Арсанукаев Иналкъ

к5н45н

шен сица а, амалца а, гIиллакхашца а къонаха, эла хилла чекхваьлла

Суна дуьхьаларчу кIедачу гIантахь, гоьлтIе ког а баьккхина, дегI, букъ нисбина, оьзда хиъна Iа Солцаев Халид. Кхузткъе итт шарахь лайначу халонаший, баланаший, Iазапой хебаршка яхийтина цуьнан екъа юьхь. Халидан амалехь дац, дегIана паргIато луш дIатовжар а, совнаха дош алар а, доцург дийцар а. Кхетаман цацанах доккхуш олу хIора дош, наггахь «дуй» юкъа а далош.

Тахана со Халид волчу веана цуьнга шен цIийнан хьалхарчу стагах, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а вевзина ца Iаш, Гуьржийчохь а, кхечу мехкашкахь а цIе йоккхуш, вевзаш хиллачу Арсанукаев Иналкъах лаьцна дийцийта. Цунах дерг ас шега д1ахьахийча, дIаихначу денойн, шерийн дахкаро иэсехь къайладаьхна суьрташ карладохуш, корах арахьаьжча гучу лаьмнашка бIаьрг бетташ цхьана юкъана вист ца хуьлуш Iа Халид, соцунгIа суна гIеххьа яхъелча санна а хеташ. ТIаккха, яйн йовхарш а йина, къамел долийра цо:

– Дишнийн Эла ву бохуш лелла волу стаг Уца-Хьаьжин воI Иналкъ. Иза дуьнен чу ваьлла 1879-чу шарахь Дишнийн махкарчу Эзиха юьртахь. Дас деша Соьлжа-ГIала дIавелира бераллехь дуьйна а хааршка кхийдаш, дерриге а довза лууш волу Иналкъ. Цигахь дешначул тIаьхьа кIанта Санкт-Петербургера юридически академи чекхйоккху. Цул хьалха цхьана а нохчичо дешна ца хилла оцу академехь. Цигахь кхиамца доьшу цо. Цул тIаьхьа паччахьан гIаролехь болх бо. Иналкъа цигахь билггал маса шарахь болх бина хууш дац тхуна. Делахь а дукха-м ца бина цо иза.

Дешарна сутара волу нохчий кIант, Мисара бусалба дин Iамо, шен хаарш кIаргдан воьду. Цу хенахь дуьненахь а бевзаш болчу Iеламнахана юкъахь вархI шарахь доьшу. Юха Санкт-Петербурге схьавогIу. Дукха хан ялале иза Эрмалойчу вохуьйту паччахьан Iедало, цунах полицин хьаькаман дарж а тешадой. Шена тIедехкина декхарш хьанал кхочушдеш волу Арсанукаев Иналкъ цул т1аьхьа Хонкара вохуьйту, Россин посол вина. Кхаа шарахь цигахь болх бечу хенахь цо туркойн пашин йоI-Мессера ялайо. Цигара махка схьакхайкхинчул тIаьхьа Иналкъ Гуьржийн Полицин хьаькам (хIинцалерчу даржашца нисдеш аьлча Гуьржийчоьнан МВД-н министр хуьлу-кх иза) вохуьйту. Цуьнца хуьлу цуьнан ваша Исраиллий, девешин Доккин кIант (шича) ШоIиппий. Iуьйранна цуьнца балха дIа а воьдуш, суьйранна цуьнца цхьаьна цIа а вогIуш, и ларвеш хилла и шиъ. Цу шимма дийцина цхьа хIума дийца лаьа суна, Иналкъин амал гойту бакъдерг иза хиларна.

… Баттахь цкъа-шозза цIа вогIуш хилла хIара кхоъ, цIахь хIун хьал ду, гергарнаш, доьзалш муха Iаш бу хьажа. Цу хенахь ши зуда хилла Иналкъин. Царах цхьаъ ГIойтIарчу ИбрахIим-Хьаьжин йоI хилла, шолгIаниг вай  хьахийна Туркойн Пашин йоI хилла. Мукъа де-буьйса цIахь а доккхий дIавоьдуш хилла и кхоъ.

Балха а, балхара цIа а фаэтонахь лелаш хилла уьш. Гуьржийчохь иштта цара болх беш цхьа шо дIадаьллера. Цкъа цхьана дийнахь фаэтона тIехь балхара цIа богIуш, дуьхьал йогIучу фаэтонан корах корта арабаьккхина йогIуш, шел хазаниг кхин хир юй-те аьлла хеташ йоI хилла. Иналкъин цунах бIаьрг кхетта, кIайн чоанца, белшаш тIехь дашон пагонаш йолуш вогIучу кхунах йоьIан а бIаьрг кхетта. Вовшашка хьажаделла и шиъ, кийрара дог а тохалуш.

кнук

Шайн фаэтон ялош вогIучу гуьржийчуьнга Иналкъа хаьттина: «ХIинцца вайна дуьхьал кхеташ дIаяхана фаэтон хьенан яра? Цу тIехь хилла йоI мила яра? – аьлла. Гуьржичо жоп делла: «Фаэтон Эла Сумбатовн ю. Цу тIехь хилларг цуьнан йоI а, ваша а дара». ТIаккха, дагалаьцнарг сихха чекхдаккха Iемина, чIарх-аьлла волчу Иналкъа аьлла: «Ас дашон пхи сом делча, ас яздина кехат оцу йоIе дIалур дарий ахь?». Гуьржичо тIелаьцна цуьнан дехар кхочушдан. Цуьнан, кехат дIа а даьхьна, йоIе дIа а делла цо, йоIа яздина кехат шолгIачу Iуьйранна схьа а деана. Иштта, вовшашка кехаташ яздеш захало тасаделла цу шиннан. Бутт-батте болуш хан-зама дIайоьдуш хилла. Амма Иналкъ а, гуьржин элан йо1 а кхин вовшашна гина ца хилла. Шен рогIерчу кехатехь нохчичо яздира: «Со хьо ган а, хьуна суо гайта а лууш волу дикка хан ю. Вайшиъ кехаташ дIасакхоьхьуьйтуш Iийна а дер дац…» – аьлла. Кехата тIехь меттиг билгал а яьккхина, цхьаьнакхетта и шиъ. Кхунна иза а езаелла, цунна хIара а везавелла. Ялор-яхар юкъадаьлла. Т1аккха йоIа аьлла: «БIаьргаш боцуш велахь а, ког боцуш велахь а элан кIанте бен яха йиш йолуш яц со, я яхча сан наха могуьйтур а дац. ХIунда аьлча, эла воцчуьнга со йодахь сан да, вежарий олаллех бухур бу. Суна хьо веза а велла, со хьоьга ян лууш а ю. Делахь а хьуо эла хилар чIагIдеш Нохчийчуьрчу кхойтта юьртдас мухIар таIийна кехат ахь ца дахь сан хьоьга йогIийла-м дац».

«Дика ду. Ас дохьур ду хьуна и кехат. Тхайн дайшкахь дуьйна а элий ду олуш хилла ду тхо», – аьлла Иналкъас. Цул тIаьхьа сихха цIа а веана, Нохчийчуьрчу ткъе кхойтта юьртадега «Арсанукаев Иналкъ Эла ву» аьлла долчу кехата тIе мухIарш тохийтина дIавахана иза. Шега и кехат дIакхаьчначу буьйсанна гуьржийн элан йоI – Екатерина кхуьнга маре еана.

Гуьржийн эланна хиъна шен йоI нохчичуьнга маре еаний. Цунна цхьана а чоьта хеташ ца хилла нохчийчуьнгахь долу лаккхара дарж. Коьртаниг хилла иза эла ву-вац бохург къастор. Цо а, цуьнан кIенташа а цу тIехь сихо а йина. Шайна тIе эхь деана аьлла хеташ хилла уьш. ШолгIачу Iуьйранна са-бода къастале Иналкъ Iаш волчу кетIа сирачу динахь цхьа бере веана. НеI тоьхча араваьллачу кхуьнга кхин вист ца хуьлуш кехат схьа а кховдийна, дIавахана иза.

Кехат а дешна, велааьшна а хилла, иза дIатийна, охьа а кхоьссина, Иналкъ шен вешица а, шичица а цхьаьна балха дIавахана. Нускална гина неIаре гуьржи вогIуш а, цо Иналкъе кехат дIалуш а, цо, деша а дешна, иза датIош а, охьатосуш а. Уьш дIа а бахийтина Екатеринас, кехатан кескаш хала а, атта а вовшахтесна. Цунна йозан хатI цу минотехь девзина. Иза цуьнан вешин йоза хилла. Цо яздина хилла: «Нохчийн элий хилла а бац, бан а бац бохуш хезна ду тхо. Нагахь иза иштта делахь, ахь тхуна бинарг тешнабехк бу. Тешнабехк буьтуш дац тхо. Кхо де даьлча гIали йисттерчу метте вола. Дуэле. Цигахь къаьстар ду вайна хьо эла велахь а, вацахь а».

Кехат дешначул тIаьхьа ехха йилхина элан йоI, ша хIун дийр ду ца хууш. Эххар цо сацам бина шен марвежаршка кехатан хьокъехь дерг ма-дарра дIадийца. Суьйранна уьш балхара цIа баьхкича, кхача биъна паргIат а бовлийтина, Иналкъина ца хозуьйтуш Исраиле а, ШоIипе а дийцина шен вашас яздинчу кехатах лаьцна. Цаьрга аьлла: «ДIахьаьжча гуш болчу ломал дехьара лам нохчийн бу олуш хезна суна. Со шуьца дIайогIу, вай цхьана дIадахийта алийша шайн веше. Кхана дуэле водахь Иналкъина тешнабехк барна, цунна зулам дарна кхоьру со. Шун махкахь вайна цара зен-зулам а дийр дацара. ДIадахийтийша вай». Цо иштта ч1ог1а дехар дича:

– Дика ду. Ойла йина, хIума дийр ду вай. Амма Иналкъ атта реза-м хир вац вай и дIахьахийча, – элира ШоIипа.

Юха, Иналкъ волчу чу а вахана, цуьнга цу хьокъехь къамел долийра цо:

– Иналкъ, хIокху пхеа-ялх шарахь хьуна тIаьхьа а хIоьттина лелаш ву со а, Исраил а. Хьол воккха велахь а, ахь боххург деш лелла со. Тахана, соьга ла а догIий, ас боххург дахьара ахь…

– Вай, вай вовшашка дехарш дан оьшуш дац. Шуьшинна лууш дерг суна а лаа деза, суна луъург шуьшинна а лаа деза, иза нийса делахь. Схьадийцал. ХIун хилла вайна? ХIун ду ас дан дезарг? Аш аьлларг дийр ду-кх ас.

– Хьо тхох хьулам бан гIоьртинехь а, тхуна хиъна хьо гуьржийн элан кIанта дуэле кхайкхиний. Вайна оьшуш гIуллакх дац иза. Тхо кхоьру цара вайна цхьа тешнабехк барна. ЦIий Iанорна. ХIара гуьржийн йоI а эций, дIадахийтахьа вай…

– Дика ду. Болх-гIуллакх хьехор дац вай. Цунна цхьа некъ карор бу вайна. Аш бохург дан ас дош делла. Тховссехь девдда ломал дехьа довла а хала хир дац вайна. Вай кIелхьара а довлу. Вайца гуьржийн элан йоI хуьлу. Делахь а, сан вежарий, цхьана хIуманна ойла е вай. Тховса вай лечкъина дIадахча гуьржашна хьалха муьлаш хуьлу вай? Кху Гуьржийчохь а, Эрмалойчохь а тхо элий ду бохуш ца Iийна вай? Вай мел лелийнарг эрна хуьлу, дов, хи чу кхоьссина тIулг санна. Дерриге а эрна хуьлу. Вайх элий ца хуьлу, кIиллой хуьлу.

Тховса девдда вай дIадахча нохчийн дерриге а халкъан сий дойъу вай,чекх са гойту вай. Вайн тайпанна, цIенна тIе эхь доуьйту вай. Нагахь санна, Делан кхиэл а хилла, кхана сан валар хилахь, элий хилла чекхдевр ду вай. Нохчийн дика цIе а йоккхуьйтур ю. Нагахь санна, цхьа бахьана а хIоттийна, Дала хIокху киртигах хьалхадохуш хьал хилахь, вайна массарна а юхькIам хир бу. Иза иштта делахь а, хIинца аш аьлларг а дийр дукх ас.

– Довда ца деза! Делан дуьхьа гIазот дихкина дуэле даха деза вай, эшахь-лата а, эшахь-дала, – цо бохучунна т1етайра ШоIип.

Цу тIехь барт хилла садаIа охьабийшина уьш. ШолгIачу Iуьйранна, ло санна кIайн чоа а, гIовтал а юьйхина, гIодаюкъах дашон варкъ даьккхина шаьлта а йихкина, шен нускал, ваший, шичий фаэтона чу а хаийна, дуэлана йиллинчу метте ваха араваьлла Иналкъ.

Цига дIакхаьчча, хьалакхоьссина куй охьабожа меттиг йоцуш дукха адамаш хилла, танг1алкх хилла  (нохчашна Iаткъам бан, церан дог-ойла йохо) д1ах1оттийна. Дурс аьлла дIахIиттина, герзах боьттина гуьржийн элан верасаш а хилла.

Иналкъ а, цуьнца цхьаьна волу шиъ а фаэтона тIера охьавоьссича, нур схьакхеттачу метте санна, дерриге а адам царна тIе дирзина. Иналкъин суьрташ дохуш хилла цхьаберш. Гулбеллачаьрга юкъара салам-маршалла а хаьттина, цо дIахаийтина ша цара бохург дан схьавеана хилар. ХIумма а воьхна, юьхьа тIера бос хийцабелла а ца хилла.

Дуэль дIаяхьарна тIехь терго латточарах цхьамма, кхин деха-доца ца дуьйцуш, кхунна гайтина хIара дIахIотта веза меттиг, нийсса ткъеитт гIулч дуьхьал дIахIоьттина Иналкъин воккхаха волу стунваша. Цунна гена воццуш  кхин а ши стунваша а хилла. Нийсо, бакъо къовса, юьхь1аьржо т1ера яккха веанчу шинга тапчанаш елла, дуэлан бакъонаш йовзийтина. Дуьххьара вота тоьхча тапчанан лаг дула дезаш хилла, шолгIа вота тоьхча тапчанаш вовшашна тIехьажо езаш хилла, кхозлагIа вота тоьхча лаг озо дезаш хилла. Велларг лийр волуш, висинарг вуьсур волуш, цу тIехь къовсам, дов дIадала дезаш хилла.

Вотанчо дуьххьара вота егийна. Гуьржичо тапчан лаг дуьйлина. Нохчи хаьнтIе хIоттийна куьг долуш, тапча меттах ца йоккхуш Iийна. ШолгIа а тоьхна вота. Гуьржичо тапча кхунна тIехьажийна. Амма Иналкъа тапча меттах а ца яьккхина. КхоалгIа а тоьхна вота. Къора тийналла хIоьттина. Иналкъ ша ма-хиллара лаьтташ хилла, шек дIа а воцуш, бIаьрнегIар а ца тухуш.

Цецдаьллачу халкъан «гIурр» даьржина майданхула. Б1аьргаш ша-шах къаьрзина лаьтташ, инзарваьлла гуьржин элан кIант а хилла. Ша Иналкъина тIехьажийна хилла тапча, чIоггIа лаьттах а тоьхна, мохь аьлла Иналкъина тIеведда, чIоггIа иза маравоьллина цо, гIеххьа бIаьрг а тIунлуш. Юха аьлла: «Тахана хьо а, хьан накъостий а са чохь дIабахийта дагахь дацара тхо. Ма-дарра аьлча, хьо кхуза вогIур ву аьлла тешна а дацара. Кхуза ца веанехь нохчийн сий дойъура ахь, хьайн а сий дойъура ахь. Хьо бакъонца эла хила а хилла. Эла ца хиллехь кхуза вогIур а вацара. Хьо, баккъал а, элашна юкъахь а тоьлла эла ву…». Х1инца гайтина стогалла, собар, къонахалла гойтур а дацара.

ТIаккха кху шинна тIебаьхкина гуьржин элан цIийнан коьрта нах. Царах тхьамда хила там бу-кх аьлла хетачо къамел долийна: «Нохчийн кIант, кхуза гулделлачу хIокху халкъан цIарах хьоьга хатта ши-кхо хIума ду сан. Тхан хаттаршна жоп далар доьху хьоьга».

– Со кийча ву шун хаттаршна жоп дала. Дийцал, хIун хатта лууш дара шу?

– Вовшашна герз тоха дIахIоьттина вара шуьшиъ. Ахь тапчан лаг хIунда ца дуьйлира, тапча хьайна дуьхьал лаьттачунна тIе а хIунда ца хьажийра, тапча  тоха а хIунда ца туьйхира? Хьан юьхьа т1ехь кхеравалар а ма дацара, кхеравелла ала, вохар а ма дацара.

– Тхан халкъан гIиллакхашца догIуш дац стунвешина герз тIелацар. Иза эхье лоруш ду тхан. Стунвашас иттазза тоьхча а, цунна тоха бакъо яцара сан. Эхь тIедоуьйтучул валар гIолехь ду.

– Хьоьга ала хIума дац тхан. Оьзда, майра, собаре, гIиллакхе, хила ма-везза эла ву хьо, вуьззина. Хьоьца, хьан нахаца гергарло лелор ду оха. Иза тхуна сийлалла а ю…  Ткъа хIинца вай дерриге а эла волчу дIагIур ду. Вайга ладоьгIуш Iаш хир бу уьш, шаьш тезет хIотто деза я ловзар, той хIотто деза ца хууш. Дуьло, – омра а дина дIавалавелира иза. Иналкъ а, цуьнан ши накъост а, Екатерина а кегийрхоша элан цIа вигира. Кхаа дийнахь бусий той хIоттийра гуьржин элаша. Цул тIаьхьа Нохчийчу схьадеара хIара диъ: Иналкъ, нускал, ШоIип, Исраил. Иссазза ХьаьжцIахь хилла Шелара Шомсти-Хьаьжа, Соип-Молла  цхьаьна а волуш, Девкар-Эвла Докка (Дала къайле тойойла цуьнан) волчу бахара хIорш. Иналкъин зудчуьнга ийман диллийтина, цунна Тамара цIе тиллина, цуьнца мах байтина, цIабаьхкира уьш. Олуш тамехь дацахь а, цул тIаьхьа бен Иналкъас, цуьнца оццул хан йоккхучу хенахь, гуьржийн элан йо1 йолчу чохь ах сахьт даьккхина а ца хилла. Оццул чIогIа ийман, шен сица оьзда, къоман гIиллакхаш лардеш, лоруш стаг хилла Иналкъ.

Гуьржий ялийначул тIаьхьа иза дукха ца Iийна оцу махкахь. Цо Россин полицин куьйгалле дехар яздина ша оцу даржах паргIат витар доьхуш. Хетарехь, цуьнан дехар кхочуш а деш, Соьлжа-ГIалахь болх нисбина цунна. Кхуззахь яккхий петарш а елла гIали юккъехь. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц цигахь ваьхна иза. Россехь карчамаш, революцеш хуьлу мур а хилла гергакхаьчна. Оцу хиламашна а юьстах ца вуьсу Иналкъ, цу хьокъехь, оцу муьрехь цо лелийначух лаьцна хаамаш кIезиг бу. Делахь а билггал хууш ду, халкъалахь «Узум-Хьаьжин ахча» аьлла девзаш хилла долу ахча И.Арсанукаевс Хонкара махкахь дайтина хилар, Арсанукаев Иналкъ 1919-чу шарахь Узум-Хьаьжас вовшахтоьхначу Къилбаседа Кавказан (эмиратан) пачхьалкхан эскаран коьрта командующи а, арахьарчу г1уллакхийн министр а хилла хилар. Цуьнан куьйгаллица Нохчийчоьнан халкъ Деникинан к1айнгвардейцех лардеш дикка т1емаш бина Гикалон эскаршца цхьаьна. Иналкъ кхетта Гикалон мекарлонах, амма цунах ларвала ца кхиъна. Цо динчу питанца Узум-Хьаьжин а, Иналкъин а юкъаметтиг галъяьлла. Цунах пайда а эцна Арсанукаев вен г1оьртина Гикало. Делахь а цунах г1уллакх ца хилла. Иза шайн дай баьхначу Дишнийн-Махка д1а а вахана… Иза цигахь мел ву шайна кхераме ву аьлла хеташ хилла Гикало а, цунна гуонаха берш. Цара, геланчаш а оьхуьйтуш, шайна т1е верзийна Иналкъ, дикачу дарже балха а х1оттийна, цунна тешнабехк бан атта хилийта… Цара цунна иза бан а бина.

Цуьнан вархI ваша хилла. Уьш берриге а паччахьан заманахь эпсарш хилла. Советийн Iедал тIедеача, оцу Iедалан векалша тайп-тайпанчу даржашка дIахIиттийна а хилла уьш. Масала Эльдарханов Таьштамирца цхьаьна болх бира Арсанукаев Давуда. Цуьнан кхин цхьа ваша – Юсуп милицехь лаккхарчу даржехь болх беш хилла, важа ваша – Халид – «Грозненский рабочий» газетан редакцехь жоьпаллин секретарь а, редактор а лаьттина. Цуьнга хьаьжна ца Iаш Иналкъин берриге а вежарий, цхьацца бахьанаш а кхуллуш, НКВД-с лецна, чубоьхкинчохь хIаллакбина.

уке3е3

Варх1 къоман мотт хууш хилла Иналкъ. Цу юкъахь 1аьрбийн, туркойн, франкойн, ингалсан, оьрсийн. Цундела иза шеца д1аван лууш Орцан Тапас ша Франце кхелхина дIавоьдучу хенахь Иналкъе аьлла: «Хьо а, хьан вежарий а паччахьан Iедалан заманахь цхьацца даржашкахь лелла, халкъалахь девзаш, сий-ларам болуш, цIе йоккхуш нах ду. Советан Iедало дагахь доццучу хенахь тешнабехк бийр бу шуна, хьо а, хьан вежарий тхоьца дIадахка деза. Вайна тоъал хьал-бахам а бу вайгахь, паргIат Iан меттиг а ю…». (Хьаххийначуьра аьлча Иналкъин вешехь хилла Тапин йиша).

Цунна иштта жоп делла Иналкъа: «Дела реза хуьлда, Тапа! Тхо цIахь, Нохчийчохь совцур ду. ХIуъа хилахь а. Нехан махкахь эла хилла лелачул сайн махкахь лай хилар а, валар а гIоле хета суна. Шу марша гIойла».

Орцан Тапас аьлла ма-хиллара, чIагIделла даьллачул тIаьхьа Советийн Iедало хьийзо  ваьккхина Иналкъ. НКВД-н чалтачаша юх-юха а тIекхойкхуш, левеш, ницкъбеш хьийзош хилла иза. Иштта, 1921-чу шеран буьйсанна хан яллалц НКВД-хь хаттарш деш латтийна, хIинца хьайн цIа ваха мегар ду хьуна, аьлла аравалийтина иза. Иналкъ араваьлчахьана дуьйна а лечкъаш, тебаш цунна тIаьхьа вогIуш ши чекист хилла. ХIинца А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу проспектехула Соьлжа-хин  тIайх сехьаваьлла хIара паргIатчу боларехь схьавогIуш хилла, шена тIаьхьаваьлла шиъ вуй а хууш. ТIаьхьа вогIучу шимма болар сихдина. И шиъ тIаьхьа кхиъна. Оцу мIаьргонехь Иналкъин дагчохь хIун хилла, цуо стенан ойла еш хилла ца хаьа. Амма цхьа а шеко йоцуш цунна хууш хилла шена боьгIнарг  ша кIелхаравалалур воцу гур хилар. ТIаьхьа ведда вогIу,  шена тIаьхьа кхиъна шиъ стенна вогIу хуъушехь цаьрга юхахьажа ца ваьшна иза. Ткъа вукха шимма тIекхоччушехь тIехьашха герз тоьхна. Бесачу урамехула дIасаяьржина и гIовгIа. Иналкъ, дегIера гIора дIадаьлла, меллаша охьавоьжна, кхин цкъа а ца гIатта… Иза дIавоьллина БухIан-Юьртарчу кешнашка.

P.S.

Арсанукаев Иналкъ кхелхинчул тIаьхьа шен йоI эцна дIаяхна туркойн пашин йоI. Иштта, шен йоI эцна дIаяхна Гуьржийн Тамара а. ИбрахIим-Хьаьжин йоI Хебила шен йоIаца Фатимица цхьаьна йисина. Вайн халкъ Сибрехара цIадеанчул тIаьхьа кхелхина иза. Ши-кхо шо хьалха бакъдуьнена йирзина цуьнан йоI а.

АрсанукаевгIерах, вайна хууш висинарг Иналкъин вешин кIентан Рашидан кIант СаьIид а, цуьнан доьзал а бу. Таханлерчу дийнахь Серноводскехь Iаш бу уьш а, церан шича-мохчалахь болу СолцаевгIар а. Цхьа-ши бутт хьалха, т1аьххьара ног тухуш сецна Солцаев Халидан дог а. Дала гечдойла царна массарна.

Вайн халкъан иэсехь виса хьакъ волуш, шен сица а, леларца а, амалца а къонаха, эла хилла чекхваьлла стаг ву Арсанукаев Иналкъ. Цундела тхуна луур дара цуьнан хьокъехь хуург дуьйцуш АрсанукаевгIаьрга а, редакце а хаам бойла.

С.ДАДАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: