Жигарадаккха деза наркотикашца къийсам латтор

11

Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу наркотикаш тIехь терго латторан федеральни службин урхаллехь (УФСКН) коллегин кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Кашлюнов Дмитрий, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Мартынов Даниил, Нохчийн Республикин прокуроран заместитель, юстицин лакхара хьехамча Джанхотов Заурбек, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председателан заместитель Сусуркаев Iадлан, Россин таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин (УФСИН) хьаькаман заместитель, чоьхьарчу службин полковник Альсултанов ИбрахIим, Республикин наркологически диспансеран коьрта лор Дальсаев Муслим, иштта Нохчийн Республикехула йолчу УФСБ-н а, МВД-н а, экономикин, юкъараллин кхерамазаллин Кхеташонан аппаратан а векалш.

Россин Федерацин ФСКН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькама Таймасханов Масхьуда шен докладехь довзийтира шайн урхалло дIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш а, карарчу шеран хьалхарчу декъехь кхочушдан леринарг а. Цо дийцарехь, дIадаханчу шарахь Нохчийн Республикехь бакъонашларъяран органаша Iорадаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелорехула долу 655 зулам, 2012-чу шарца дуьстича, 11,8 процентана лахара ду уьш. Схьаяьхна 58 кийла 397 грамм тайп-тайпа наркотикаш.

Царах 278 зулам Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФСКН-н белхахоша Iорадаьккхина а, теллина а ду. Царна юкъахь дара зуламхоша котрабанда лелийна 3 г1уллакх а, наркотикаш лелочеран туш гучуяьккхина 3 г1уллакх а. Iорадаьккхина федеральни ницкъийн эскаран гIуллакххоша цу декъехь дина 21 зулам а.

Иштта Iорадаьккхина доккха а, тIехдоккха а 124 зулам. Царах 60 зулам законехь доцуш наркотикаш лелорехула дара, ткъа дисинарш корта бахош йолу кхин тайпа хIуманаш йохк-эцарехула дара.

2013-чу шарахь Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФСКН-н талламхоша  д1адолийна 277 уголовни гIуллакх, 184 уголовни гIуллакх чекхдаьккхина, 167 суьде а дахьийтина.

И болх кхочушбечу ханна наркотикашна тIер терго латторан белхахоша 28 кийла 486 грамм наркотикаш а, корта бахош йолу кхин тайпа х1уманаш а схьаяьхна.

Цул сов, наркополицин белхахоша Iорадаьккхина административни бакъонаш талхорах долу 112 г1уллакх, 1121200 соьмана гIуданаш а диттина. ДIадаханчу дийнна шарахь республикерчу ерриге а бохург санна дешаран хьукматашкахь кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIабаьхьна наркотикашна дуьхьал къийсам латторан темина. Иштта, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула кхетош-кхиоран болх а бина. 2013-чу шарахь могашаллаIалашъяран, дешаран, культурин, спортан, кегийрхойн, динан организацешца а цхьаьна дIаяьхьна 422 мероприяти.

КхидIа М. Таймасхановс дийцира законехь доцуш наркотикаш лелорехь деш долу зуламаш Iорадахаран болх карарчу шарахь кхин а жигарабаккха безаш хилар.

– Къаьсттина жигарабаккха беза даккхий зуламаш Iорадахарехь беш болу болх. Коьрта декхар республике наркотикаш чуйохьуш долу некъаш дехкар ду. Цу декъехь болх дIахьош чIагIдан деза автомобилийн, ц1ерпоштнекъан, хIаваан транспорта тIехь терго латтор, – бохура М.Таймасхановс.

ДIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш довзуьйтуш кхеташонехь къамелаш дира оццу Урхаллин хьаькаман заместительша а, подразделенийн хьаькамаша а. Шайн къамелехь цара дийцира балха тIехь нислуш йолчу проблемех а, уьш д1аяхархьама яха дан дезачу г1уллакхех а.

Кхеташо ерзош М.Таймасхановс грамоташ, Баркаллин кехаташ даларца а, мехала совгIаташ дарца а билгалбехира шайн декхаршца тIехдика ларош болу Россин Федерацин ФСКН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин белхахой.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: