Телефон

Де суьйренга лестинера. Шен сирла зIаьнарш хебош, чуийзош, кхерабелча санна, чубуза сихбелира малх. Шийла яра. Iаьнан суьйре цIевзина еанера. Хасавюьртарчу автостанцин кертахь гулъелла лаьттара тхан сабIарзделла тоба. ДIасахьаьжча гуш цхьа а машен яцара, оха ларъеш йолу «Газель» боху жима автобус схьакхача дагахь а яцара.tel2

 Шелоно когаш къийзош, цхьана меттехь латта ца луш, сих-сиха тхайн йийбаре бIаьрг а тухуш кертахула хьалха-тIаьхьа дуьйлалора тхо. Мацца а цкъа, тхан догIмаш шелделла а ца Iаш, кийрара дегнех «шагатIулг» хиллачу хенахь, еана схьакхечира оха сатийсина, хьомсара можачу басахь йолу «Газель». Тхоьгарчу хьолаца бала боцучу, шен йовхонах Iаьбба, гIийла сегIаз Iовшуш волчу шопаро, куьзга хилла лаьттачу некъа тIехь лар а юьтуш, тхуна хьалха куро хьовзош сацийра машен. Тхо тIедевдира. Ша-ша хьалхавала гIерташ, вовшашна резадацарца, ма-хуьллу уллераниг дIаса а тоттуш, тIедийшира тхо неIарна. Ткъа шопар сиха вацара. Массо хIуманан тидам беш, машенна чухьоьжучу тхуна гира, цо багара сегIаз схьа а даьккхина, пIелгашца ловзийна, юха а багакхуссуш. ТIаккха, куьзгана хьаьжна ши мекх а тодина, схьайиллира неI. Дукха гIоьртина, жIуга а хилла, тхайн даккхийчу тIоьрмагаша новкъарло а еш, неIарах чоьхьа ца довлалуш дисира тхо. ГIовгIа елира. Делахь а хьалхара меттиг йоккхуш цхьа жима зуда хьалхаиккхира тхуна. Ламин лахарчу терхи тIе а хIоьттина, куьгашца хьалаволу меттиг дIа а къовлуш юхайирзина сецира иза.

– ХIей! Ахь хIун до? – хезира цхьаннан аз.

Шена цахезаш санна тобана йистехь лаьттачу цхана лекхачу дегIахь волчу жимачу стаге, тхуна тIехула мохь туьйхира цо:

– Схьаволий вала! Хьо хIун деш лаьтта?

Оха гIовгIанца тхайн реза цахилар гайтира, делахь а шен шуьйра пхьарс дIа а кховдийна, кетаран пхьош схьа а лаьцна, лами тIехула хьалатакхийра цо шен накъост. Бехкала дахана цициг санна, корта белшаш юккъе чуозийна, лаьтта хьоьжучуьра бIаьргаш хьала ца ойъуш, хьакхавелла хьалавелира жима стаг. Чекхдовлийла йоллушехь сихонца хьаладевлла, меттигаш дIалаьцна охьахевшира тхо а.

Хьалха санна сиха воцуш, куро охьавоьссина шопар, ши минот ялале сихонца, цхьаъ тIаьхьа ведда вогIуш санна, юхакхечира, мало ца еш шен метте охьа а хиъна, куьйгаш вовшах хьекхо волавелира, тхоьга сих-сиха бIаьрг а тухуш. Бегаш бойтуш яцара шийла суьйре.

Суний, соьца йолчу сан накъостаний машенна пурхалла йолу меттигаш кхаьчнера. Уггаре а дика, тоьлла, кора йистера меттиг шен накъостана дIа а елла, тхан оьгIазаллех иза ларвеш санна, ша йисте хиъна Iара, тхоьгара хьалхара меттиг яьккхина йолу жима зуда. Ткъа со нийсса цу шинна дуьххьал нисъеллера, сайна ма-хетта церан терго ян а, тидам бан а аьтто болуш.  Шелъелла меженаш жим-жима йохъяла йолаелча, хилла цатам бийца баьккхира тхуна юккъехь. Массеран бIаьргаш жимачу зудчунний, цуьнан накъостаний тIехь соьцура. Меллаша деш долу шабарш чIагIделира.

– Жима елахь а, эхь доцуш-м ю…

– ДIа муха хIоьттинера, гирий хьуна…?

– Ишттанаш дуккха а бу…

– Ва! Мел дукха бу хаьий хьуна, ма тера ю сан несах…

– Эхь доцу хIума…

– ДIадовлийша! Охьахаа меттиг хилчахьана хIумма а дац…

– Ларам хила ца беза…

– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю…

– Хьала кхоьссича охьавогIур вац…

– Эхь доцу хIума…

Оха еш йолу кхел хезна шен Iаьржачу «Чечня» аьлла тIеяздина болчу спортивни куйна чохь боллу жима корта шуьйрачу, ирачу, кетарна тIехула а хаалуш йолчу белшашна юккъехула, хьалха санна чуозийра къонахчо. Бакъду, хIинца цициг дацара иза. Гулвелла, хьаьрчина, шена хетарехь, тхуна къайлавала дагахь, шен болатан кхаркхарни чу лечкъачу уьнтIапхьидах тарвелла, гуттар лахвелла, гIенташна юккъехула чухилла дIатийра иза. Со кхийтира и шиъ зудий, цIийндай хиларх а, церан къоначу доьзалехь коьрта меттиг дIалоцург зуда хиларх а. ГIийла корах арахьоьжуш Iара хIусамда. ЦаIара, шелоно тIамарш юьйцинчу корехула хIума а гуш, тхан агIор схьа ца верза Iара-кх..

Шен деха ши куьг когаш юккъехула лаьтта кхаччалц охьадахийтинера цо. Иштта беха ши ког бахьа меттиг йоцуш, саттийна голаш юьхь тIе кхаччалц хьала а озийна, хьалхарчу гIентах дIагIортийнера. ХIоьттинчу хьолана реза йоцучу зудчо, юха а ша юйла хаийтира тхуна.

– Ахь хIун до? Хьо ма дIатийна? Мотт сецна хьан? – оза ца луш дира цо хаттарш. – Ва! Эхь доссахьара хьоьга, цхьа хан йоцуш! ДIавалахь! Даима эхь хетта вер вуй хьо?

Зудчух сиха бIаьрг а тоьхна, дIавирзира хIусамда юха а. Жимма Iийна аз лахдеш элира:

– Цкъацкъа юьхьIаьржа ма хIоттаво ахь со!…

Цуьнан дешнаш хаза ца хийтира зудчунна, улле тIе а таьIна йистхилира иза:

– Ас хIоттаво боху ахь?!

Стага жоп ца делира. Корах арахьоьжуш Iара иза хьалха санна.

– Хаза-м дера ду! Ас хIун дина юьхьIаьржа хIиттаво хьо? Со ца хиллехьара, дера хир вара хьо хIинца а цу арахь лаьтташ, цIоцкъамех ша а бина. Вита везаш ма хиллера ас хьо цигахь…

– Ма е гIовгIа! Вайшинга массо а хьоьжуш ву!

Зуда хьаланисъелира. Белшаш тойина, елакъежира.

– Хьежийтахь, шайна ма-ттов. ХIун ду церан вайшинна ала? Дан хIума доцуш, мокъа бу-кх уьш. Шийлачу арара сайн цIийнда йовхачу метте охьахаийра-кх ас. Дика ца дира ас иза? – елакъежира зуда. – Вохвеллий хьо, хьомениг? Хьало хьан ши куьг дохдай ас?

Стеган куьйгех сиха катуьйхира цо.

– ДIаяла, ца оьшу! – юха а ийзалуш элира стага. – Массо а схьахьоьжуш ву.

Зуда тхоьга массаьрга лерина дIасахьаьжира.

– ДIавалахь! Мила ву хьоьга хьоьжуш? Iаьржа ю кху чохь, гуш хIумма дац.

Бакъдолуш, гIеххьа Iаьржа яра тхан машен чохь, делахь а, ас хьалха ма-аллара, сан чIогIа аьтто баьллера церан тидам бан. Сайн ма-хуьллу дIа ца хьажа гIоьртича а, церан къамел ца хезаш диса йиш яцара суна.

ГIенташна бухатеттина, когашна юккъехь лаьтта тIоьрмигаш кего йолаелира зуда. Ханна йоккха яцара иза. Ткъа шарал жимма сов яьллехь, кхин хан хир яцара. Делахь а дегIана зоьртала яра, лекха дегI а, шуьйра юьхь-сибат а, даккхий куьйгаш а долуш. Цул дукха воккха хир вацара цуьнан цIийнда. Амма иза лекхачу дегIахь велахь а, чIогIа гIийла вара, деха ност-пхьарс а, юткъа ворта а, цу вортанна тIехь жима, бехо корта а болуш. Амалшца а къаьсташ хеталора и шиъ: стаг тийна вара, эхь хеташ, тхох къехкаш а, ткъа зуда гIовгIане, каде, эхь ца хеташ, шена йогIург йоккхур йолуш.

ТIоьрмигаш кегош дикка хан яьккхира цо. ТIаккха цу чуьра шаьш эцна цхьацца хIума хьалаяккха йолаелира. Iаьржа йолуш бIаьрго хIумма а схьа ца лоцура, делахь а, цу шиннан къамелехь кхийтира: нанна, вешина, хьомечунна, шена, доттагIчунна, тIаьххьара а марнанна. И цIе йоккхушехь хецаелла карара цхьацца хIума охьаюьйжира зудчун. ОхьатаьIна куьйгаш хьаькхира цо, амма хIума кара ца еара. Юха а, юха Iаьржа йоллушехь гIенташна буха хьоьжура иза. Ас охьа а кхевдина, сайн когех тасалуш бухакерчина лекха бертигаш йолу, йоккха ши кало схьаэцна, сайн лулахочуьнга дIакховдийра. Иштта, гучуделира суна марнанна эцна долу совгIат.

– ГIоза ма хуьйла шу! – аьлла соьгара, катоьхна, ши кало схьа а эцна, теттина тIоьрмиг чу таIийра цо.

Кхин а цхьа хан яьхьара зудчо шен хIуманаш нисъеш, цаьрга хьоьжуш, цIийндена гойтуш. Эххар а, ша яьлча, тIоьрмигаш шена новкъара дIа а даьхна, тхан когаш юккъе, меттиг йоллуче дIа а нисдина паргIатъяьлла, шен везаре дIа а йоьрзуш елакъежира иза.

– Вохвеллий хьо? – аьлла юха а цуьнан куьг схьалецира.

– Вохвелла. ДIаяла! – куьйгаш сиха шен голаш юккъе лачкъийра стага.

– ХIинца ас хьо кхин а чIогIа вохвийр ву, собарде ахь, – олуш сан лулахочо шен тIоьрмигех цхьаъ юха а тIеозийра.

Озийна кисанара жима гата схьа а даьккхина, голаш тIе охьа а диллина, тIоьрмигчуьра хIуманаш кего йолаелира. Мацделла Iачу тхуна дукха сиха схьакхийтира исбаьхьа, мерза хьожа.

– Мацвеллий хьо? – хаттар дира зудчо.

– ХIан-хIа! – сихха вистхилира важа.

– Ца велла дера! Мац муха ца ло? ХIинцца ас хьо вузам-хьаха вийр ву, – чIегIардиг хилла екара зуда. – Ас вайшинна самса ма эцна. Йиъ. Шиъ хьуна, шиъ сайна. ХIара-м хIинца а шел ца елла.

– Ца еза суна, – корах арахьоьжучуьра схьа а ца воьрзуш доцца элира стага.

– Муха ца еза? – цецйолуш, оьгIазъяхара зуда.  – И хIун къамел ду? Ас яор ю хьуна, дIакхаллал!

– ДIаяла, ца еза суна!

– ДIакхаллал, хьайга аьлча!

– ДIаяла! Массо а вайга хьоьжуш ву, кху тIехь, – меллаша ала гIерташ элира стага.

– Мила ву техьа хьоьга хьоьжуш? Кху тIехь Iаьржа ма ю, бIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцуш. Бала-м бац суна цхьаннан а. ДIакхаллал!

Мацвелла хиллехь а, я нахалавала ца лиънехь а стага шега бохург а дина, самса дIакхаьллира. Цкъа, шозза, кхузза. ТIаккха жимма ийзавалар дIа а даьлла шен зудчун карара «пхьор» даа волавелира. Тхуна юккъехь юха а гIовгIа елира. Реза боцурш дукха бара. Церан кортош юха а зуда йолчу агIор дирзира. Цу гIовгIано там бира зудчунна. Елакъежна, ша голаш тIе диллина хилла жима гата схьа а даьккхина, стеган бетах хьаькхира цо. ГIовгIа марсаелира.

– Ва! Ма эхь ду и…

– Эхь доцу хIума…

– Ишттанаш бу-кх вайна юккъехь…

– Дика-м ду сан чохь хьийзар йоцуш…

– Вай! Бертахь хилча дика дац?..

– Ларам хила ца беза?

– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю…

– Хьала кхоьссича охьавогIур вац…

– Эхь доцу хIуманаш…

ГIовгIанаша стеган юучух гIеххьа чам баьккхира. Схьаэцна шишанна чуьра хи а мелла, юхаваьлла, дIатийра иза.

– Вуьзний хьо? – чIогIо хаьттира цуьнга зудчо.

Хетарехь, корта ластийнера цо, вистхилла, жоп луш тхуна ца хезара.

Йиъна а, мелла а даьлла, шайна тIаьхьара дIа а яьккхина, паргIатдаьлла, вовшашна тIеттIа а хилла охьахиира и шиъ. Машен чохь Iаьржа яра, амма коьртара куй схьа а баьккхина йоцца хьалаяьлла месаш куьйгаца кегош, дIасатухуш, цIийнда хьосту кеп хIоттош гира суна. Вуьзначу, вохвеллачу стеган а дог догIура цхьацца бегаш бан. Къамеле ваьлла ша хабийна латтийна, кIадъелла, еха ши ност дIахеца дага а деара цунна. Цул хьалхарчу меттехь Iаш йолу зуда цкъа хьалха ца кхеташ, гIеххьа кхера а елира шен гIентана бухахула мичара болу ца хууш боьршачу стеган беха когаш гучубевлича. Цу гIуллакхна тIаьхьа кхиъначу къонахчо, сихха юхабаьхна, озийна, хьалха санна юьхь тIе кхаччалц хьалабахийтира уьш. Ца хедаш къамелаш дора кегийчу наха шайн безамах, жималлех, ойланех, дахарх лаьцна. Зудчун зевне, юкъа-кара ирсе елар декара, амма тхо цец ца дуьйлура царах, меца делахь а, тхайн догIмашкахула йовхо а яьржина, бодделла, гIийла наб тIе а гIоьртина дIатийнера тхо. Иштта, къамел тийна, шабар-шибар доладелира тхан лулахойн а, дукха хан ялале иза а дайра, вовшашна тIеттIа а хилла тап-аьлла дIатийра и шиъ а.

М.Магомаева

(Чаккхе – рогIерчу номерехь)

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: