Сумбулатов Дени

ДIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь хийцира «Даймохк» (хIетахь «Ленинан некъ») газетан куьйгалхо. Изданин редактор чIагIвира республикехь дика вевзаш волу поэт Абдулаев Леча. Дукха хьолахь   учреждене керла куьйгалхо варца цхьаьна белхан коллективан могIарерчу белхахошна юкъахь а хуьлу цхьаболу хийцамаш, цхьаберш дIабовлу, керланаш тIебогIу. ХIетахь иштта хилира нохчийн маттахь арадолучу газетехь а. Коллективе болх бан баьхкира керла белхахой. Царех цхьаъ вара Сумбулатов Дени.d25a56d105d63e551b9c227764620a71

   Дукха хьолехь редакце баьхкина керла белхахой газет даран болх дика бевзаш боцуш а, нохчийн йозанан мотт, яздаран кепаш газетехь болх беш волчу стагана оьшучу барамехь ца евзаш а нислора. Цундела уьш Iамо безаш хуьлура. Иштта бара хIетахь редакце балха баьхкинчарех цхьаберш.

Амма царех къаьсташ вара Дени. Иза Iамо ца везаш, нохчийн йозанан мотт кIорггера карабирзина, ур-аттал буьйцучу маттаца а, яздеш а тIаьхьарчу хенахь кIезиг юкъадалош а, халахеташ делахь а, цхьаболчарна дицлуш а долчу дешнийн маьIнах кхето а хаарш долуш вара.

Юьхьанца Денис редакцехь корреспондентан болх бира. Еша атта а, дика кхеташ а хуьлура цо язйина материалаш. Ткъа цо уьш язйора тайп-тайпанчу жанрашкахь: хаамаш, корреспонденцеш, очеркаш. Къаьсттина шайна тIе тидам бохуьйтуш хуьлура Денис кечйина публицистически статьяш. Д.Сумбулатов муьлххачу а темина язъеш хилча а, цуьнан уьш дика чулацам болуш, газетдешархочун даге, кхетаме дIакхочуш хуьлура.

Денис коьртачу декъана яздора нохчийн маттах, исторех, гIиллакх-оьздангаллех, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, вайн дайн гIиллакхаш, Iадаташ лараран, церан сийдаран ойланехь кхетош-кхиорах лаьцна. Денина дика бевзаш а, безаш а, гергара а бу школехь берашна хьехаран болх. Цундела цо кест-кеста яздо школин дахарх, дешархошна дешар Iаморах лаьцна. Школах лаьцна яздина ца Iаш, цо кест-кеста юкъадаладо берашна дешар Iамор тодарна, оцу декъехь цхьайолу кепаш хийцарна тIехьовсийна долу магораш. Дукха хьолахь газетдешархочо нийса лоруш, къобалъярца тIе а оьцу уьш.

Денина нохчийн йозанан мотт дика хаар а, газет арахецаран болх цо кхачам боллуш караберзор а тидаме а эцна, дукха хан ялале иза редакцин культурин отделан заведующи хIоттийра. Кхузахь цо дика вовшахтуьйхира отделан болх. Дешаран, культурин, могашалла Iалашъяран белхахой, говзанчаш юкъахь а болуш, йиллира штатехь йоцу отдел. Цуьнан декъашхоша шен-шен хенахь вовшахкхеташ, йийцаре а йора, билгал а йохура газетехь гайта езаш йолу темаш, царех лаьцна яздар шайна тIедуьллуш болу говзанчаш.

Ала деза Дени отделан куьйгалхо хIоттарца газетан агIонашна тIехь дешар Iаморах, культурех, литературах, могашалла Iалашъярх, спортах, ненан маттах, нохчийн гIиллакхех, кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорах лаьцна дуьйцуш йолу материалаш алсамъевлла хилар. Уьш говза язйина а, газетдешархо шайх дика кхеташ а хуьлура.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале Дени редакцин редакторан заместитель хIоттийра. Кхузахь дуьззина гучудевлира цуьнан болх вовшахтохархочун хьуьнарш. Цуьнан корматаллица, хааршца таро хилира редакцин болх дикка тобан.

Шен гIуллакхашца а, гIиллакхашца а, леларца а, гонаха болчаьрца йолчу юкъаметтигашкахь а оьзда стаг ву Дени. Иза гуттар а кийча ву оьшучунна гIо-накъосталла дан, шена гIоленаш ца лоьхуш, доттагIаллин куьг кховдо. Цундела иза белхан накъосташна а, юххерчарна а везаш а, цара сийдарца лоруш а ву. Иза къаьсттина хааделира Абдулаев Леча изданин куьйгалхо  волчуьра дIа а ваьлла, газетан керла редактор хоржучу хенахь.

90-чу шерашкахь юкъаделира предприятийн, организацийн, учрежденийн куьйгалхой лакхахь лаьттачу органаша ца хIиттош, ткъа белхахойн коллективаша харжар. Оцу керлачун дакъа кхечира «Даймохк» газетана а. Цуьнан редактор харжар хьалхахIоьттича, белхан коллективан декъашхоша цхьабарт болуш сацам бира газетан редактор Сумбулатов Дени харжа. Иза цуьнан ницкъех тешар а, цуьнан сий-ларам бар а дара. Амма хIетте а, Денис, вахана, хьалха редакцехь болх бина а, коллективехь дика вевзаш а хиллачу кхечу накъосте дийхира харжамашкахь дакъалацар, билгалдаьккхира иза коллективехь резахилла редакторан даржехь тIеоьцург хилар. Амма оцу накъоста элира:

– Редакцин коллективан цIарах соьга харжамашкахь дакъалаца кхайкхарна баркалла хьуна а, хьан белхан накъосташна а. Амма хьо редактор харжа коллективо бина сацам бохор бац вай. Дела резахуьлда хьуна. Соьга харжамашка кхайкхарца ахь хьайн къонахалла а, оьздангалла а гайтина.

Д.Сумбулатов «Даймохк» газетан редакцин куьйгалхо хаьржира.  И редактор а волуш, махкахь а, республикехь а хIетахь кегаре хиллачу уггаре а чолхечу хьелашкахь арахийцира газет, ур-аттала цкъацкъа иза арахецарх издательствона мах бала а, белхахошна алап дала а кхочуш ахча а доцуш, ткъа цкъацкъа газет зорбатоха кхечу гIаланашка а кхоьхьуш. Газет арадалар цхьана ханна сацо дийзира республикехь тIемаш буьйлабалар бахьана долуш.

ДIабевлира тIемаш, республикин бахамна а, нохчийн халкъана а даккхий зенаш а деш. Амма нах шайн республике а, хIусамашка а юхабирзира. Йохийна, саьлнашкахь Iохкуш йолу гIаланаш а, ярташ а меттахIитто йолийра. Цуьнца цхьаьна юха а шайн болх дIаболийра газетийн, журналийн редакцеша. Литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналехь прозин отделан редакторан балха вахара Дени. Карарчу хенахь а цигахь къахьоьгуш ву иза. Амма цуьнца цхьаьна Гуьмсан районан «Гумс» газетан социально-культурин, дахаран-Iеран отделан заведующин болх беш а ву Д.Сумбулатов. Иза кхиамца лараво оцу шина а балхаца.

Карарчу хенахь цо язъечу материалийн коьрта тема ю литературин критика, культура, истори, нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ. Амма цунна уггаре а дукхаезаш йолу тема ю нохчийн маттах лаьцна ерг.

– Тохара со жима волуш (Дени 1957-чу шеран 14-чу июнехь Казахски    ССР-н Джамбулски областерчу Свердловски районан Ровное юьртахь вина ву), – дагалоьцу Денис, – Гуьмсан районерчу Хошкалда юьртан юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, сайна нохчийн мотт дукхабезарна, иза кхачам боллуш Iаморхьама, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин факультете деша вахара со. Цигахь шина шарахь дешначул тIаьхьа кхин Кавказан халкъийн меттанаш кIорггера Iамо Iалашо йолуш, 1976-чу шарера 1980-чу шаре кхаччалц дийшира Тбилисин пачхьалкхан университетан филологин факультетехь, оьрсийн мотт, литература, иберийско-кавказан меттанаш факультетехь. Оцу дешаран заведенис дика хаарш а делира суна. ХIетахь дуьйна ду сан дахар нохчийн маттаца а, иза талларца а юххера доьзна, – чекхдоккху Денис шен къамел.

Д.Сумбулатов республикехь вевзаш ву нохчийн меттан говзанча, публицист, исбаьхьаллин произведенийн редактор хиларе терра. Иза редактор а волуш, зорбатоха кечдина нохчийн литературин классикийн а, къоначу яздархойн а дийцарш, повесташ, романаш, кхийолу произведенеш. Цо Х.Борхаджиевца цхьаьна язйина, кеч а йина, арахецна «Нохчийчоьнан культура. Заманца зер» цIе йолу книга.

Ала деза Денис шен кхоллараллица нохчийн журналистика, литература кхиорна а, талларна а йоккха хазна юкъайиллина хилар. Цуьнан хьанал къинхьегам билгалбаьккхина «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», «РСФСР-н халкъан серлонан дика белхахо» аьлла сийлахь цIераш тахкарца. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу дуьненаюкъарчу «Дашо пелаг» конкурсан а, Ерригроссин, республикин конкурсийн а, регионан юкъараллин «Нохчийн Республикин интеллектуальни туш» организацин «Журналистика» номинацехь совгIатийн а лауреат хилла. Цул совнаха, цунна совгIаташ дина журналистикехь дуккха а шерашкахь а, хьанал а болх барна «Кавказехь машар а, цхьабарт хилар а чIагIдарна» аьлла йолчу мидалца а, дипломашца а, Сийлаллин грамоташца а. Политикин, экономикин, социальни декъан чIогIа мехалчу гIуллакхех лаьцна республикин куьйгалхошна магораш кечдарехь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун Iуналлехь йолчу Консультативни Советан декъашхо хилла Дени.

Россин Федерацин журналистийн союзан декъашхо волу Дени, цо нохчийн журналистикехь баьхначу кхиамийн лаккхара мах хадош, «Россин журналисташ» аьлла йолчу энциклопедина юкъа а вахийтина.

С.МАГОМАЕВ

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: