Журналисташна болх жигарабаккхар тIедиллира

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхошца. Цигахь дийцаре дира хаамийн гIирсийн болх жигарабаккхаран хьокъехь долу  гIуллакхаш а, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яран некъаш а.укпуц

   Регионан Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къаьсттина тидам тIебохуьйтура шуьйрачу хаамийн гIирсаш кхиорна.

– Цуьнан гIоьнца меттахIиттийна телевиденеш, радиош, зорбанан изданеш. Уггаре а хьалха юхаметтахIоттийна Зорбанан цIа, схьайиллина Россехь а тоьллачарех йолу «Грозный» телевидени, – бохура цо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, къаьсттина тидам тIебахийта беза экстремизман, терроризман идеологина дуьхьало ярна.  И белхаш денна дIабахьа а беза. Цо билгал ма-даккхара, телевизионни а, зорбанан а материалашкахь вай гайта деза эладиташ даржош берш нийса цахилар а, уьш Россин пачхьалкхан мостагIий хилар а.

– Малхбузен цхьаболу шуьйрачу хаамийн гIирсаш Россехь долу хьал галдаккха гIерташ къахьоьгуш бу. Иштта хьал хIоьттина хилча, вайн юьстах девлла Iан йиш яц. Царна дуьхьало ярехь къахьега деза вай, – элира цо.

Кадыров Рамзана дIахаийтира журналисташ беш болчу балхана ша реза цахилар, цо СМИ-н куьйгалхошна тIедиллира йоццачу ханна массо а агIор болх жигарабаккхар а, тобар а.

– Шун балхана кхоьллина тIех дика хьелаш ду, аш мало а ца еш болх бахь вай кхиамаш бохур бу, мостагIий шайн метта охьа а ховшор бу. Цу тIехь шун Дала аьтто бойла, – бохура цо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дош делира йоццачу хенахь болх тобан, кхузахь динчу къамелан нийса маь1на даккха.

Р.РАМЗАНОВ

 

№3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: