, шеконаш йолчеран некъа тIе дIавоьрзуьйтур вац. Иза зийна некъ бу. Цу некъа тIехь шун са а, ойла а чIагIйийр ю зуькар даро, кест-кеста АллахI хьехоро, диканиг дарехь, Iилма Iаморехь сутара хиларо, вошалла хиларо. Дешар, Iилма Iамор, дуьненан хиламийн законаш Iамор тIехь ду шарI, тIарикъат, хьакъикъат хаьржинчарна.

19. Вайн Iадаташ а, гIиллакхаш а кхолладелла, чIагIлуш, шарлуш схьадогIу эзарнаш шераш ду. Цундела хир ду-кх уьш ислам динна оццул герга хилар, цуьнца догIуш хилар. Вай уьш чIогIа сийдеш лардан деза, уьш цхьаьнгга а сийсаздайта а ца деза, хIуъа хилла латтахь а. Зуда еза ларар, баккхийчеран сий-ларам бар, хьешаца къаьсттина юкъаметтиг лелор, белхи барца вовшашна гIо дар, диканехь а, вуонехь а цхьаьна хилар, дика-вуонехь вовшийн гIо лацар – оцу дикачу амалша цхьаьнатуху вай, вайн барт бо, сий лардо.

20. Iедалца къийса ма ло. Цуьнан метта дIахIитта ма гIерта. Муьлхха а Iедал Лекхаволчуьнгара ду. АллахIана дика хаьа муьлха Iедал мичахь а, муьлхачу Iалашонца а хIотто деза. Iедалера Лекхаволчо къаьсттинчу лехамца жоп доьхур ду. Iедалан бу аьлла хетачу сий-ларамах Iеха ма лолаш. Шун тIарикъат цул дуккха а лекха ду шуна. ХIунда аьлча, (лаьтта тIехь) кху дуьненахь долу Iедалш, коьртачу декъана, дуьненан гIуллакхаш кхочушдан хIиттийна ду. Ткъа дуьненан ниIматех тоам хилла стаг а вац. Кху дуьненан дахар дуьра хи санна хIума ю: ахь дукха мел мийли а хьогалла алсамйолу. Шайн синошна синтем тIарикъатехь лахалаш. Далла тIе ойла яхийтина долу са – иза даиманна а долу воккхавер, ирс ду.

21. Кху дуьненан дахар доца ду, цо Iехаво. Устаза шен мурд тIарикъатан тачанна тIехула цкъа а кхачалур доцчу, бакъдолчу дуьнене кхаччалц дIавуьгу. Дешин гIорза а, лаьттан гIорза а цхьа мах болуш ю шуна. Кху дуьненахь эшам хиларх шайн дегнаш ма дохаделаш, бIалгIа санна бен боцчу бахамах даккхий а ма делаш. Ахь ларбан безаш болу бахам беккъа цхьаъ бу-кх – Лекхаволчу АллахIана тIебоьду нийса некъ, Иза реза волу некъ хаьржинчу адамийн синош.

22. Шайн дегнаш цIанделаш. Царна чу парггIат Пайхамар а, устаз а, цаьргахула Лекхаволу АллахI а ваийта. Iилма хааро а, дешна хиларо а кIезиг хIума лур ду дегнаш цIандина дацахь, Кхоьллинчуьнга болчу безамах догуш дацахь.

23. Нагахь санна, мурд, АллахIана, Пайхамарна, устазана ша мел герга ву хаа лууш велахь цо шен даге ладугIийла. Нагахь санна, цуьнан ойланаш хьаькам хила лааро дIалецна елахь, нагахь санна мурд Iедале кхача гIерташ велахь, дIахоийла цунна ша АллахIана, Пайхамарна, устазана гена вуйла. Нагахь санна дог лозуш делахь, (нахе) адамашка болчу къинхетамах дуьзна делахь, мурдан даг чохь цабезам, хьагI яцахь, дIахоийла цунна, ша АллахIана, Пайхамарна, устазана герга вуйла.

24. Шен даг чуьра оьгIазло дIаяьккхинарг, шен зулам динчунна къинтIера ваьлларг, АллахI хьехош вехаш верг – иза ву-кх тIарикъата чохь.

25. Чалба хастамна а, цIар-хазманна а ма лелайойла аш, Лекхаволчуьнга а, ислам дине а болчу безаман дуьхьа лелайойла. Коьртах чалба хьарчо сих ма лолаш. Цкъа хьалха дагах хьарчаелаш иза. Сийлахь (веза) стаг шен сийлаллех эхь хеташ хуьлу шуна. Цхьана а чоьта боцучара шайна тIе барзакъаш духу, мажош яхйолуьйту, шаьш доцурш ду моттийта гIерташ. Уьш юьхь-юьхьана берш, шалхо лелораш бу, Къуръана чохь уггаре доккхачу къила эгнарш бу аьлла хьахийна а бу.

26. Аьшпаш боттар къилахь ду. Къилахь ду аьшпашка ладегIар а. Аьшпаш хьовха, Лекхаволчунна товр ду аьлла шеко йолу хIуманаш а мегар дац къобалдан. ТIарикъат чохь волчу бусалбанан, мурдан ша юьхьарлаьцначу безачу некъан мехаллех кхеташ даг чохь йогуш бакъ долчун, нийсонан, къинхетаман, кхечунах дог лазаран, доьналлин, стогаллин серло хила еза.

27. Баккъал а ирсе а, хьалдолуш а ву-кх кху дуьненахь кIеззиг долчух а тоам беш верг, амма суьпаллехь кхачам хуьлуш вацург. Шаьш Iамочу, шена хиънарг довзуьйтучу устазана уллохь хилалаш. ТIаккха, халчу минотехь, устаз даима а шуьца хир ву шуна. Мурдаш тIарикъата чохь дIабахийта царний, Лекхаволчунний юкъара ву иза.

28. Мурдо лара веза шел воккханиг. ХIунда аьлча, цунна дуккха а хIума гина, цо дуккха а хIума лайна, цунна дуккха а хIума хаьа. Мурдо лара веза шел жиманиг. ХIунда аьлча, иза хIинца а дукха къинош лато ца кхиъна хила а тарло. Мурдо массо стаг лара веза, мурд массаьрца гIиллакхе, кIеда-мерза хила веза. ХIунда аьлча, тIаккхий бен цуьнан са паргIат хир дац, тIаккхий бен тIарикъат чохь саца аьтто хир бац.

29. Адамаш элашкий, лайшкий, тIебаьхкинчаьргий, бухарчаьргий ма декъалаш. ХIунда аьлча, Къуръана чохь аьлла ду-кх берриге бусалбанаш цхьабосса бу. Бусалбанаш дикачаьргий, вочаьргий ца бекъна-кх Мухьаммад Пайхамара, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Берриге бусалбанаш вежарий бу. Къобалбелаш берриге устазаш а, исламах долу Iилманаш а, вовшашца жахьталла а ца лелош, вовшийн хетачунна инкарло а ца еш. ЦIеначунна тIедоьлхуш дуккха а некъаш ду. Коьртачунна тIехь уьш галморзахдовлуш ца хилчахьана хIумма а дац. ТIарикъат чохь верг машар, маслаIат, бакъо, барт лоьхуш воьду.

30. ЦIеначу безамца дезалаш вайна уллохь а, гуонаха а долу даьхни, дийнаташ. Царна нийса а, шен-шен хенахь а Iуналла делаш. Аьттан, уьстагIан, говран, жIаьлин я цициган мотт ма бац вайга бийца, вайна шайн хьашт-дезарш довзийта. Вайна довза деза уьш, дагахь латто деза. Докъар далаза, хи малоза даьхни а дитина ламазна дIахIитта сих ма лолаш. Вайн синош цIена а, синтеме а хила деза ламазана АллахIана хьалха дIахIуьттучу хенахь.

31. Адамечул а лерина хьажа веза дохне. ХIунда аьлча, дохнна ша хIун леладо ма ца хаьа. Керта, хасбеша даьллачу бежанна етта мегар дац, неIалт ала мегар дац, къадеха мегар дац. Иза меллаша кех даккха деза. ХIунда аьлча, стеган ледарло бахьанехь ма даьлла иза керта, беша. Дохнехь Iазап латтор, иза хьийзор доккхачех къа ду. Къилахь ду бехк боцу олхазар, сагалмат, чохь са долу муьлхха а хIума ер. Адамашна зулам деш йоцу са долу массо а хIума мурдаша ларъян еза.

32. Ерриге а ораматаш а ю дийна,  са долуш. Хьуьна юккъе воьдуш диг дIалачкъо деза. Хьайна оьшуш долу дитт я сара бен ма хадабе. Хама бан беза массо дечиган, кондаран, некъан тачанан. Уьш дезаш хила веза, шайн дика доттагIий санна. Доккха къа ду стом луш долу дитт хадор, хи йистера, некъа йистера, довхачу дийнахь некъахочунна IиндагI луш долу дитт хадор. Мурдаша массо меттехь синтарш дийгIа деза, уьш Iалашдан деза, кхиъна довллалц.

33. Лекхаволчо кхоьллинчу массо хIуманал деза ду хи. ХIунда аьлча, Дала мел кхоьллина долу са чохь долу а, доцу а хIума АллахI хесточуьра сецча а, хи Иза хесточуьра соцуш дац аьлла ду Къуръан чохь. Доккха къа ду хи бехдар. Шовдан чохь а, охьадогIучу хи чохь а боьха хIуманаш йитта мегаш дац, шена тIера хатташ охьабохуш лийча мегаш дац. И дархьама хи схьа а эцна шовданна, Iинна гена вала веза. Хи чу нехаш кхийса мегар дац. ЧIогIа оьшуш дацахь хин татол дIасахьовзон мегар дац, цу чуьра са долу хIуманаш хIаллак а еш.

 

Р.МАГОМАДОВ

 №3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: