Кхин а цхьана доьзале – хазахетар

КIезиг ца хилира дIадаханчу шарахь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан а, цуьнан

гIоьнчийн а балха тIехь адамашна хазахетарш деана хиламаш. Уьш  мичахь бехаш бу бохучух доьзна доцуш, леррина тидам ца беш, дан ницкъ кхочуш долу гIо ца деш ца дисира вайн махкахойн дехарш. Дуккха а доьзалшка хазахетаран кхаъ кхачош шайна олуш долчу даггарчу баркаллин ойла чIагIйира цара адамийн дегнашкахь.

   Иштта хилира Абдулвахабова Аллин доьзалехь а. 2015-чу шеран 14-чу февралехь Ульяновски областерчу Димитровградехь «Современник» бар-холлехь дар-дацар хилар бахьанехь, оцу гIалин суьдо цуьнан кIантана Абдулвахабов Хьасанна, ахча даккхаран Iалашонца нахана тIелетта аьлла, бехке а вина, РФ-н УК-н 162-чу статьян 2-чу декъана а, 1 ст. 162-чу статьян 1-чу декъана а тIедоьгIна, юкъарчу рожан колонехь яккха пхи шо хан туьйхира. Нанас чIагIдора суьдо йинчу кхиэло гойтучу кепара шен кIант бехке цахилар а, цу тIехь дуккха а харцонаш лелийна хилар а.

Изза хетара бехкевеш волчун адвокаташна а. Уголовни гIуллакх толлучу хенахь, талламхоша хьесапе ца эцнера видеотергоно елла материалаш. Царна тIехь, адвокаташа чIагIдарехь, гуш бара, олуш ма-хиллара, Хьасана а, зен хилла бохуш юкъабевллачу буьйсанна гIуллакх деш йолчу заведенехь кест-кеста хуьлуш болчара а хIора минотехь баьккхина хIора ког. Талламхоша Хьасан бехкевира дуьххьалдIа оцу буьйсанна барехь хиллачу М.Прибыловс а, оцу баран гардеробан белхалочо Л.Хасановас а беллачу гайтамашна тIе а доьгIна.

Хан тоьхначун ненан дехарна жоп луш, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Н.Нухажиевс Ульяновски областан суьдан уголовни гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллеге дийхира Димитровградан гIалин суьдо кхиэл нийса йина цахиларан хьокъехь чувоьллинчо елла апелляци нийсонца къастор.

Бакъо туьйлира. Ульяновски областан суьдан апелляцин тIегIанан суьдо схьайиллинчу кхеташонехь къастийра и уголовни гIуллакх. Димитровградан гIалин суьдо йина кхиэл нийса ца лерира, иза хийца а хийцира. Цуьнца нийса а догIуш, суьдо шина шаре кхаччалц лахйира тоьхна хилла хан. Иштта хийцира иза такхаран раж а – Абдулвахабов Хьасана и хан колонехь-поселенехь йоккхур ю.

Синтем хилла ю тахана нана. Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран  векалан гIоьнца, цуьнан Iаткъамца ницкъ кхаьчна харцо юхатоха, талламан органаша а, суьдо а дийлийтина гIалаташ нисдан. И бахьанехь бехке леринарг хьалхарчу тIегIанан суьдо хIоттийна хиллачу хенал кхо шо хьалха цхьаьнакхетар ву шен ненаца.

 

Л.АБУБАКАРОВ 

 №3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: