ду Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин Аллейхь хIора Керла шо долалуш республикин бахархошна музейн фондера суьрташ довзийтар
2016-чу шеран юьхь йолайо Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика меттахIоттийначу денна леринчу суьртийн гайтамо.
2010-чу шарахь комплекс схьайоьллучу хенахь, вайн республикин Художникийн союзан председателан Умарсултанов Вахин къинхьегам бахьанехь, Россин Федерацин Художникийн союзо совгIатна делла пхи бIе сов сурт ду музейн фондехь. Цу юкъахь вайн махкахь бевзаш болчу суьрташдахкархойн живопись, графика, скульптура, декоративно-прикладни искусствон кепара белхаш бу. Уьш Iалашбо музейн суьртийн фондехь. РогIерчу гайтамехь вайн республикин бахархойн а, хьешийн а аьтто бу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а хьакъболчу суьрташдахкархойн 300 сов болх ган. Царна юкъахь бу Нохчийн Республикин суьрташдахкархойн союзан председателан Умарсултанов Вахин, Нохчийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочун Хасаев Чингисханан (ала деза иза Сийлаллин аллейн белхахо хилар – экспозиционни-гайтаман отделан хьаькам), Россин Федерацин хьакъволчу суьрташдахкархочун Бицираев СаьIидан, Россин суьрташдахкархойн академин декъашхочун Шилов Александран, Россин Федерацин хьакъволчу суьрташдахкархочун Худяков Константинан, иштта дуккха а кхечу, (ерриге а регионашкара аьлча санна), суьрташдахкархойн белхаш.
Дерриге а дуьненахь девзаш ду К.Худяковн суьрташ. Цуьнан «Гламурное отражение» сурт Дуьненаюкъарчу каталог юкъадахана. 2014-чу шарахь Японера баьхкинчу туристийн къаьсттина тидам тIебаханера оцу суьртана. Иза шатайпа къайле йолуш сурт ду. Вайн бахархошна иза евзар ю гайтаме кхаьчча и сурт гича. И къайле бахьана долуш дерриге а дуьненахь гIарадаьлла иза.
Гайтаме хьовса аьтто бу 20-гIа февраль кхаччалц.
Дела реза хуьлда ала лаьа белхан де доццушехь суьртийн гайтамах лаьцна дийцинчу, суьртийн хазалла йовза аьтто бинчу Сийлаллин Аллейн директоран Iилманан декъан заместительна Ахматов Висан-Пашина.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо