Цхьа-ши дош…

   ОвгIанан хIаваан тIеман ницкъийн кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна хIаллаквина «Иблисан пачхьалкх» террористически организацина юкъара 20 сов зуламхо.

***

   Шеман Iедалан эскарша Латакии гIалахь гIаттамхошкара схьаяьккхина церан коьрта гIап-чIагIо, гIаттамхой дIасалаьхкина.

***

   Хонкарарчу Стамбул шахьаран Султанахмад майданахь (ша эккхаш) эккхийтар дина Шемарчу террориста. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, 15 стагана чевнаш хилла. Кхелхинчарах 9 стаг ФРГ-ра ву.

***

   Махкана а, халкъана а муьтIахь, тешаме хила чIагIо йина хIокху деношкахь Тунисан керлачу правительствон декъашхоша.

***

   Индехь басах яхана дешархой школашка буьгуш йолу автобус. Цу тIехь хиллачу дешархойх виъ кхелхина, вейтта лазийна.

***

   Мохк бегийча бохам хиллачу Таджикистанерчу бахархошна 32 тонна  гуманитарни гIо дахьийтина Россин МЧС-о, ткъа Пакистано – 1 миллион доллар ахча.

***

   Украинин Iедало чекхдаьллачу 2015-чу шарахь шайн эскарш 250 эзар стагана алсамдаьхна.

***

   Украино 2015-чу шарахь кIора баккхар 38,8 процентана лахдина. Оццу хенахь, беза мах а луш, дозанал арахьа кIора эцар шозза алсамдаьлла.

***

   Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира «Аэрофлотан» генеральни директорца В.Савельевца. Цара дийцаре дира «Аэрофлот» кхидIа а кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   Вайн мехкан Президента В.Путина 80 шо кхачарца декъалвира Латвера композитор Р.Паулс. Цуьнан цIе дика евза Россехь а, СНГ-н мехкашкахь а.

***

   Россин Премьер-министра Д.Медведевс правительствон совгIаташ дира мехкан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна.

***

   Карарчу шарахь Россин малхбузе декъехь керла кхо дивизи вовшахтухур ю. Оцу хьокъехь хаам бина мехкан оборонан министра С.Шойгус.

***

   Японин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн экс-министраца хиллачу цхьаьнакхетарехь Россин МИД-н куьйгалхочо С.Лавровс дIахьедира: «Росси кийча ю Японица йолу юкъаметтигаш дерриге а дакъошкахь кхиорехьа болх бан».

 №3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: