Россин журналисташ – Нохчийчохь

image_029Масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Москвара баьхкинчу шуьйрачу хаамийн гІирсийн цхьамогІа журналисташца. Церан боккха чулацам болуш къамел хилира республикехь а, махкахь а долчу юкъараллин-политикин хьолан хьокъехь.

Оццу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан университетан керлачу гІишло чохь пресс-конференци елира Москвара баьхкинчу журналисташа.  Махкахь дика бевзачу хаамийн гІирсийн куьйгалхой, коьрта редакторш бара уьш.

 

Москварчу журналисташца дІахьочу цхьаьнакхетаре баьхкинера Іедалан белхахой, нохчийн журналисташ, вузашкара студенташ.

Пресс-конференци дІайолош, Нохчийн Республикин территориальни кхиаран, къоман политикин, шуьйрачу коммуникацийн министра Хучиев Муслима билгалдаьккхира Россин тоьлла болу журналисташ Нохчийчу баьхкина хилар.

«Къоначу а, хинболчу а журналистийн тахана боккха аьтто бу Россин цІеяххана болчу журналисташца къамеле бовла а, шайна хаа луург хатта а», – элира Хучиев Муслима.

Шеца Нохчийчу баьхкина накъостий бовзийтарца пресс-конференци дІайолийра «Итар-ТАСС» хаамийн агентствон коьртачу директора Михайлов Сергейс. Хьешаша дийцира, шаьш хІун Іалашо йолуш баьхкина. Ах бІе гергга стаг юкъавогІуш, шуьйрачу хаамийн гІирсийн коьртачу редакторийн клуб ю шайн, элира Москварчу журналисташа. Шайн лаам бара Нохчийчу дахка, кхузарчу хьоле хьовса. Шун республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьошалгІа а кхайкхина, даьхкина шаьш кхуза, элира цара.

ТІаьхьарчу хенахь Россин шуьйрачу хаамийн гІирсашкахь сих-сиха йийцаре ечу темина – нохчий, кавказхой бийцарх лаьцна хилира кхидІа къамел.

Юкъараллин низам талхош болчу цхьацца хиламашкахь нохчий, къам санна, билгалбахар нийса ца хета шайна бохура къамелехь дакъалаьцначу Іедалан белхахоша а, нохчийн журналисташа а.

Цунна дукхахболу хьеший резахилира.  Иштта, кхин теманаш хьахийра. Масала, PEH-TV телевиденехь болх беш йолчу, евзаш йолчу телеведущичо Максимовская Марианнас шен къамелехь радикальни исламо бохьучу кхерамах шаьш озало бохура. Халахеташ делахь а, нохчашкара а бу и кхерам, элира цо.

Цу тІехула а къийсамаш хилира гулбеллачеран.

Нохчийчохь мехкарша йовлакхаш лелорах а, Іамаркарчу Бостонехь вежарша ЦарнаевгІар йина терактах а къамелаш хилира.

Кегийчаьрга дош алийтар дийхира хьешаша. Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин отделенехь доьшучу студентийн хаттарш дара, шаьш Москварчу газеташка практике дІаэцар хир дарий аьлла.

Масех газетан редактора, масала, «Новые известия», «Российская газета», «Аргументы и факты», «Итар-ТАСС» хаамийн агентствон куьйгалхоша шаьш студенташ тІеоьцур бу элира.

Пресс-конференцис шен болх цу тІехь дІаберзийра. Гулбеллачара билгалдаьккхира цхьаьнакхетар шина а агІонна пайдехь хилар.

М.АРСАНУКАЕВ

ЛЕДИЕВ Шамханан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: