Корматаллин де билгалдаьккхира
ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин прокуратурехь даздаран хьолехь билгалдаькхира Россин прокуратурин органаш кхоьллина 294 шо кхачар.
Оцу денна лерина хиллачу кхеташонехь дакъалоцуш вара регионан Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Таймасханов Хьасан, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, ФСБ-н а, ФСИН-н а урхаллийн куьйгалхой Серёжников Андрей, Ирисханов Анзор, Россин Талламан комитетан вайн республикехь йолчу талламан урхаллин куьйгалхо Девятов Сергей, регионан прокуроран заместительш, районийн прокурораш, ведомствон белхахой, ветеранаш.
Кхеташоне гулбеллачарна хьалха къамел а дира, прокуратурин органийн белхахошка долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декъалдар дIа а дийшира А.Эдельгериевс.
Прокуратурин органаша дIаяханчу хенахь бинчу некъах, хиллачу кхиамех, эшамех, тахана хьалха лаьттачу декхарех лаьцна доклад йира республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.
20 белхахо жоьпе озийна
Республикин финансийн министерствехь коррупцица къийсам латторан закон муха кхочушдо толлуш, гучуделира хиллачу пайданех, хиллачу харжех, бахамах, бахамаллин амал йолчу тIелацамех, шен майрачун долахь лаьттан дакъа а, цIенош а хиларх лаьцна йолчу 2014-чу шарахьлерчу справки тIехь министран заместитела хаамаш бина цахилар. Иштта, долахь болчу бахамах лаьцна, буьззина боцу харц хаамаш бинера ведомствон кхин а 17 белхахочо.
Цул совнаха, гучудаьлла министерствон чоьхьарчу аудитан а, талламан а отделан хьаькам предприниматель хилар.
Гучудаьхна талхораш дIадахар тIедожийра прокуратуро финансийн министрана. Бина лехам буьззинчу барамехь кхочушбина. Ведомствон гIуллакххочо дитина ша лелош хилла предпринимателан гIуллакхаш. Иза а, административно-правовой департаментан директор а, кадрийн отделан хьаькам а, законан талхораш хилийтина болу кхиберш а низаман жоьпе озийна.
ЗаьIапхойн бакъонаш ларйира
ЗаьIапхойн хьашташ лардар муха ду толлуш, Грозненски районан прокуратуро тидам тIебахийтира муниципальни районан администрацина хьалха машенаш хIитточохь, уьш хIитто заьIапхошна леррина меттигаш билгалйина цахиларна.
Цунна тIе а доьгIна, районан прокуроран заместитела Керимов Зелимхас оцу гIуллакхана бехке волчу Кадыров Абуна дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь гIуллакх долийна. Цуьнца цхьаьна районан администрацин куьйгалхочунна тIедиллина законан талхораш йоццачу хенахь дIадахар.
ГIуда тоьхна
Пачхьалкхан хьашташна товарашна закупкаш ечу хенахь законодательствон талхораш хилийтина регионан къиехьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министерствехь: пачхьалкхан контракт кхочушъяран хьокъехь болу хаамаш Интернетехь гайтаран хенаш талхийнера – ворхI дийнан меттана дийнна бутт юкъабоьллера цунна. Иза гучуделира республикин прокуратуро таллам бечу хенахь.
Цуьнца доьзна регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима административни гIуллакх долийра ведомствон пачхьалкхан закупкаш ярехула йолчу отделан хьаькамна Бачаева ПетIаматна дуьхьал. И гIуллакх къастийна Россин ФАС-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь. Бина хилла лехам нийса хилар билгалдаьккхина. Бачаева ПетIаматна I5 эзар соьман барамехь гIуда тоьхна.
Декхар дIаделла
Регионан прокурора тIедилларца финансийн министерствон талламан-ревизионни урхаллин говзанча юкъа а озош, Октябрьски районан прокуратуро теллира бIаьрзечеран Ерригроссин юкъараллин Соьлжа-ГIалахь йолчу учрежденехь болх муха дIахIоттийна. Кхечу талхорашца цхьаьна гучуделира газах пайдаэцарна «Газпром межрегионгаз Грозный» юкъараллина 469 эзар соьман барамехь декхар дIатакха дезаш хилар.
Терго латторан органо тIедожорца, газаца кхачоеш болчарна хьалха хилла дерриге а декхар дIаделла. Оцу гIуллакхана бехке хилларг низаман жоьпе озийна.
Хийцам юкъабалийна
Нагахь белхан алапа дIадалар 15 дийнал сов хьелуш меттиг хилахь, Россин Къинхьегаман кодексан 142-чу статьяца нийса а догIуш, шена болх латтош волчуьнга йозанан кепехь хаам а бина, белхахочун бакъо ю шена догIуш долу белхан алапа схьадаллалц болчу муьрана болх сацо. Цу тIе, белхан меттехь ца хила бакъо а ю цуьнан.
Болх бан дуьхьало ян йолу бакъо, къинхьегаман бартаца билгалдина алапа шен хеннахь болх латтош волчуьнга дIадалийта законодательствос билгалйина къинхьегамна йолу шен бакъо ларъярна тIехьажийначу кепех цхьаъ ю. Цуьнца доьзна 2015-чу шеран 30-чу декабрехь арадаьллачу Федеральни законо 142-чу статьяна юкъабалийначу хийцамо билгалдо болх сацийначу муьрехь белхахочунна юккъерчу барамехь догIуш долу алапа дала дезаш хилар.
Федеральни закон шен ницкъе дирзина кху шеран 10-чу январехь дуьйна.
Бераш шайн нанна юхадерзийна
Прокурора Магомадова Хедас дакъа а лоцуш, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районан суьдехь къастийра Гадаева Роза шен кегий бераш кхио йолчу бакъонах яккхар доьхуш, верасалла лелочу органо йинчу искаца доьзна хилла граждански гIуллакх. Цо чIагIдарехь, нанас шен ноналлин декхарш кхочуш ца дора, уьш кхетош-кхиорехь дакъа ца лоцура.
ГIуллакх къасточу хенахь суьдана ца карийра Р.Гадаевас шен ноналлин декхарш кхочуш ца дина меттигаш, нана бехке хилар истец бух боцуш чIагIдан гIиртинехь а. Оцу гIуллакхаца доьзна прокурорана хетарг хьесапе а эцна, суьдо шен сацамца жоп ца луш йитира шега елла хилла иск. Бераш шайн нене дIаделла.
Бух шорбина
20I5-чу шеран 30-чу декабрехь арадаьллачу Федеральни законо Россин Федерацин Доьзалан кодексан 256-чу статьяна юкъабалийначу хийцамаша шорбина бераш кхиорна йолу бакъонаш цхьацца сакхташ долчу дай-наношкара дIаяхаран бух. Цунна юкъадогIу дай-наноша, я царах цхьаммо берийн воцчу дена, я нанна, я доьзалан кхечу декъахочунна дуьхьал даррехь зулам дар. Хьалха иштта жоьпалла билгалдинера шайн берашца, я деца (ненаца) доьзна динчу зуламна.
Цул совнаха, Доьзалан кодексан керлачу редакцехь иштта билгалдина суьдо ден-ненан бакъонах ваьккхинчун (яьккхинчун) шен бераца уьйр хила бакъо хилар, нагахь иза Iалашдеш верг реза хилахь.
Федеральни закон шен бакъоне дирзина 2016-чу шеран 10-чу январехь дуьйна.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо