ДIадаханчу шеран чаккхенехь журналисташца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин юьртан бахаман министра Дадаев Мусас чекхбаьллачу муьран жамIаш деш, къамелан юьххьехь билгалдаьккхира гуьйренан ялтийн культураш дIаеран декхарш кхиамца кхочушдина а, гулдина юьртабахаман сурсаташ Москван, Санкт-Петербурган, Астраханан, ГIалмакхойн Республикин рынкашкахь дIадохка долийна а хилар. Иштта хаамбира регионан агропромышленни комплекс кхиаран боларш кхиаме хилла хиларан, цара керла дозанаш карадерзо таро хилийтина хиларан хьокъехь.
Къамел долош гуьйренан ялтийн хIу дIадерехь баьхначу кхиамех лаьцна дуьйцуш цо билгалдаьккхира хIокху тIаьххьарчу шерашкахь хилла доцчу кепара латталелорхоша лаккхарчу боларшца тIедогIучу шарна бух биллар чекхдаьккхина хилар. Агротехнико билгалйинчу хенашкахь ницкъ кхечира гуьйренан ялтийн хIу дIаден. Планаца хIоттийна хиллачул 11,5 эзар гектар гергга алсамъяьхна ялтийн майданаш, шайн юкъара барам 113 359 гектаре дIа а кхачош: 81 эзар гектарал сов йолчу майданашкахь кхуьуш ду кIа, 14 545 гектара тIехь – мукх, 2 700 гектарал сов йолчу майданашкахь – Iаьржа кIа. Элитни хIу дийна 15,8 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь (шо чекхдолуш шортта ло диллар бахьанехь лаьттаца IаьIначу тIуналло церан хьекъар дикка лакхадаккхарна гIо дийриг хиларх тешна бу говзанчаш).
Делахь а, цуьнца цхьаьна юьртабахаман ведомствон куьйгалхочо, лечкъа ца деш, дийцира герггарчу хенахь къастийна цхьалхадаха дезачу гIуллакхех, кхиаран боларш кхин а кхиаме хилийтаран новкъахь тахана новкъарло еш долчух. Царалахь уггаре а лазамечарах лорура цо адамийн лаьттаца йолу юкъаметтигаш херайовлар, лаьттан таронех цкъачунна буьззинчу барамехь пайдаэца ницкъ кхочуш цахилар. Даладора билггал долу бакъдерш а. Росреестран регионехь йолчу урхаллин хаамашца тахана республикехь юьртабахаман Iалашонна лерина цхьа миллион гектар гергга долчу латтанех охана деш 285 эзар гектар латта делахь а, цунах охана деш (юьртбахаман культураш хуьйцуш кхиош) жигара пайдаоьцуш дерг 256 эзар гектар бен дац, шена юкъахь дуккха а шерийн бецашна 12 эзар гектар а кхочуш.
Цуьнца доьзна министра гулбеллачеран тидам тIебахийтира оцу майданех а 240 эзар гектара тIехь бен тахана хIу дIаден ницкъ кхочуш цахиларна. Бахьанаш девзаш ду: тоьаш яц ахчанан таронаш, юьртабахаман культураш чуэцаран техника, уггаре а коьртаниг – адамийн куьйгаш. Ярташкахь бехаш болчарна лаьтта тIехь гIуллакх дан лууш цахиларна, мехкан кхечу регионашкара белхалой бало безаш хуьлу пачхьалкхан дукхах болчу бахамийн куьйгалхой. И хьал карадеанчу шарахь шайга мелла а нислур ду аьлла хеташ ву М.Дадаев. Цо дийцарехь, хIокху шарахь аренашкахь гIуллакх дарна лаьттаца йоьзна йолчу дешаран заведенийн студенташ юкъаозо билгалдина ведомствехь. Цо а гIо дийр ду аьлла хета бахамашкахь белхан меттигаш дIаюзарца кхолладелла хьал мелла а нисдарна. Ткъа дийнна схьаэцча билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахарна тIехьажийна деш долчу гIуллакхаша карарчу шарахь цхьа бIе эзар гектаре кхаччалц йолчу майданашкахь бIаьстенан культурийн хIу дIаден вайн республикин агропромышленни комплексехь ницкъ кхочург хиларх тешна ву иза.
Юьртабахаман производство кхидIа а кхиорна, лаьттан а, даьхнилелоран а сурсаташ гулдар алсамдаккхарца цхьаьна, церан дикалла лакхаяккхарна тIехьажийна дийнна цхьамогIа инвестпроекташ кечйина министерствехь. Оцу Iалашонца юкъаяло билгалдеш ду тахана оцу декъана чIогIа оьшуш йолу цхьамогIа производствош. Цуьнца доьзна министр тешна ву сурсатийн дикалла лакхаяьккхина ца Iаш, ткъа иштта сурсатийн дараш хилар хаъал лахдан а цара таронаш кхуллург хиларх. Цундела билгалдина алссам инвестицеш аренийн а, дохнан а сурсатех гIуллакх даран производстве хьажо.
Тахана республикин экономикехь къастамаллин маьIна лелочарах цхьаъ ду юьртан бахаман дакъа. Тоъалчу барамехь йоккха ю цо регион тешам боллуш кхидIа а кхиорна юкъаюьллуш йолу хазна. Цундела мехала лору ведомствехь лаьтта тIехь ден гIуллакхаш санехь хилар лакхадаккхарехь дерриге а дуьнено къобалъеш тIеэцна йолчу бахамлелоран тайп-тайпанчу хорманех, кепех пайдаэцар. Республикин куьйгаллин жигарчу гIоьнца и кепаш юкъаялорна, кхиорна тIехьажийна ша министра а, цуьнан гIоьнчаша а билггал гIуллакхаш дина, деш а ду. ХIинца цхьанна а къайле яц лаьттан хиндерг цаьргахь хилар, иштта бен сурсатийн токхо кхоллалург цахилар. Иза бакъонца хIора дийнан масалша тешош чIагI а до.
Ларамаза ма дац бахамлелоран уггаре а санехь йолчу кепех цхьаъ ларалуш болу ахархойн-фермерийн болам хIора шарахь тIеттIа шорлуш хилар. Цунна къеггина тоьшалла ду вайн республикехь йолчу ахархойн (фермерийн) бахамийн а, юьртабахаман кооперативийн а Ассоциацин президента Татаев Лечас далош долу терахьаш а, бакъдерш а. Карарчу хенахь регионехь шайга еххачу ханна дIаделлачу кхузткъа эзар гектарал сов йолчу майданаш тIехь кхиамца гIуллакх деш бу ахархойн-фермерийн 4 275 бахам. Цаьргахь йолчу аренашкахь хьийкъина кхуьу ялтийн буьртиган культураш санна, иштта хьаьжкIаш, маьлхахIуш, шекаран буракаш, хасбошмийн, хорбаз-пастанан цхьайолу культураш, докъаран бецаш. Доккха ду, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, цара юкъарчу гайтамашна юкъадуьллу дакъа. Хьовсал шу. Ораматашлелоран декъехь 30 процентал сов кхочу царна юкъарчу барамах. Дуккха а алсам ду даьхнилелорехь фермершна кхочуш долу дакъа. Республикехь 70 процентал сов дохнан сурсаташ цара дохуш ду.
Ораматашлелорехь фермерша, арендаторша баьхна кхиамаш гайтархьама схьалоцур вай масална дуьххьалдIа хIинцца чекхдаьлла шо. Нагахь дийнна схьаэцча вайн республикин аренашкара дерриге а гулдинарг 232 эзар тонна буьртиган ялташ хиллехь, фермерийн юкъара гайтам 93 эзар тоннан барамехь бара. ХIора гектара тIера юккъерчу хьесапехь чуийцира 18 эзар гектарал сов йолчу майданийн хIоранна тIера 26,4 центнер кIа а, 10 эзар гектарах хIоранна тIера 21,2 центнер мукх а. Оцу терахьаша бIаьрла гойту регионан юкъарчу гайтамашкахь бахамлелоран оцу хорманийн мел доккха дакъа ду, жимма а шайн гIолоцуш хилча керлачу дозанашка кхача уьш хьуьнаре хилар.
Иза чIагIдо Л.Татаевс далийначу ишттачу бакъдолчара а. ТIаьхьарчу хенахь хаъал алсамбаьлла фермершкахь а, шайн гIуллакх долийначаьргахь а долчу дохнан барам. Цара тахана Iалашдеш ду 35,6 эзар сов бежана, шайна юкъахь 12 эзар гергга етт а болуш. Алссам тидам тIебохуьйту цхьана хенахь шена республикехь доккха дакъа кхочуш хиллачу уьстагIийлелорна а. Пачхьалкхан боцчу бахамашкахь церан барам 80 эзар коьрте кхаьчна.
Дахарна шаьш хьуьнаре хилар гайтина лаьтта тIехь дикачу гIуллакхийн шайн лар юьтуш тIаьхьарчу шерашкахь вайн регионехь кхоллаеллачу тайп-тайпанчу юкъараллаша а, агрохолдингаша а. Фермерийн бахамашкахь а санна, шуьйра ю цигахь кхиочу юьртабахаман культурийн тайпаналла. Амма цхьа къастамалла йоллу царна юкъахь – кхузахь ялташ, кхийолу культураш кхиорна къастайо дикка яккхий майданаш. Цуьнга хьаьжжина республикин экономика кхиорна юкъаюьллу хазна а ю хаъал йоккха. Цунна кхин цхьа тоьшалла хилира дIадахана шо. Буьртиган кенан ялташ кхиорехь, масала, регионехь а уггаре а лакхарчу гайтамашка кхечира 1400 гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера 41,3 центнер ялта гулдина йолу «Стандарт С» юкъаралла а, 4340 гектарах хIоранна тIера 36,9 центнер беркат чуэцна йолу «Шовда» агрохолдинг а.
Нохчийчохь кхиамца гIуллакх деш ю юьртабахаман сурсаташца импорто вайна беш болу Iаткъам ма-хуьллу лахбарна тIехьажийна цхьамогIа программаш. Цаьрца нийса а догIуш, жижигах гIуллакх даран дийнна комплекс йина «Лидер-А» юкъараллехь. Вайна дика девзаш ду цуьнан сурсаташ. Цигара махлелоран сете (цхьайолчу гIаланашкахь, ярташкахь йолуш ю цуьнан туьканаш а) тахана дIадохьуьйту тайп-тайпана йоьхьаш, жижиган консерваш, кхидолу сурсаташ.
Ткъа «Лидер-Р» юкъараллехь юьхьарлаьцна шурин даьхнилелор кхиор, докъарийн йоккха туш кхоллар. Тахана еш йолчу шурин комплексехь 1200 етт хир бу. 4 эзар бежанна докъарца кхачоян ницкъ болуш хир ю докъарийн комплекс.
Iедалан органийн тайп-тайпанчу тIегIанашкахь тидамза ца буьсу юкъараллийн а, агрохолдингийн а коллективаша, арендаторша, фермерша кхачанан сурсатийн токхо кхолларна тIехьажийна беш болу болх. Республикехь хьакъ доллу совгIаташ дарца дуккхазза а билгалбаьккхина царах дукхах болчеран къинхьегам. Церан гIуллакхашна тIехь хаддаза терго латтош схьавогIу ахархочун хьуьнарш ша а гойтуш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Россин регионашкахь а дика девза фермерийн бахамийн гIуллакхаш. Цунна тоьшалла лара мегар ду 2014-чу шеран октябрехь Москвахь дIабаьхьначу «Дашо гуьйре» аьлла болчу агропромышленни гайтамехь царна ейтта мидал елла хилар а.
Иштта масалш кIезиг дац республикехь. Цара гойту Нохчийчоьнан агропромышленни комплекс кхиорна фермерша, арендаторша, шайн гIуллакх долийначара юкъаюьллуш йолу хазна хаддаза алсамйолуш хилар. Дуьйцийла йоццуш, иза кхин а алсам хилийтарна тIебоьдучу новкъахь царна гIо до, хан яларца дийр а ду регионехь гIуллакх деш йолчу «2014–2017-чуй шерашкахь а, 2020-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь а яртийн территореш цхьанаэшшара кхиор» аьлла йолчу подпрограммо. Иза кхочушъярна къастийна 1 млрд. 440 миллион 451 эзар сом сов ахча, шех коьрта дакъа федеральни бюджетера къастийна а долуш (983 миллион сом сов). Цуьнан коьрта Iалашо ларало юьртахь дахаран бегIийла хьелаш кхоллар, социально-демографин хьал тодар, къинхьегаман юьртан рынок шоръяр, ярташка газ, хи далор, цаьрца кхачояр: цо билгалдо 2020-чу шарна тIекхочуш юьртахь 133 эзар квадратни метрал сов хIусамаш яр, 912 километр йохалла газан сеташ яхкар (цо таро хуьлуьйтур ю газаца кхачояр 92 проценте дIакхачо), ярташкахь бехачу бахархошна молчу хица кхачояр 70 проценте кхачо.
Кхеташ ду, карарчу хенахь деш долчу а, герггарчу шерашкахь дан леринчу а гIуллакхех лаьцна дуьйцуш республикин юьртан бахаман министра и документ а, цо лун болу пайда а хьесапе эцна хилар а. Къона доьзалш юьртахь баха ховшарна, къона говзанчаш бахамашна тIечIагIбарна бегIийла хьелаш подпрограммо кхуллуш, цо луш йолчу гIоленех хIинцале а иттаннаш къоначу доьзалша а, къоначу говзанчаша а пайдаэцна хилча-м муххале а.
Республикин юьртан бахамехь долчу хьолан, иза сихчу боларшца кхиорна тIехьажийна ведомствон куьйгалло деш долчу гIуллакхийн ойла еш цхьа а тайпа шеко ца кхоллало вайн латталелорхой – пачхьалкхан бахамийн коллективаш, фермерш, арендаторш, шайн гIуллакх долийнарш шайн Iалашоне кхочург, юьртабахаман сурсатийн шорто кхолларехь керла дозанаш цара карадерзориг хиларх. ХIунда аьлча, царна ондда гIортор хилла лаьтташ ду регионан куьйгалла.
Л.МАГОМАЕВ
№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо