Литературин конкурсан жамIаш дира

    13-чу январехь С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь «Я помню чудное прочтение» литературин конкурсан жамIаш дар дIадаьхьира. 2015-чу шарахь билгалдаькхинчу Литературин шарна лерина яра конкурс.20160113_123814

    Цигахь дакъалаца таро хилира оцу библиотекин ешархойн а, кхечу книгашъешархойн а. Иза вовшахтоьхнера Берийн библиотекин белхахоша республикин «Вести республики» газетан редакцица цхьаьна. Конкурсан жамIаш дарехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министерствон социальни-культурин белхан отделан говзанчас Куртоева Маккас. Цо билгалдаьккхира книгаш йоьшуш хилча бен адам хьекъал долуш хирг цахилар. Иштта, оцу конкурсехь дакъа мел лаьцначарна баркалла а элира цо.

«Я помню чудное прочтение» конкурс вовшахтохаран Iалашонех  баьхкинчарна дийцира республикин «Вести республики» газетан журналиста Магомадова Марема.

Цул тIаьхьа билгалбехира конкурсан лауреаташ. Уьш бара: Хажаева Деши, Докаев Ваха, Балатбиева Мадина, Муртазалиева Альбина, Джабаева ПетIамат, Аюбов Хьамзат, Муртазалиев Аслан, Дурдышев Байсар. Царна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира.

З.ИСАЕВА

Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой  

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: