Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллина юкъадогIучу цIеяйъаран-кIелхьардахаран №17 йолчу декъан белхахоша Хьалха-Мартан а, Теркан а районашкахь йолчу школашкахь кхерамазаллин урокаш дIаяьхьира. «Кхерам боцу Кавказ» проектан гурашкахь дIахьош дара и гIуллакх. Школашкахь дешархошна дийцира цIеяларан бахьанех лаьцна.
Хьалха-Мартан районерчу ГIой-Йистерчу а, Олхазар-КIотарарчу а кхаа школехь д1яьхьира кхерамазаллин урокаш. И бахьана долуш, дешархойн таро хилира, маьрша бахархой бехачу хIусамашкахь кест-кеста цIеяларан бахьанаш довза. Газан а, тоькан а гIирсашца ларлуш хилар дийхира цара дешархошка.
«Цхьа а шеко йоцуш, вайна хаьа тоькан гIирсаша вайн дахар аттачу даьккхина хилар. Уьш леррина ца лелийча, царах вайна даккхий зуламаш довлу. ЦIарах лардаларан, кхерамазаллин бакъенаш вай ларъеш хилча цIеяларх кIелхьардевр дара вай», – элира цIеяйъаран-кIелхьардахаран №17 йолчу декъан инспектора Баштыков Рустама.
Теркан районерчу Iели-Юьртарчу юккъерчу школехь а хилира кхерамазаллин урок. ЦIе яьлла меттиг нисъелча, уггаре а хьалха дан дезачух лаьцна дийцира дешархошна.
Дешархошна цIеяларх а цIеяйъарах а дерг кхачам боллуш хаийтархьама, проектора тIехь слайдаш гайтира. И материалаш «Дахарна кхерам цахилийтаран баххаш» предметан хьехархошна д1асайийкъира кхидIа а царах пайдаэцийта.
Вай тешна ду и урокаш дешархошна пайдехь хирг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: школехь – кхерамазаллин урок
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо