Байбетиран кIант Юсуп-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 1860-чу шарахь Нохчийчоьнан Хошкалда юьртахь. Цуьнан дай Дагестанера баьхкина Нохчийчу. Кхузахь, Хошкалдахь, безаш тIеэцна уьш. Цундела кхузара кхелхина кхечанхьа дIагIур дара бохург цкъа а дага ца деана Байбетирна а, цуьнан доьзалшна а.
Байбетир-Хьаьжа кIорггера Iилма долуш, хьикмате бусалба стаг хилла. Цхьана юкъанна Иласхан-Юьртан маьждигехь имам а лаьттина иза, Кишин Кунта-Хьаьжа волчохь а Iаш. Накъшбандин тIарикъат хьоьхуш хилла цо.
Бераллехь дуьйна ийман долуш хиларца билгалволчу шен кIантана Юсуп-Хьаьжина, иза жима волуш бусалба дин Iамо волавелла Байбетир-Хьаьжа. КIанта, цIокъболато эчиг санна, дIалоцуш хилла шена хьоьхуш долу Iилма. Иэс чIогIа дика долуш хилла иза. Юьртахь, махкахь йовза йолаелла цуьнан цIе. Цо бина хьехамаш тIелоцуш хилла наха. Юсуп-Хьаьжас, эвлаяашна, шайхашна инкарло ма елаш, вирд бахьанехь вовшашна весаш ма елаш бохуш, кхайкхамаш беш хилла.
Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжас, Теркайистерчу Iусман-Хьаьжас, Iалхан-Юьртарчу Ахьмадукъ-Хьаьжас, Нохчийчуьрчу кхечу эвлаяаша бехна, ХХ-чу бIешеран юьххьехь, Мединатера къурайшийн сийлахьчу тайпанах болу дика нах баьхкина вайн махка. 13 стаг хилла уьш. БоггIушехь Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжина тIебиссина и дика нах. Царна юкъахь хилла Сайд-Хьасанан кIант Сайд-Эми а.
Юсуп-Хьаьжас Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу ярташка дIасахьовсийна уьш, адамашна юкъахь Делан цIена дош даржо, бусалба дине марзо кхолла. Цу хенахь нохчийн Iаламат боккха сий-ларам хилла Iаьрбашка. Цара аьлларг деза лоруш хилла. Юсуп-Хьаьжас шега аренца йолчу цхьана юьртахь саца аьлча, Сайд-Эмис аьлла:
– ХIан-хIа, Юсуп-Хьаьжа, со кхузарчу ярташкахь соцур вац. Дишни-Ведана цIе йолуш цхьа юрт ю боху шун лаьмнашкахь, цига гIур ву со.
– Буьрса, хала меттиг ю-кх иза, Iаьрбийн махкара веанчунна муххале а. Цу тIе, хьо тIеэца кечвелла стаг хуьлий а ца хаьа цигахь. Вай цига бина хаам а бац.
– Дишнийх а волуш, ши хьаша ву сан Дишни-Веданахь, Къарнай-Хьаьжа, МухIажар-Хьаьжа цIерш йолуш. Хьаьждан веана волуш Мединатехь вевзина суна и шиъ. ГIиллакх, ийман, оьздангалла йолуш ши къонах ву и шиъ. Вайгахь буьйсанаш яьхна цу шимма. Царна чIогIа новкъадогIур ду со кхечу юьрта водахь.
– Дика ду хIета. Ахь цIерш яьхна къонахий бевзаш бу суна. Цара ледара вуьтур вац хьо, – аьлла, Сайд-Эми дIавахийтина цо. Цул тIаьхьа а кест-кеста вовшахкхеташ, вовшех дагавуьйлуш, адамашна бусалба дин Iамош, адамашна юкъахь маслаIат деш хилла и шиъ.
Шен Iилма кхин а кIаргдан лууш, цул тIаьхьа Хонкара воьду воккхаллехьа лестина волу Юсуп-Хьаьжа. Цигахь бусалба Iилма Iамош, шена девзинарг нахана дIахьоьхуш масех шо доккху эвлаяа. 1923-чу шарахь цигахь кхелха иза. Шен махкана генахь лахьте а верзаво. Ша кхалхале хьалха Юсуп-Хьаьжас олуш хилла боху (Нохчийчохь Iаш волчу хенахь), шен кхалхар хийрачу махкахь хир ду, делахь а кхелхинчул тIаьхьа нийсса ах шо даьлча ша шен дена Байбетир-Хьаьжина улло Хошкалдарчу кешнашка дIавуллур ву. Цо ма-бохху хила а хилла.
Юсуп-Хьаьжа кхелхина ялх бутт баьллачул тIаьхьа, 1924-чу шарахь, Хонкаран Iедало бакъо елла шайх шен махка – Нохчийчу –дIавигийта. Цигара схьа а валийна Хошкалдарчу кешнашка, шен дена юххе дIавоьллина иза. Цуьнан мурдаша циггахь зерат дина. Цу чохь моггIара лаьтташ ду Байбетир-Хьаьжин а, Юсуп-Хьаьжин а, Нур-Мохьмадан а кешнаш. Денна бохург санна, цигахь хуьлу Дагестанера а, Нохчийчуьра а Юсуп-Хьаьжин мурдаш. Оццу кешнашка дIавоьллина ву Нохчийчохь дика вевзаш хилла Iеламстаг, Юсуп-Хьаьжин мурд Изновр-Молла.
… Юсуп-Хьаьжа вайна юкъахь воцу бIе шо гергга хан елахь а, кхочушхуьлуш схьадогIуш ду цо хир ду баьхнарш.
С.ХАСАНОВ
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо