Кадыров Рамзан хьалхарчарна юкъахь ву

2015-чу шеран декабран жамIашкахула Россин субъектийн куьйгалхойн сий-лараман рейтингехь шолгIачу меттехь ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Шен талламехь цунах лаьцна хаам бира Политически, экономически коммуникацийн агентствос.

   Хаттарш даран жамIашкахула иза «ЧIогIа боккха сий-ларам» бохучу декъехь ву.

Рейтингехь хьалхарчу меттехь ву Москван мэр Собянин Сергей. ШолгIачу меттехь – Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. КхозлагIа меттиг ГIезалойн Республикин Президентехь Минниханов Рустамехь ю.

Россехь уггаре а сий-ларамечу губернаторийн рейтинг шайца билгалйоккхуш долу Политически, экономически коммуникацийн  агентствос экспертни хаттарш дар дIахьо къайлах анкеташ кечъяран кепаца. 2015-чу шеран декабрехь оцу гIуллакхехь дакъалецира 25 эксперта: политологаша, политтехнологаша, медиаэксперташа, журналисташа.

ЖамIан рейтинг билгалйоккху Россин регионийн берриге а куьйгалхойн сий-лараман Россин экспертни юкъараллин куьйгалхоша цхьаьна мах хадорца. Хаттарш даран жамIашкахула рейтингана юкъабахана нах дIасанисбо хIокху дакъошкахула: «ЧIогIа боккха сий-ларам» (1–20 меттигаш), «Боккха сий-ларам» (21–50 меттигаш), «Юккъера сий-ларам» (51–85 меттигаш).

С.МАМАЕВ

 

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: