(Юьхь – кхул хьалхарчу номерехь)
ЦIеххьана телефон йийкира. ЧIогIа яьллачу гIовгIано тхо самадехира. Хиллачух ца кхеташ, дIасахьаьжира со а, сан накъост а. Екнарг шен телефон юйла хиъна, меттаххьайра къона цIийнда, оцу сохьта, наб яйна охьахиира зуда а. Муьлхачу кисанахь ю ца хууш, цкъа кетаран, тIаккха хечин кисанашкахь лехира стага екачуьра ца соцу аппарат. Ца карош, юха а кетаран кисанаш кегийра, тIаьххьара а чухларчу кисанахь карийна, хьалаяьккхира. Къегина, серлаяьллачу экранна тIехь йогура лоьмар. Цунах бIаьрг кхетташехь, стага сиха дIа а яйъина, чухларчу кисанахь къайлаяьккхира иза. Амма гIовгIа, тхо Iадо гIерташ санна, юха а елира. Стаг, телефон схьа ца оьцуш, коре дIа а вирзина, охьахиира.
– ХIей! Ахь хIун до? – ца кхийтира зуда. –Телефон ма ю хьан екаш.
– Хеза суна, – цергаш юккъехула даьккхира стага, схьа а ца воьрзуш.
– Хазахь, схьаэца!
Юха а телефон тIе пIелг таIийна, дIа а яйъина, кисана кхоьссира цо. Цуьнан леларх цецъяьлла, тIаккха, шекъяьлла дIатийра зуда, амма гIовгIа саца дагахь а яцара.
– Мила ву и? – хаьттира цо.
Стаг вист ца хилира.
– Ас хьоьга ца хоьтту, мила вара иза?
– Ца хаьа, – доцца хадийра стага.
Эццахь юха а йийкира аппарат. Мича яхана ца хууш, едда, яйра тхуна тIегIоьртина наб. Мел гинарг, мел хилларг дицделла тап аьлла Iара массо а. Хетарехь, гIеххьа воьхна, хьацар тоьхна волчух тера дара жима стаг.
– Ахь и телефон схьаоьцу я ца оьцу? – баккъал а, харжам ца буьтуш, хаьттира зудчо.
Цунна тIе йирзинчуьра дIа ца йолура иза, бIаьрга тIера бIаьрг ца боккхура. Дан хIума доцуш висинчу стага телефон схьаоьцу, вистхуьлу:
– Алло!..
ТIаккха жимма собар а дой, тIетуху:
– ХIумма а. Дика ду. Ас юха дIатухур ю хьуна…
Цо шен жима корта юха а озачу белшаш юккъе чуузуш хетаделира суна. Ткъа шех бIо ца булуш, юхьIаьржа волчу меттехь цо и деш хиларх тешна а яра со хIинца. Шена хетарехь иштта къайлаволу, дIалечкъа хьесап дара цуьнан иза. ГIийла дегочу куьйгашца куй тIе а тиллина, иза бIаьргашна тIекхаччалц цо охьатеттича, сан цу хьокъехь мел йолу шеко а дIаелира. Амма цуьнан зуда кIезиг холча ца хIоьттинера. Аз хийцаделлера, куьйгаш а гIийла дего доладеллера.
– Мила вара иза? – хаьттира цо.
– Вевзаш волу цхьа накъост вар-кха…
Кхин сов иза вистхила кхиале юха а йийкира аппарат.
– Схьалол цкъа соьга и телефон! – кхиэл кхайкхош санна, чIогIа элира зудчо.
Стаг меттах ца волура. Ца хезаш санна, хIумма а ца гучу бIаьрзечу адамах терра корал арахьарчу, стигларчу седарчех терра Гуьмсе гIала серлаяьккхина йогучу панарашка хьоьжура иза.
– Схьало соьга телефон!
– Ца ло, – шен боллу ницкъ а, майралла гулйира стага.
Екачуьра ца соцуш, цу шиннан даьккхина а ца Iаш, тхан массеран а синош хьерадаьхнера телефоно.
– Мила ю иза?
– Мила? – ца кхета кеп йира стага.
– Мила ю хьоьга телефон еттарг, алалой хьоьга? – гIеххьа мохь белира зудчуьнга.
– Ас хьоьга аьлла-кх, сан накъост ву.
– Со Iовдал ю моьтту хьуна, моьттий? Ян а ю со Iовдал! Ахь бох-боххург деш, хьо хьеста а хьоьстуш, Iаш йолу… – аз дегийра цуьнан. – Хьайх теша а тешна, сайн цIерачара аьлларг ца дина, еана йолу дела, иштта, нийса-м дера ву хьо соьца.
– ХIун дина ас? ХIун боху ахь? – мохь хьакха а дагахь, вистхилира стаг. – ДIасаца!
Телефон еттара.
– Ахь схьаоьций и жIаьлеша яарг? – мохь белира зудчун.
– Ца оьцу! – дуьхьал мохь хьаькхира вукхо. – Хьо дIасоций? Нах бу вайга ладоьгIуш.
ХIинца-м хетарехь, цхьа а хIума бен ца хетара дог даьттIачу зудчунна. Хилла вас ца ла елла бIаьрхиш девдира юхь тIехула охьа.
– ЛадогIийтахьа! Хазийтахьа! Суна бен дIа-м ца хета, я эхь ца хета. Хьо ма ву даима а эхь хеташ верг. Вистхила эхь хета, ваха а эхь хета, ван а эхь хета, хьайн гIуллакхе ваха а эхь хета, болх бан а, со кхаба а эхь хета, хьуна массарах а эхь хета. Со хьалха яккха эхь ца хета хьуна. Вижина Iилла а, ас дечиг доккхушехь, эхь дац, буьйсанна со йоцуш аравала ваьхьаш ца хилча а, эхь дац. ХIинца кху чохь вайга ладоьгIча эхь ду? ХIунда? ХIунда ду эхь? Я кхоьру хьо?Схьаэца и гIоза ма хиларг, ахь ца эцахь, ас схьаоьцу хьуна и!
Тоха кхин са доцуш, мохь тоьхнна, йилхира иза. Меттах ца довлуш, Iара тхо а.
– Пекъар… – элира цхьамма, цIеххьана.
– ХIети, хIети… – тIетайра кхин цхьаъ а.
– Керара хIума яош лело а веза хьуна хIара…
– ВаллахI, БиллахI яор яцар-кха…
– Миска яI-кх хьо!..
– ХIей! Собар дейша! ХIинца а и еттарг мила ву а ма ца хаьа…
– Деллахь хаьа суна-м…
– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю…
– Хьала кхоьссича охьавогIур вац…
– Эхь доцу хIума…
– Ахь схьаоьцу и я ца оьцу? – чIогIа хаьттира цо.
– Ца оьцу, – болатал а чIагIвелира стаг а.
– Дика ду! ТIаккха ас оьцур ю иза-м.
Оцу дешнашца сиха шен куьг стеган кетаран кисана дахийтира цо. Шен ма-хуьллу дуьхьало еш иза юхаяккха вуьйлира важа. Вовшашка дош аьлла дист ца хуьлуш, тасаделира и шиъ. ХIун хила доллу ца хууш, доьIуш долу са а сацийна Iара тхо. Шопарна юххера меттигаш дIалаьцна Iаш волу ши стаг а вирзира юха. Шопарна а кестта хиира хIоьттина долу хьал. Некъ ца гуш, шена хьалха кхозучу куьзгана чухула тIехьа хуьлучун тидам бан гIерташ, къахьоьгуш вогIура иза. Тийналла хIоьттинера. Машено еш йолу гIовгIа а новкъа йолуш, лерса, бIаьрса ирдина Iара тхо. Шен-шен меттера айъавелла, озавелла, хьоьжура зудчун, стеган юкъаметтиган чаккхе муха хуьлу. Хьалха Iачарах цхьамма машен чуьра чиркх латор хьахийра.
Эццахь телефон зудчун кара кхечира. Цуьнан цIийнда, доккха са а даьккхина, гIуллакх Деле дIа а делла, гулвелла, шен Iедал ма-хиллара, корта белшаш юккъе озийна, кор долчу агIор вирзира. Тхоьца болчу зударийн гIеххьа самукъаделира и гIуллакх зуда тоьлаш чекхдаьлча, ткъа боьрша нах, резабоцуш, шабар-шибар деш бара.
– Алло! – аз ойъуш, чIогIа йистхилира зуда. – Хьо мила ю? Ахь хIун оьшуш еттара телефон?
Жимма ла а доьгIна юха а оьгIазе аз дегош элира:
– Со бохий ахь? Со цуьнан зуда ю-кх! Хьо мила ю алал?..
КхидIа тоха са а ца хилла, тIекхетта, стага озийна схьаяьккхира цуьнгара телефон. ДIа а яйъина, шен кисана йиллира.
КхидIа и шиъ дист ца хуьлура, я вовшашка хьажа а ца хьожура. Цхьаъ шен юьхь юьззина оьху бIаьрхиш сеца а деш, шен даккхий, лардар доцуш, къакхоьгучу куьйгашка хьоьжура, ткъа важа, хьалха санна, ара бIаьргаш боьгIна, къегина, серладаьллачу юьртарчу цIенойн корашка хьоьжуш вогIура. Цхьа а вист ца хуьлура. Вистхила дог а дацара. Тайп-тайпана ойланаш-м хьийзара массеран а коьрте, делахь а дешнаш кхачийнера.
Доккха Iин хIоьттира цу шинна юккъе. Ша хьаьхча санна, шелделла дегнаш. ОьгIазло, вас, вовшех цакхетар. Шатайпа безамца а, бертахь а хилла гергара ши адам, цкъа тоьхначу телефонан горгалис вовшийн мостагI дира. Иштта экаме бу безам. Ткъа, цхьана безамца вехаш вац вайх цхьа а. Вовшашца лело дезаш долу гIиллакх, оьздангалла, йовхо и безам вовшахтосуш йолу йисташ юй те аьлла, хетало. Бисинчу некъан йохалла ойла йора ас тахана сайна гиначун. Тхан шега оьгIазло гIаттийра жимачу зудчо, тхан некъ болабалале. Шен амал гучуйоккхуш, шен лаамаш лакхабохуш, юха ца хьожуш, цо кхечаьрца хIоттийначу кепо деш таIзар дарий те аьлла, дагатесира суна. Амма, бакъду, суна даггара къахийтира цунах. Шен жималлех Iехаелла хила там бу иза, хьекъал ца кхаьчна, галъяьлла. Мел чIогIа ницкъ бу аьлла хетахь а, ша тешаш долчу, дезаш долчу, лоруш долчу адамо вас йича, шен ницкъах вухий, дог кIадлой, са дассалой вуьсу стаг дуьненахь. Юкъаметтиг ларъяр хьалхара Iалашо хила езара массо а доьзалехь. Гуттар а нийса хир дара стаг зудчунна хьалхаваьлча, цо иза ларъеш, хьостуш, дог оьцуш, доладеш хилча. Ткъа хIусамнана – шен меттиг хууш а, цу меттиган сий деш а.
Устрада-ГIалина тIекхачале охьадоьссира и шиъ. Мел долу даккхий а, кегий а тIоьрмигаш гулдина, уьш шина куьйга лаьцна, оха гIо а деш, дукха хала, хьалха охьайоьссира зуда. Лекха дегI шалха а диллина, охьатаьIна, шен деха ши куьг кетаран кисанашка а диллина, охьаиккхира жима стаг а. Iаьржачу буьйсано къагийнера йоьлхучу зудчун юьхь. ГIийла лаьттара иза, когаш бухалара латта а «лесташ», балано кийра а буьзна, шена хилларг хIун ду а ца кхеташ, тхан машенна тIаьхьахьоьжуш. Суо гуш санна, жимма хьалаайъина куьг ластийра ас цуьнга, ела а къежира, амма Iаьржачу буьйсанах дIаийра цуьнан аматаш.
М.Магомаева
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо