Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствона юкъайогIу «Республикин тайп-тайпана хьашташ кхочушдаран туш» кхоьллина 2013-чу шеран 10-чу декабрехь. Шина шарахь дуккха а бахархой тIе а эцна, церан хьашташ кхочуш а дина оцу туьшашкахь.
Таханлерчу дийнахь тайп-тайпана хьашташ кхочушдаран туьшан республикехь 11 офис (5 – Соьлжа-ГIалахь, цхьацца – Аргунехь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, ТIехьа-МартантIехь, Шелахь, Курчалойн-Эвлахь), 6 филиал ю, иштта «цхьана корехула» тайп-тайпана гIуллакхаш кхочушдаран 212 меттиг а ю ярташкахь (бахархой 1000 стагал сов болчохь) ехкина. Республикерчу ерриге а туьшашкахь болх беш 400 сов белхахо ву.
Тайп-тайпана хьашташ кхочушдаран туьшо федеральни, пачхьалкхан, муниципальни хьашташ кхочушдо. 2015-чу шарахь туьшо республикерчу бахархойн 92 795 хьашт кхочушдина, 12 259 вахархочунна туьшан говзанчаша хьехамаш бина (консультаци). Шеран юкъара жамI – 300 эзар сов вахархочун хьашташ кхочушдина.
– Тхан туьшан коьрта Iалашо ю «цхьана корехула» дерриге а хьашташ кхочушдар (хьаштахочун тайп-тайпана справкаш яха дезар, кхийолчу инстанцешкахула лела дезар тIера долу). Туьше веанчу вахархочо шен кхочушдан деза гIуллакхаш билгалдохий заявлени ло, кхидIа дан деза гIуллакхаш туьшан белхахоша до. Цул тIаьхьа, кIезиг хан яьлча, хьаштахочун аьтто хуьлу шен кийча кехаташ схьаэца, – дийцира Нохчийн Республикин тайп-тайпана хьашташ кхочушдаран туьшан директоран заместитела Ахмадов Шемала.
Цу тайпа туш хилар бахархошна доккха гIо-накъосталла ду, хIунда аьлча «цхьана корехула» шайн массо а тайпа гIуллакхаш кхочушдан аьтто хуьлу церан. Туьшахь кхочушдечу мехалчу хьашташа (паспорт даккхар, налогови учете хIотта кехаташ кечдар, долахь болчу бахамна регистраци яр, иштта кхин дуккха а) доккха гIо-накъосталла до бахархошна. И гIуллакхаш кхийолчу меттигашкахь деш дуккха а хан яйъа еза. Ткъа туьшан белхахоша сиха чекхдоху и тайпа гIуллакхаш, цундела хIора денца алсамбуьйлу церан хьаштахой.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА