Россин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхалло 2006-чу шарахь кхоьллина ю Регионан юкъараллин «Нохчийн Республикерчу уггаре а жигарчу кегийрхойн а, студентийн а союз» аьлла йолу организаци. Буьйлалуш Нохчийн пачхьалкхан университетан тайп-тайпанчу факультетийн студенташ хилла организацин декъашхой. Хьалха яьлла Нохчийн Республикин кегийрхойн парламентан кегийрхойн болам кхиоран комитетан председатель Байсултанова Роза а йолуш, вайн мохк кхиорехь гIо-накъосталла деш болу жигархой хилла оцу организацин дакъалацархой.
Дуккха а тайп-тайпана гIуллакхаш дIахьо организацин декъашхоша дешаран а, дешаран-культурни а учрежденешкахь, иштта республикин кегийрхойн кхечу организацешкахь а. Цара цхьаьна белхаш дIахьо Нохчийн Республикин кегийрхойн парламентаца а, юкъараллин палатица а, иштта Нохчийн Республикин кегийрхойн «Диалог», «Студенческая молодежь», «Иман», «Ислам», «Коалиция», «Оптимум» организацешца. Оцу ерриге а организацеша вайн республикерчу кегийрхошна мел оьшучунна тIехь гIо-накъосталла до.
– Истамулов Iабдул ву «Нохчийн Республикерчу уггаре а жигарчу кегийрхойн а, студентийн а союз» организаци йиллинарг. Цу хенахь тхуна мел оьшучунна тIехь доккха гIо-накъосталла а дина цо, – элира оцу организацин председатела Байсултанова Розас. – Организацин кхочушдаран директор Дидигов Шамхан ву, организаци болх бан йолаелчхьана дерриге а гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш дика а, хьекъале а белхахо ву иза. Цуьнан заместитель, Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан студент Затаев Мансур дика ларош схьавогIу. Иштта, кхин а дуккха кегийрхой, студенташ бу организацина юкъахь дакъалоцуш.
Вайн республикерчу кегийрхошна дешаран, юкъараллин гIуллакхашкахь гIо-накъосталла дина ца Iаш, кегийрхойн политика дIаяхьарехь а, церан патриотизм кхиорехь а дакъалоцу организацин декъашхоша. Цу тIехь царна гIо до Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министрествос, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствос, республикин МВД-н экстремизмаца къийсам латторан туьшо.
Оцу организацис кхочушйина: «Кегийрхошна юкъахь граждански дешар» («Государственный клуб» кадрови резерван гIоьнца), «Къаьмнашна юкъахь кегийрхойн кхетош-кхиор», «ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхиорехь къаьмнашна юкъара юкъаметтигаш» (Къаьмнашна юкъахь цхьаалла кхолларан грантови конкурс), кхин дуккха а проекташ.
– Вайн махкана, халкъана пайде хилар ю тхан коьрта Iалашо. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуттар а тидамехь латтабо вайн кегийрхой, уьш ийманехь, гIиллакхе, оьзда кхиорехь дуккха а белхаш дIахьо. Цу тIехь вайн республикин Куьйгалхочун накъостий хила гIерташ, кегийрхой кхетош-кхиорехь а, дешархойн патриотизм кхиорехь а белхаш дIахьо оха а, – дийцира Байсултанова Розас.
ДIадаханчу шарахь шовзткъа сов тайп-тайпана гIуллакх кхочушдина организацис. Цара беш болу белхаш Iаламат пайде бу вайн кегийрхошна. ХIунда аьлча, церан ерриге а проекташ Даймахке безам кхиорна, кегийрхойн дог-ойла ир-карахIотторна лерина ю.
Хь.БАХТАЕВА
Суьрта тIехь: Байсултанова Роза
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо