Бусалба дин довза луучарна

ДIадаханчу кIиранан шоьтан дийнахь Франци махкарчу муьлххачу  маьждиг чу а вахана, цуьнга бIаьргтоха а, бусалба динан хьокъехь хетарг хатта а, довза а таро хилира французийн.musl

   Иштта гIуллакх Францехь дуьххьара дIахьош дацахь а, цигахь  дакъалоцуш бара оцу махкарчу дерриге а маьждигийн имамаш а, бIеннаш бусалба нах а.

Оцу гIуллакхехь дакъалаьцначара билгалдаккхарехь, Керлачу 2016-чу шеран хьалхарчу деношкахь оцу тайпа доккха а, мехала а гIуллакх дIадахьаран Iалашо яра бусалба динах а, бусалба нахах а Францин юкъараллехь йолу бух боцу харц ойланаш хийца гIортар.

– Францехь бехаш, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш а болуш, дуккха а бусалба нах бу. Тахана хIокху мехкан юьззина бакъонаш а йолуш, бахархой бу уьш. Къаьсттина бевзаш бу Iаьрбий а, нохчий а, иштта Африкин къилбаседехьарчу мехкашкара баьхкина  бусалбанаш. Цаьрца дага а девлла, бертахь бина сацам бара тхан иштта мехала гIуллакх  дIадахьар. Делан пурбанца а, нохчийн а, Iаьрбийн а, иштта кхечу бусалба къаьмнийн а векалш болуш, Францин бахархойн гIоьнца кхузарчу юкъараллехь бух а боцуш, вайн динца йоьзна йолу харц ойланаш хуьйцур ю вай, – элира Ислам динан Францерчу юкъараллин кхеташонан куьйгалхочо Ануар Кбибеша.

М.КАНТАЕВ

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: