2015-чу шеран 16-чу январехь Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIахь бехачу ЮсуповгIеран доьзале ирча кхаъ кхечира. БархI шо кхаьчна йолу йоI, хьалхарчу классан дешархо Юсупова Хьава, школера цIа йогIуш, тIе машен кхетта, лазийра. Ядийна, больнице йигира иза. Кхо де кхетам чохь йоцуш даьккхира. ДоьалгIачу дийнахь, 20-чу январехь, кхин метта ца йогIуш, хиллачу чевнех иза дIакхелхира. Наркотикаш… молуш ерш, узуш ерш, корта бахо тайп-тайпа молханаш, хIуманаш. Уггаре а Дала ца магийна, хьекъалх тилош, адамаллех воккхуш, Динах вохош долу вайна юккъера и зулам. И эшон муьлха некъ оьшу те? Муьлха къийсам латто богIу те ишттачу зуламна дуьхьал?
2006-чу шеран 18-октябрехь дуьнен чу яьллера Хьава. Доьзалехь йоккхахъерг яра иза. Жимачохь дуьйна самукъане, адамашца уьйр, гергарло дезаш, шен дахарх сакъералуш, шатайпа бер дара. Адамашна юккъехь хуьлуш долу дов, хьагI-гамо, харцо хала ловра цо, дахаран хиламаш дукха тIеуьйзура шена. Баккхийчара хьехар деш а, дов деш а меттиг хуьлура цунна и бахьана долуш. Шен хенаца хила йогIуш йоцу дог-ойланаш яра Хьаван коьртехь хьийзаш, сема кхетам, хьекъал дара, цхьацца хенахь шен гергарнаш цец а бохуш.
Шен лаам хилла, де-ненера пурба даьккхина, яхара Хьава шен ялх шо долуш юьртарчу хьуьжаре деша. Уггаре а шен коьрта Iалашо хетара цунна Iаьрбийн йоза Iамор а, и Iамийна яьлча Къуръан дешар а. Цу новкъа нийсса схьа а еара иза. Хьехархо цецвоккхуш, шен нийсархойл хьалха деша а, яздан а Iемира. Цуьнан хьунарех воккхавечу хьехархочо хазахетарца шегара совгIат а дира Хьавана.
ТIаккха школе яхара. Цигахь а яра йоI дика ларош. Школин дахарехь хуьлучу хиламашкахь, дезденошкахь дакъалоцуш, хьалха йоккхура Хьава хьехархочо, иза дешарна дика тIаьхьакхуьуш а, кхечу берашна юккъехь къаьсташ а хиларна. Дукха хан ялале, школин дозаллина хьалатуьйхира Хьаван сурт.
Цхьа а билгало йоцуш, селханлерачух тера хетара 16-гIа январь. Хьава школе яха сиха яра цу дийнахь. Юучуьнца сихо еш, бедарца сихо еш, ша даима араялале хьостуш хилла йолу нана хьаста а сихо еш.
– И цхьа де дара Хьава суна мара ца кхеташ, сан Iодика ца еш дIаяхнарг, – дуьйцу цуьнан нанас Заремас. – Цхьана шен лакхене кхача сихъелла хиллера иза. Хьинца, ойлане яьлча кхета со, цу дийнан билгалонаш а, ойла ян дисина хIуманаш дуккха а хиларх. Сан кхетам кийча а, сема а ца хиларна, ас кIезиг терго йинера церан. ХIинца карладуьйлу уьш, юх-юха шайна тIе тидам бохуьйту.
Суьйранна урамновкъахула ларлуш, цIеношна уллохула школера цIа йогIура Хьава. Мичара ели ца хууш, хаьхкина, хьовзийна, нехан кетIахула, цIенойх хьакхалуш тIекхийтира йоIана машен…
ГIойтIара вахархо вара хиллачу бохамна бехке верг. Уггаре а чIогIа бохам иза жима стаг цахилар а, иза корта бахийна, ша лелочунна тIаьхьакхуьуш цахилар а дара. Шайн да зуламна араваьлла хилар хууш волу цуьнан кIант кхечира хиллачу бохамна тIе. Дена тIера бехк шена тIе лаца а, Iедалан кера ша дIавала а лаам хилира кIентан. Ткъа да дуьхьало ца еш, цу гIуллакхна тIетайра… Иштта, адамаш хуьлу-кх вайна юкъахь. Ша динчу цхьана зуламна даре дан къонахалла ца тоьаш, шен доьзалхочунна шен бехк тIебилларца кхин а цхьана зуламан да хилира цунах. Делахь а, дукха хан ялале, хиламна тоьшаллина хIиттинчу адамийн дехарца, Iедало нийсонца къастийра и гIуллакх…
Иштта ду-кх вайн дахар! Иштта бу-кх вайн дахаран некъ. Цхьана агIор – ира, шога, ойла йоцуш, шен кераюккъехь Iуьллу зулам кога буха дилла, цуьнан доь дайъа ницкъ ца кхочуш, вукха агIор – кIеда, мерза, сирлачу кханене сатийсам гIенах дуьхьал лаьтташ, амма боца-боца.
Муьлхачу бахьаница бийца болийна бу те хIара хилам? Муьлхачу Iалашонца? Башха дац зуламо Iовжийнарг воккха хилар я жима хилар. ХIора стеган уггаре а коьртаниг, мехалниг ма ду дахар. Цхьа а кийча вац шен лаамца цунах къаста, иза дита. Ткъа, вайн берийн дахаре диллича, ойла а ца еш, шен доьзалхочунна хьалхара иза охьадилла кийча муьлхха а да-нана хир ду. ХIора доьзалехь хила тарло оцу кепара зуламна кхераме волу стаг а. Вай кийча хила деза, вай сема хила деза, вай цунна (зуламна) дуьхьал къийсам латто беза. Ишттачу стеган хаддаза дола дан деза, нийсачу новкъа ваккха бахьанаш леха а, лело а деза. Цхьаволчун да, вукхуьн ваша, цIийнда, кIант, лулахо. Гергарчу наха орцадоккхуш, вовшех дагабовлуш, зуламна дуьхьал маша тосуш, кханалерчу дийнан ойлаеш дIабахьа беза къийсам. ДогIуш долу дарба лелош, царна далучу агIор накъосталла а деш, Дела хьехаварца, иймане кхойкхуш, тIейогIучу кханенан ойла еш.
Юсупова Хьава вайна массарна а зуламан бIаьрла масал ду. Цуьнан метта муьлхха а кхин стаг, зуда, бер хила тарлора. Вайх цхьа а вац хиндерг хаа йиш йолуш. Делахь а вай лелочу бахьанашца цхьана стеган я цхьана зудчун, я цхьана беран дахар вай лардича, иза вай дегнашка кхочу ирсан боккха суй бу аьлла хета. Ткъа Хьава, кху дуьнен чу цхьана къезигчу ханна еана хьаша хилла. Шен хазачу, цIеначу ойланашца, адамашка дог дуьззина болчу безамца, йовхонца ша яккхинчу йоцачу хенахь, ша езаш хиллачу адамийн дахарехь кIорга лар йитина цо. Кестта шо кхочу иза кхелхина, амма иза дагара яьлла, цуьнан сирла бIаьргаш дицделла ца беха цуьнан гергарнаш цхьана а дийнахь. Даима шех ала дош дитина царна Хьавас. Дала хазачу ялсаманин хьаша хуьлда хьо! Дала декъалйойла хьо, Хьава!
М.ДУДАЕВА
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо