Ахмаров Рамзан вина 1949-чу шеран март беттан 14-чу дийнахь ГIиргIизойчоьнан Фрунзен областан Чуйски районан Старая Покровка юьртахь. Дешна Буйнакс гIаларчу финансийн техникумехь а, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь а. Белхаш бина Гермачигарчу №1 йолчу юккъерчу школехь, Аргунерчу №30 йолчу корматаллин-технически училищехь хьехархо, Шелан районан больницехь экономист волуш. Цул тIаьхьа еххачу хенахь районан «Знамя коммунизма» («Зама») газетехь болх бина (корреспондент, отделан куьйгалхо, жоьпаллин секретарь).
Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Поэтан говзарш зорбане йийлина муьран зорбанехь а («Зама», «Даймохк» газеташ, «Орга» журнал), юкъарчу гуларшкахь а («Шерийн гунан когашкара»…). Халахеташ делахь а, стихийн шен гулар «ГIоттуш ю Iуьйре» поэт кхелхинчул дикка тIаьхьа араяьлла – 2011-чу шарахь. Поэтан дешнаш тIехь даьхна дуккха а иллеш ду тахана а хезаш («Со-м ца ваьхьна», «ЙоIе ала», иштта кхин а).
Кхалхар хилла 2001-чу шарахь.
Аьрзунаш жаттахь ца лела
Лаьмнашкахь лам ца го.
Локкхалла лоха ю ломахь,
Вайнехан гIиллакхаш
Стогаллех доьттина дела.
Мархашкахь хIуо цоьстуш,
Доьналло гIовттийна тIома
Аьрзунаш жаттахь ца лела.
Шайн дола яьккхина
Анайист, бIаьрго ма-лоццу,
Курачу цхьааллехь
Лакхенна синош а делла,
Шемечу кхин махках
Даймехкан тIулгаш ца хуьйцу
Дартанаш жаттахь ца лела.
Олхазарш, тесна шайн
Чанталан чо боьжна баннаш,
ЭгIазчу тIемаш тIехь
Гулдаларх, довда сахаьлла,
ЧIана гарх бIаьргашна
ГIа доцу ерзина хьаннаш,
Лечарчий жаттахь ца лела.
Цу кхаа амалх сан
Ойланаш бераллехь екхна,
Цундела са осалчу
Адамех хервелла лела.
Лаьмнашкахь лам ца гуш
Адаман дог доцург деккъа,
Сайн къоман кхолламах
Сайн кхоллам ас боьзна дела.
СО-М ЦА ВАЬХЬНА…
Со-м ца ваьхьна
Хьоьга еза ала,
Дено-дено
Йохкуш кханенаш.
Ас суьйренийн
Къайлах лайна бала,
Къаьхьа луьттуш
Мерза ойланаш.
Со-м ца ваьхьна
Хьоьга еза ала,
Хьан сагатлуш
Дог а дилхина.
Ахь кхечунна
Iенош бIаьргийн алу,
Со гуш йоцчу
ЦIаро вагийна.
Со-м ца ваьхьна
Хьоьга еза ала,
Лалур доцуш
Алахь чорда дош.
Цхьаллехь юттуш
Сатийсамийн гIала
Бехке доцу
Летийна къинош.
Хьо езаро
Са суждане кхуьйлуш,
Хьан аматийн
Йийсар со хилла,
Жимчу даг чохь
Боккха безам къуьйлуш,
Дохковаьлла,
Еза ца аьлла.
ЙОIЕ АЛА
Юьрта вогIуш
Я дIавоьдуш,
Урам новкъахь, хийистехь,
Эхь ду боху,
Къа ду боху,
ЙоIе вист хьо ца хилахь.
ЙоIе ала: орацахъяла!
ЙоIе ала: елало!
Даг чу летта сийна алу,
Вагаво со, вагаво.
БIаьсте йолуш,
Iуьйре юлуш,
Зезаг дужуш я денлуш,
КIентан ойла
ТIомайолу,
ЙоьIан бIаьргаш делалуш.
ЙоIе ала: орцахъяла!
ЙоIе ала: елало!
Даг чу летта сийна алу,
Вагаво со, вагаво.
Дависийла,
Ницкъ а кхаьчна,
ДIавехийта езаче.
Цуьнга, безам
Теш а лаьцна,
Махка восса седарчийн.
ЙоIе ала: орцахъяла!
ЙоIе ала: елало!
Даг чу летта сийна алу,
Вагаво со, вагаво.
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо