ХIора шеран 13-чу январехь Россехь билгалдоккху Россин Зорбанан де. Оцу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь цхьаьнакхийтира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон куьйгалхой, говзанчаш.
Россин Зорбанан денца гулбелларш декъал а бина, министра Умаров Джамбулата коьрта тидам тIебахийтира 12-чу январехь СМИ-н куьйгалхошца, министерствон векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шуьйрачу хаамийн гIирсаша бечу белхан, оцу балхахь нисдолуьйтучу кхачамбацарийн хьокъехь динчу къамелана а, цо СМИ-н векалшна хьалха хIитточу керлачу декхаршна а, уьш дуьззина кхочушдархьама дан дезачунна а. Гулбеллачара къобалдеш тIелецира министран къамел.
Цул тIаьхьа, Умаров Джамбулата Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира зорбанан изданин а, издательствон а белхахошна. Иштта, Нохчийчоьнан Журналистийн союзан председатела И.Хатуевс а Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира тоьллачу цхьамогIа журналисташна.
Йоццачу концертаца дерзийра и мехала цхьаьнакхетар.
А.Арапханова
№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо