Даздира нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттор

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентехь Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан денна лерина гулам хилира. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор а, бохийна болу вайнах Даймахка цIаберзар а хIора шарахь даздо республикехь.

     Даздаран цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь, иштта кхиберш а.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира вайн дай махках баьхна хала мур чекхбалар а, уьш Даймахка цIаберзар а нохчийн къоман исторехь уггаре а мехалчех цхьа агIо хилар а, нийсо толаран тоьшалла долу историн хилам иза хилар а.

«Хийрачу махкахь, декъаза йорт етташ, гIийла дуьне диъна долчу нохчийн къомана Даймахка цIадерза бакъо елира. Кхойтта шарахь халонаш, мацалла, къизалла, цамгарш, эшамаш лайна, эххар а, дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзира нохчий. КхидIа баха а, къахьега а ницкъ карийра царна», – дийцира республикин Куьйгалхочо.

Даудов Мохьмада билгалдаьккхира нохчийн къам, вайн кIентий Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь а болуш, ткъа Соьлжа-ГIала ЦIечу Эскарна мехкадаьттан сурсаташ латтош а йолуш, халкъ махках даьккхина хилар. Парламентан спикера ма-аллара, «уггаре а йоккха харцо яра вайн къомана тIехь  йинарг, иза бахьанехь ах сов къам хIаллакьхилира вайн».

«Вайн халкъ Даймахка цIадерзар баккъал а доккха дезде дара дерриге къомана. Халонашка хьаьжна доцуш, юха цIенош дан, латтанаш лелон, белхаш бан буьйлабелира нах», – элира М.Даудовс.

Дагадоуьйту, 1957-чу шеран 9-чу январехь СССР-н Лаккхарчу Советан Президиумо Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь Указ тIеийцира. 1944-чу шарахь Казахстане а, Юккъерчу Азе а дIабигначу нохчашна, гIалгIашна  шайн Даймахка юхаберза бакъо елира цо. 2010-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIеэцначу Указца догIуш, 9-гIа январь Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан де санна, билгалдоккхуш ду.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: