Нохчийчуьрчу хьолана Iаткъам бан гIертар эрна ду

Иштта дIахьедар дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана

   Курчалойн районерчу Хоси-Юьртахь (ЦIоьнтарахь) шайн белхан декхарш кхочушдеш бу Россин МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округан СОБР-ера бIаьхой. Кхузахь ю церан Iаморан-тренировкаш яран туш. ХIокху деношкахь цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо теллира уьш тIамна кийча хилар. Таллам дIахьочу хенахь моггIара дIахIоьттинарг эзар гергга бIаьхо вара. Церан 50 сов тIеман машен яра дIахIоттийна. Царна юкъахь яра керла юкъаевлла «Булат», «Патриот», «Тойота», «Урал», «Камаз» машенаш, БТР-ш, кхиерш.UMAR1214

    Таллам бар дIахьочу хенахь регионан Куьйгалхо уггаре а хьалха хьаьжира бIаьхойн Iер-дахаран хьелашка. Уьш бегIийла хилар коьрта дара цунна. «Дерриге а дуьненна девзаш ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Дала бакъо толайойла!» боху дешнаш. Шен къамел даима цо дерзадора «Дала бакъо толайойла!» бохучу оцу дешнашца. Бакъо къуьйсуш цунна юххехь лаьтташ бара кIорггера ийман долуш, майра, баккъал а цIенчу даггара шайн Даймохк безаш болу кегийрхой. Царах иттаннаш дахарера дIабахана гIазотан некъа тIехь. Церан масалш тIехь вайн Даймохк ларбан Iемаш бу лерринчу подразделенийн бIаьхой, – яздина Кадыров Рамзана социальни зIенехь йолчу шен агIонашкахь оцу туьшехь хиллачул тIаьхьа.

Кечаме хьаьжначул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Куьйгалхо хьалха а волуш, СОБР-н эзар гергга бIаьхо гIаш кешнашка бахара. Оцу туьшана масех чаккхарма генахь ду уьш. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан бIанакъостийн а кешнашна хьалха хIиттира уьш. «Тхоьца, тхуна тIаьхьа хIоьттина кхузаманан тоьлла 50 гергга тIеман техника яра, бIаьхой шайн герзашца бара. Тхо тхан хьомечу ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, цуьнан бIанакъостийн кешнашна хьалха хIиттира. Ас царах хIораннан а турпалаллех, майраллех, доьналлех лаьцна дийцира бIаьхошна. Цул тIаьхьа, ерриге а юьртах чекхдевлла тхан деден Iабдулхьамидан цIарах долчу маьждиге дахара. Цигахь жамаIатехь ламазаш дира, – яздина Кадыров Рамзана.

КхидIа а цо яздо: «Дуьненаюкъарчу «Иблисан гIера» террористийн организацис, кхечу террористийн тобанаша шайн коьрта гIакх (мишень) лоруш ю Нохчийчоь. Амма Нохчийчохь долчу хьолана муьлхха а цхьа тIеIаткъам бан гIортар эрна ду, иза мостагI сийсаз хилла доьрзур ду. ХIунда аьлча тIехдика Iамийна болчу эзарнаш кегийрхой кийча бу Нохчийн Республикера синтем а, маьрша дахар а дохо гIоьртина муьлхха а мостагI хIаллакван. Уьш иштта кийча бу, нагахь санна Россин Федерацин Герзашца Кечбинчу Ницкъийн Коьртакомандующис Путин Владимира омра дина хьал хилахь, мостагI муьлххачу меттехь а хIаллаквина дIаваккха! Дала бакъо толайойла!» – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

С.ХАМЗАТОВ

 №3, еара, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: